ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанерчу Церетилова Нинин кIант вайна Петербургехь


Церетилова Нина
Церетилова Нина

Дагестанерчу яхархочун Церетилова Нинин кIант Мухтар вайна Санкт-Петербургехь, яздо Свобода Радионо. Де хьалха цуьнан берийн ден бакъонашна дозанаш тоьхнера кхело. Инстаграмерчу шен аккаунтехь Церетиловас ша бинера и хаам.

Цо дийцина, шен кIанте телефон тоьхнера ша, тамашен дара цуьнан дуьхьал вистхилар, ца бевзачу нахаца вара иза, цул тIаьхьа зIенера а вайра аьлла. Церетилова тешна ю, кIентан дена бевзачара иза дIавигина хир ву аьлла. Хьалхчару дийнахь дас, Церетилов Мохьмада, масийттазза телефон тоьхна хиллера цуьнга, аьлла хаам бина Север.Реалии порталан корреспонденто.

2020-чу шарера схьа ю Церетилова Нина шен хиллачу хIусамдеца бераш къуьйсуш. Ши кIант а, йоI а ду цуьнан.

Церетилован бераш шайн деца хила деза аьлла, сацам бира Дагестанерчу кхело стохка гурахь. "Дукха бераш долчу ненан хотIца лелаш яц иза" аьлла, хьесап дира кхелахоша гIуллакх толлучу хенахь. Кхело тергамза ца дитира, "цуьнан дегIа тIехь чкъор дагош дехкина суьрташ хилар а".

Карарчу беттан 16-чохь Дагестанерчу кхело къобалйира Церетиловас чуелла иск. Цо тIедожийнера, шен хиллачу майрчун ден бакъонашна дозанаш тоха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG