ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох лаьцна оппозиционер Дадин дIахецна


Москохарчу Федералан набахтийн урхаллина юххехь лаьцна оппозицин жигархо Дадин Ильдар дiахецна. "Интерфакс" агенталлан хаамашца, цхьааллин пикет дIахьош хилла Дадин. Цуьнца оцу акцехь дакъалоцуш хилла Пономарев Лев хьа а ца вина. Карелерчу УФСИН-ан куьйгалхо Тереха Александр а, цуьнан гIовс Коссиев Сергей а, №7 йолчу набахтин хьаькам а даржера дIабахар доьхуш хилла активисташ.

Байначу беттан 26-чу лийнахь Рубцовскерчу набахтера арахецна ву Дадин Ильдар. "Нахана юккъехь резадацар кхайкхош барамаш дIабахьарна" олучу низамца дуьххьара Оьрсийчохь набахте хьажийна жигархо вара Дадин Ильдар.

Алтай дIахьажавале, Карелерчу набахтехь валлийна Дадин. Цигара цо аьрзнаш дора, набахтин белхахоша шена тIехь гIело а, Iазап а латтадо бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG