ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанерчу блогерна Mercedes елла Кадыровс


Магомедов Хасбулла а, Кадыров Рамзан а. Видеон скриншот
Магомедов Хасбулла а, Кадыров Рамзан а. Видеон скриншот

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Mercedes машен елла Дагестанерчу Хасбик цIарца вевзаш волчу къона блогерна Магомедов Хасбуллина. Цуьнах лаьцна хаам бина Кавказ.Реалии зорбан гIирсо.

18 шо долу дагестанхойн инстаграмлелорхо социалан машанашкахь вевзаш волу бологер а хилла дIахIоьттина шен ша-тайпа куц хилаар бахьана долуш: цуьнан локхалла ю 93 сантиметр, ткъа йозалла ю 18 кила. Цо яьхна видеош вирусан кепеь яьржаш Iедал ду меттигерчу социалан машанийн сегментехь.

Кадыровца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа Хасбика инстаграмехь гайтира масех сурт. Царах цхьанна тIехь дозалла деш гойтуш ву иза Соьлж-ГIалахь шена елла Mercedes 53 GLE. Цуьнан мах дIаболалуш бу 6 миллион соьман тIера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG