ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь ши тIемало вийна аьлла, дIахьедина Къоман антитерроран комитето


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къоман антитерроран комитето (НАК) хаамбина, Дагестанерчу Буйнакскан кIоштахь дIахьочу лерринчу операцехь тIемло ву аьлла, шиъ вийна шаьш аьлла. Герзаш диттинчу метигехь карийна автоматикан герз а, тIеман гIирс а, ткъа гIаттамхой бара баьхначийн машенахь эккхийта кечйина мина хиллера, яздо НОВОСТИ агенталло, НАК-ан информацех пайдаэцна.

Тахана Iуьйранна контртерроран операцин раж кхайкхийнера Дагестанерчу Буйнакскан кIоштан цхьацца меттигашкахь.

2016-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Къилбаседа Кавказехь тIемалой бара аьлла хета 250 стаг верах дIахаийтина Росгвардино. ГIаттамхой кечбеш хилла 29 база а йохийна шаьш, бохура цара ишта.

Оьрсийчоьнан Iедалхоша Къилбаседа Кавказехь терроризм хIаллакйина шаьш бохуш, дIахьедарш дешшехь, регионехь кест-кеста кхийсарш яр нисло, лоьцу цхьахйолчу террорхойн юкъараллашкахь дакъалаьцна бу олий нах. Дукха хьолахь, таIзаре хIиттийначара даредо, тIехь ницкъ а бина, бехкаш тIелоьцуьйту шайга олий.

Керланаш

Кхин а

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG