Галстукаш кхин модехь яц Дагестанехь. Луларчу Нохчийчохь санна, Дагестанан куьйгалхочун декхарш кхочуш деш волчу Абдулатипов Рамазана мехкан Iедалан белхахошна тIедиллина церемонешкахь а, гуламашкахь а "халкъан духар" леладар. Кху беттан 26 чохь, мехкан Конституцин Де даздеш, дуккха а Iедалхой баьхкинера чоьанаш, кафтанаш, сарафанаш, галпе-хечеш юьйхина.
Нехан духарца бала кхаьчна Абдулатиповн а

1
Абдурахманова ЗахIра Дагестанан векал яра Киров областехь. Конституцин Де даздан суьйлийн коч юьйхина еанера иза.

2
НогIий мехкан къилбаседехьа Iаш бу. Янбулатов Казимагомед (юккъехь) НогIийн кIоштан куьйгалхо ву.

3
ГIалгIазкхийн барзакъ масех тайпа хуьлу.

4
Арахь йовха елахь а, хIара ногIи шен куй дIабоккхур болуш вац. Заргишиев Мурад -- Динан паргIатонан а, динан организацешца уьйр латторан а комитетан гIантда.