ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхоша байинчу вежарех дуьйцуш пресс-конференци хир ю Дагестанехь


ТIедогIучу шинаридийнахь "Мемориал" бакъонашларъярхойн Дагестанерчу офисехь пресс-конференци дIаяхьа лерина бу, Гоор-ХьиндахI эвлара ГасангусейновгIар вежарий байарх дийца. Хаамийн гIирсашкахь шуьйра дийцаредира, кху аьхка Шемалан кIоштахь вийначу шина вешех ГасангусейновгIеран Набих а, Гасангусейнах а.

Полисхоша дIахьедира хIетахь, ши ваша гIаттамхошца уьйрашкахь хиларна, тIематийсадаларшкахь вийна аьлла. Бахархоша цхьабоса тоьшаллаш дора, ши ваша тIемалой хилла цахиларан а, и шиъ жа дажочу заманчохь вийна хиларан а. Iедало шина кIентан йожийна цIе меттахIоттон гIерта шина кIентан да-нана.

"Кавказан узел" агенталле "Мемориалан" векало дицарехь, пресс-конференцехь хир бу байинчу вежарийн да-нана а, журналисташ а, адвокаташ а, бакъонашларъярхой а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG