Байинчу дагестанхойн журналистийн Камалов Хьажамурдан а, Ахмеднабиев Ахмеднабин а бакъонаш йохийна хилар тIечIагIдина адамийн бакъонашкахула йолчу Европерчу кхело (ЕСПЧ). Ахмеднабиевн кIантана 26 эзар евро хIоттийна, Камаловн девешина – 20 эзар евро. Ши шо сов хан йара и гIуллакх луьстуш долу.
Сацам тIехь йаздина ма-хиллара, шайн сина бинчу Iаткъамна 60 эзар евро дехнера цара. Шайн гергарчийн дахар Iалашдан а, уьш кхалхаран бахьанаш эвсара талла а гунахь бац Iедалхой бохуш, чIагIдора цара. И дIахьедар нийса лерина кхело, амма компенсацин мах лахбина.
"Кавказский узел" корреспондент Ахмеднабиев Ахмеднаби герз тоьхна вийра 2013-чу шеран товбеца-баттахь. 2016-чу шарахь цуьнан гергарчара латкъам бира Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле, зулам кхачам боллуш теллина цахиларна. 11 шарчохь талламчашна карийна вац иза вийнарг а, иза вен тIедожийнарг а.
"Черновик" газетин коьрта редактор Камалов Хаьжамурд вийра 2011-чу шеран гIуран-беттан 15-чу буса офисна хьалха. Вевзаш воцчу стага 14-зза тапча тоьхна хиллера журналистана. Камалов велира дарбанан цIийне вуьгучу заманчохь. ГIуллакх жигара талла буьйлабелира 2018-чу шарахь Дагестанера лаккхара даржхой леца болийначул тIаьхьа.
- 2022-чу шеран товбеца-баттахь Къилбан гонашкарчу тIеман кхело таIзар кхайкхийра Камалов Хьаьжамурд верна бехкехетачарна. Дагестанан вице-премьер хиллачу Исаев Шемална, кхело иза ву боху стаг вейтинарг, кхело 16 шераш туьйхира шогачу хьелашкара набахтехь даккха. Бехкбуьллучийн версица, Шуайбов Мурадана – 23 шо, Хазамов Магомедна – 24 шо. Бехкевечу Абигасанов Магомедна кхело 16 шо кхайкхийра. Вийначун ваша Камалов Магди тешаш вац таIзаре хIиттийнарш бехке хиларх. Кавказ.Реалиига хаамбира цо, апелляцин арз чу лур ду ша, билггал шен ваша вийна нах чубохккалц.
- Зазадокху-баттахь гучуделира, дагестанхойн журналист верах долчу гIуллакха йуккъера материлаша йайна хилар, цара тIечIагIдора Хазамовн а, Шуайбовна а алиби. Оцу гIуллакхехула талламхо хиллачу Мигалин Алексейс дийцира, йиъ том гергга материал гулйира ша (хIора томехь 240 агIо) - урхаллина кхечу талламхочуьнга дIакхачийнера цо уьш. Цхьа хан йаьлча гIуллакх Москва дехьадаьккхира. ХIинца и материалаш гIуллакхна йукъахь йац.
- Хьалхо Хазамов Магомеда дийцира, Нальчикехь, Ессентукихь, Буьри-ГIалахь ницкъахоша шена тIехь ницкъбарх, бехк тIелаца бохуш. Иштта дийцира, таллам бечу заманчохь шегахь гIело латторах лаьцна Шуайбов Мурада а.