ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанерчу маьждигехь Шейх Мансуран цIарахчу тобанна "нах лехна"  аьлла масех бехкзуламан гIуллакх долийна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Хасав-Йуьртара бахархой Хамавов Аскер, Юсупов Динислам бехке лерина, Украинехьа тIом бечу Шайх Мансуран цIарахчу батальоне нах йазбарах Iедалхошка ца дийцина аьлла. Iедалхоша бахарехь, гIалин цхьана кварталан маьждигехь хилла ду и тIамна нах гулбар.

Хасав-Йуьртан кIоштан кхело бинчу сацамашкахь ма-аллара, дIадаханчу шеран зазадоккху-оханан беттанашкахь Хамамов а, Юсупов а тешаш хилира нах тIаме бига дIайазбаран гIуллакхан. Кхелехь шайн бехк цара тIеийцира. ГIуллакх, кхелан ладогIаршка ца луш, шатайпачу низамехь дIадахьар дийхира цара. Юсуповна 35 эзар сом, Хамамовна 30 эзар сом гIуда туьйхира. (йуьхьанца царна тоха леринарг 100 эзар сом дара йа чохь йаккха цхьацца шаре кхаччалц хан).

Царна кхайкхинчу кхелера хиира, лаамечеран батальоне бига тIемалой вовшахтухуш леллачунна террористашна гIо дар артиклаца догIу бехкзуламан гIуллакх долийнийла. Бехке хила тарлочун цIе ца йовзийтира. Ницкъахошна хетарехь, цо маьждиге веанчу веанга Шейх Мансуран батальонехь тIом бан резахила бехира, амма уьш реза ца хилира. Талламхоша дийцарехь, цу тIеман цхьаьнакхетараллин Iалашонаш "РФ хьежамашца йогIуш йац".

Украинехьа йолчу нохчийн лаамечеран батальонашка нах гулбечарна долийна дуьххьара гIуллакх ду иза. Кавказ. Реалии сайтана йеллачу комментарехь Шейх Мансуран цIарахчу батальонан декъахочо Чеченский Богдана и долийна гIуллакхаш "фарс" лерира. Цо дIахьедира, батальон вовшахтоьхча дуьйна - 2014-чу шарера схьа - и тайпа нах вовшахбеттар шайн батальоно лелийна дац, йа лелор ду ала меттиг бац, аьлла.

"Тхан батальонна ца оьшу керла декъахой, тхой тхайх бIобулуш ду. Адамаш дукха гулдаларах ларлуш, тхешан болх леррина ротацин бух тIехь латтош схьаодгIу тхо. Дикка Iамийначу тIемлойх тешна ду."- олу къамелахочо.

Кхин а цо билгалдаьккхира, батальоне керла нах наггахь схьаэцар. Амма уьш кхечу тIемалоша шайн тоьшаллашца балош бу. Дагестанерчу маьждигашкара нах гулбар шаьш лелийна дац.

Карарчу хенахь хууш ду, Украинин эскарехьа тIом беш нохчийн йалх батальон хиларх. Иза Шайх Мансуран цIарах батальон (буьйранча ЧIебарло Муслим); Дудаев Джохаран цIарах батальон (буьйранча Осмаев Адам, батальонца жигара "Адаман тоба" йу); ОБОН ВС ЧРИ (леринчу гIуллакхашна къастийна батальон, буьйранча - Ажиев Рустам); Шалена Зграя "Хьере арданг"( Абдурзаков Казбек); SOG (Леррина оперативан тоба); Гелаев Хьамзатан цIарах батальон.

  • Украинехьа тIом бечу Дудаев Джохаран батальонера цхьа буьйранча Мадиев Муслим терроризман кхайкхамаш барна бехке веш ву. Нохчийчохь цунна долийна бехкзуламан гIуллакх ду, бохуш дуьйцу оьрсийн телеграм-каналаша.
  • Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам бира, Украинехьа тIом бечу батальонийн буьйранчаш болу меттиг йийцинчунна миллион доллар ахча лур ду ша аьлла.
  • Лаккхарчу Радехь сацам бина, Нохчийчоь Оьрсийчоьно цхьана ханна оккупаци йина хилар бакъ деш, "нохчийн къомана йина геноцид" йемалйеш. Цу сацамна кхаж тесна гуламерчу мел волчу 287 депутато. Бинчу сацаман авторех цхьаъ Гончаренко вара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG