ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нах къен хуьлийла дац ехаш йолчу пачхьалкхехь"


Кеста шаьш а пенсе баха безаш белахь а, ца кхоьручух тера ду Дагестанера депутаташ къоьллехь шайн дахар чекхдаларна.
Кеста шаьш а пенсе баха безаш белахь а, ца кхоьручух тера ду Дагестанера депутаташ къоьллехь шайн дахар чекхдаларна.
Гаджиева Зульфия

Дагестанан парламентан могашаллин а, социалан политикан а комитето къобалйина пенсин реформа

Оьрсийн гIаланашкара бахархой пенсин реформина леткъаш, протесташка буьйлучу юкъанна, Дагестанан парламентан декъашхой "дог парггIат" садаIа бахана. Могашаллин а, социалан политикан а комитетерчу коллегаша белла и аьтто – цара пенсин реформа къобалъеш, кехат дахьийтина Москох.

Инициатива тIеоьцуьйтуш массарел а жигара хьавзира деношкахь Дагестанан Халкъан кхеташонан спикер Шихсаидов Хизри. Цуьна шен а кхочу 71 шо деношкахь. "Даиманенна хIоттийна яцара тахана лелаш йолу пенси хан, иза-м хенан йохалла хийцаяла а тарлой", - яра реформехьа волчу цуьнан коьрта аргумент.

2 миллион сом алапа эцар доцург, кхин ахча 2017-чу шарахь карадеана а воцу иза (декларацино бахарехь, долахь ши цIа а, ши еза машен а, мотоцикл а ю цуьнан) тешна ву Оьрсийчоьно " адамна 80 шаре кхаччалц даха оьшу хьелаш кхиийна, хIинца уьш вуно дика ду", бохучух.

Меттигера коммунисташ бу Дагестанехь "къизачу низамна" дуьхьалбуьйлурш. Компартин парламентерчу фракцин координаторна Махмудов Махьмудна хетарехь, къаношна тIера цIока яккха сацамбина Iедало. "Оццул ахча долчу пачхьалкхехь! Олигархашкахь мел ду иза! Мел ахча арадолу пачхьалкхера!" – Цецвуьйлуш дуьйцу цо "Кавказ.Реалига".

"Левада-Центран" талламаша бахарехь, 89-90% Оьрсийчоьнан бахархой реза бац нах пенсе боьлху хан хийцийта.
"Левада-Центран" талламаша бахарехь, 89-90% Оьрсийчоьнан бахархой реза бац нах пенсе боьлху хан хийцийта.

Оьрсийчоьнан бахархошца пенсин реформин хьокъехь дагайолуш, шеггара референдум дIаяхьа дагахь ю Компарти. Бакъду, шек ву Махмудов Дагестанехь Iедало и барам хIоттабойтур бу бохучух. Карара бут бовш (Товбеца-беттан 28-чохь) ерриг а Оьрсийчоь протестан гуламашка яккха ойла ю коммунистийн, цунна лерина нахера куьйгаш лехьош бу уьш кху деношкахь. ХIинжа-ГIалахь а хир ю протестан акци.

Iедало, "йолалучу кхаьчча, цхьа бахьана а карийна, акци юкъах яккхарна" кхоьру Махмудов. ХIинжа-ГIалахь ши меттиг бен яц гулам хIотто мегийна – Суьйлийн театрна хьалха а, "Октябран 50 шо" майда а. "Ткъа и ши меттиг а хуьлу нехан цхьацца барамаша дIалецна" – леткъа коммунист.

Карахь ши хорбаз латтоло "Цхьааллин Оьрсийчоьне"

Дагестанера "Цхьааллин Оьрсийчоьнан" а, "Нийсонан Оьрсийчоьнан" а векалш дагахь бац протесташка бовла. Амма уьш а бац Iедало кхайкхийначу пеннсин реформина тIера. Парламентан кхеташонерчу низаман, меттигера Iедал чIагIдарехула йолчу комитетан куьйгалхочунна Раджабов Фикретна хетарехь, хьашт дацара Iедална нах пенси боьлху хан хьалаяккха гIерта.

"Пачхьалкх йоккха ю, бахархой кIезиг бу, пенси лакхадаккха йиш йоцуш дац. Нах къен хуьлийла дац ехаш йолчу пачхьалкхехь", - элира "Кавказ.Реалига" Раджабовс.

"Нийсонан Оьрсийчоьно" шен проект чуелла Iедале. Цо хьоьху 2030 шо тIекхаччалц пенсе воьду хан лакха цаяккхар, ткъа пенсин барам, стага мел болх бина, мел алапа оьшуш хилла тидаме а дуьллуш, къастор.

Дагестанан парламентехь нах пенсе боьлху хан лакхаяккхарехьа лаьттарш берраш а бу "Цхьааллин Оьрсийчоьнан" фракцера.

"Кавказ.Реалиино" хаийтина ма-хиллара, Оьрсийчоьнан Iедало байначу баттахь Пачхьалкхан Думе хьажийна нах пенсе бохуьйту шераш лакхадахарх йолу низаман проект. Цо бахарехь, зударий, хIинццалц 55 шо кхаьчча пенсе боьлхуш хиллехь, 63 шо кхаьччалц болх бан декхаре хир бу. 60 шо кхаьчча боьлху божарий пенсе цкъачунна, ткъа кхидIа уьш балхах мукъабовлуьйтур бац 65 шо кхаччалц. Думехь кху беттан 19-чохь йийцаре йийр ю низаман проект.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG