ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19 вирусах ечу вакцинацин кепашна а, деттачу дозанашна а дуьхьал Европерчу мехкашкахь протесташ хилла


Масех Европан пачхьалкхашкарчу урамашка бевлла иттаннашкахь эзарнаш бахархой, коронавирусан ун ца даржийта ечу вакцинацин низамашна шаьш реза цахилар дIахаийта.

Къаьсттина дукха нах арабевллера Францехь, динчу лараршца, цигахь дуьхьал ваьлла хилла 160 эзар стаг. Ресторанашка а, кхечу нах гуллучу меттигашка а воьдучу заманчохь лерина карахь бакъо хила езаш юкъадаьккхинчу низамна дуьхьал демонстраци бевллера уьш. Иштта реза бацара уьш, массо а медицинан белхахошна прививкаш яр тIедожорна а.

Доккхачу декъанна, маьрша дIаяьхьира протесташ, амма Парижехь Бастилин майданахь полисхоша бIаьргаш Iовжон газ хецнера, гулбеллачарлахь цхьаммо "Маршо! Маршо!" бохуш, мохь тоьхна, полицин эпсарна тIе гIант ластийча. ТIаьхьо полицино демонстранташ Триумфалан аркана гергара дIакъахкош хиш диттинера.

Францехь бахархой дуьхьалбевллачу низаман проекто доьхку карахь вакцинаци йина сертификат дацахь а, йа негативе тест яцахь, йа коронавирус текхна ву аьлла, тоьшалла дацахь музейшка а, кинотеатрашка а, ресторанашка а, барашка а, туристийн объекташка а, ишта кхин йолчу меттигашка а вахар.

Эзарнашкахь протестхой гулбеллера Римехь а, Италин кхечу гIаланашкахь а маьрша дуьхьало ян Iедалхоша "баьццара кехат" дехарна ресторанашка а, стадионашка а, кинотеатрашка а, кхийолчу нах вовшахбетталучу меттигашка а кхача.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG