ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь набахтера бевддачарна кхин а хенаш тIетоьхна


Набахтера ведда, тIаьхьо каравеанчу ялх тутмакхна кхел йина ХIинжа-ГIаларчу Кировн кIоштан кхело. Бовдучу заманчохь такха йисинчу ханна тIе кхин а цхьана шарна тIера шина шаре кхаччалц хенаш тоьхна царна.

"Церан шина гIоьнчана 1,5 шой кхайкхийна арахь даккха, кхозлагIчунна изза хан тоьхна колонехь яккха", - яздо "Интерфаксо".

Веддачех цхьа зуламхо 15 шо токхуш вара стаг верна, шиъ – 12 шераш наркотикашна тIехула, кхин а кхоъ – баръ-бархI шераш тоьхна вара.

Шамхал эвларчу колонера бевддера тумакхаш Гезгамашин-беттан 22-чу буса, пенна бухара тоннель а эхкина. КIира даьллачул тIаьхьа, Гезгамашин-беттан 30-чохь, ГIалмакхойчохь лецира уьш. Тутмакхаш лаца арабевллера федералан центрера белхахой. Ледарло яларна бехкзуламан гIуллакх дара айдина.

ХIетахь Дагестанан куьйгалхо хиллачу Васильев Владимира мах кхайкхийра, бевддачех информаци еллачунна. Дагестанехь бевддарш лоьцучу юкъанна 28 шо долу ХIинжа-ГIалара, тутмакхех цхьахволчун герагара стаг лецира. Талламчаш тешна бара, цо гIо дина хир ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG