ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даьсса кхоссар? Эмигрантийн берашна тIеман гIуллакх Iамор хьехна Нохчийчохь


Russia. Grozny.
Russia. Grozny.

Хьажа-хIотта даймахка бахка дагахь болчу дозанал арахьа бехачу нохчашна хьехна герз кхоса Iамош курсех чекхбийлар. 14 шо кхаьчначу берех а цхьана хьакхалуш ду и. Цхьанан заманахь Ичкерин маршонехьа лаьттина, дукха хан йоццуш Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллорчу накъостех дIакхеттачу Джамбетов Хьусейна дина оцу кепара къамел. Ткъа шаьш, Европан пачхьалкхашкахь беха нохчийн диаспоран векалш шек бу, и курс аьтто болуш хирг хиларх – инициатива кховдийнарг ша дехьаваьлларг хиларна а.

"Шеконе репутаци"

Ши бутт хьалха Нохчийчу вирзина, мехкан урхалхочунна тIехIоьттинчу Украинан тIеман ницкъийн Интернационалан легионан хиллачу тIемалочо товбеца-беттан йуьххьехь дIа ма хьедарра, шайн дай уллохь а болуш, автомат а, тапча а кхоса Iамочу курсах чекхбохур бу 14 шо кхаьчна кхиазхой. Ткъа 18 шаре бевлларш шаьш хир бу.

"Кхечу мехкашкара Нохчийчу баьхкина боллу кегийрхой полигонехь Iамор бу оха. Цхьаммо а камера тIехьежор йац царна. ПарггIат Европе йа Туркойчу йуха дIабаха маьрша а хир бу уьш. Курсаш кхайкхоран коьрта Iалашо – дIагайтар, нохчийн миччахь белахь а, оха царна сагатдеш хилар, оха церан дола деш хилар", - дIахьедина Джамбетовс.

Джамбетов Хьусейн
Джамбетов Хьусейн

Цо бахарехь, инициатива Кадыров Рамзанан йу – бакъду, йа мехкан куьйгалхочо а, йа цуьнан гонашкара бIанакъосташа а герз кхоса Iамочу курсах лаьцна хаам бина бац. Оцу йукъанна Джамбетовс чIагIдо, цу курсехь дакъалацар маьхза а ду, шен лаамехь а ду – роликехь билгалйаьккхинчу телефонехула зIене бевлча бовлу уьш, бохура цо. Чехира а, Францира а, Бельгира а, Германира а волонтерийн гIоьнца Кавказ.Реалиин редакци гIоьртира билгайаьккхинчу телефонехула масех дийнахь зIе таса – тхуна цхьаммо а жоп ца делира. Дуьххьара гудокаш хиллехь а, хIинца и телефон дIайайина йу.

Хетарехь, Джамбетовн проект йолийна йац хIинца а. Оцу йукъанна эксперташ а, нохчийн жигархой а, дозанал арахьа бехачу нохчийн диаспорийн векалш а тешна бу, дийнахь-буса а телефонехь жоп луш нах хиллехь а – Нохчийчохь герз тоха Iамон курс йаьржар йацара аьлла. Цуьнан цхьа бахьана ду – Ичкерин агIончан, Джамбетов Хьусейнан шеконе репутаци.

"Пайден хила гIортар"

Джамбетов Бельгихь ваьхна 18 шарахь, хецна буьйцу цо голландхойн мотт, Розеларе гIалахь жижиг духкуш вара иза. 2022-чу шарахь зуда а, ворхI бер а охьа а тесна, Украинехьа тIом бан вахара иза. 50 оьрсийн эскархо а вийна, шен доьзална тIе йухагIур ву ша аьлла, дIахьедира цо шен Iалашонах.

Майоран чинехь а волуш, Нохчийн Ичкерия республикин ТIеман ницкъийн "Къаьстина лерринчу Iалашонийн батальонан" (ОБОН) информацин-аналитикан декъан куьйгалхо ву ша аьлла, марсхьокху-баттахь официалехь дIахьедира цо.

Нохчийчуьра а, Оьрсийчуьра а рожана йечу шен кIоршамечу критикаца маса терго тIеозийра цо дуьненан зорбанийн – Джамбетовх лаьцна BBC, The Washington Post ресурсаша йаздина ца Iаш, йаздора украинхойн сайташкахь а.

Оьрсийчохь Джамбетов Хьусейнна дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх ду террррхойн йукъаралла вовшахтохарна, цуьнца а догIуш, 15 шарера 20 шаре гергга колонихь йаккха хан кхачайо цунна. Оцу йукъанна 2003-чу шарахь лехамашка веллера иза бакъоларйаран органийн белхахочун дахарна тIекхевдина аьлла.

Делахь а, цунах новкъарло ца хилира Ичкерин агIончана шен хьежамаш хийца а, кху шеран стигалкъекъа-баттахь Нохчийчу ваха а, камерана хьалха Кадыров Рамзанан рожах воккхавуьйш хилар дIа а хоуьйтуш. ХIетахь Джамбетовс дийцира, тIамехь масех украинхо вийра ша, лаза а вира "ахматхой" сийсазбарна.

Лойла иза бохуш, Джамбетовн дас доIанаш дечу заманчохь, Кадыров Рамзана дIахьедира, тилавелла лелаш вара хIинццалц схьа Джамбетов, ткъа хIинца "адамаш къинтIера даьхна цо маршонах шен харц кхетам хиларна" аьлла. Ткъа хIинца иза тIеоьцу Нохчийчоьнан куьгалхочун гонерчу наха, ткъа ша дехьаваьлларг кест-кеста вистхуьлу зевне дIахьедарш деш. Масала стигалкъекъа-баттахь Iалашбийр бу элира цо, дозанал арахьа беха нах цIа багIахь – и бакъо Кадыров Рамзана йелла шена бохур цо.

Амма, цхьана баттахь а, эхабаттахь а цунна дуьхьал цхьаммо а жоп ца делира.

Iалашбийр бу бохуш, йа герз тоха Iаморах дуьйцу Джамбетов хьийза ша Нохчийчоьнан куьйгалхочунна "оьшуш ву" боху, сурт хIиттон аьлла хета Бельгира нохчийн диаспорин цхьахволчу жигархочунна. Цо бахарехь, ахчанца доьзна доцчу хIуманах дог ца летара цуьнан.

"Нохчийн гонашкахь тIаьххьара Джамбетовс лелийнарг жухаралла санна тIеоьцура, цхьанна а дош ца хета цо лелориг а, дуьйцург а", - боху къамелахочо.

Дика къастийна кеп йу, нохчий герз дукха дезаш а, тIеман гIуллакхе безам болуш а хилар лерича

Дехьаваьллачо Нохчийчохь хIинца йуьйцу идейш Кадыровн хир йац, Москвара Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн кураторшкара хир йу, боху "Цхьааллин ницкъ" Европера нохчийн боламан векало Музаев Сайхана. Цо билгалдоккху, герз кхоса Iамочу курсех чекхбовла реза хиллачу нохчийн проблемаш Iиттайала тарло уьш, шаьш бехачу Европера пачхьалкхашка йухабирзича. Музаевна хетарехь, шолгIа аспект а йу кхузахь – нохчийн Iедалхойн бераш тIаме марздан лаар.

"Тхайн берийн психологи тхо хийца гIерта ткъа шо ду, уьш Нохчийчохь хиллачу тIамна гена баха хьийзаш. Герз, топ кхосар хазахета кхиазхой тIе а ийзош, тIеман ойланашка берзор бу цара уьш", - аьлла хета "Цхьааллин ницкъ" боламан векална.

Цо аьллачунна реза вац "Европера нохчийн Ассоциацин" куьйгалхо Муртазалиев Аслан. Нохчийн мухIажарийн берех Украинера тIамехь пайдаэца Iалашонца лелош хIума дац аьлла, тешна ву иза, хIара йехха заманна перспектива хир йара бохура цо.

"Пропаганда йу хIара аьлла хета суна, мехаллаш хийцар, цаьра харцо лелор. Нохчийчуьра Iедалхошка а, Оьрсийчоьне а болчу цабезамна тIехь кхиъна йу хIара керла тIаьхье, ткъа хIинца баккъал а политикан а, тIеман а ницкъ хилла царех. Церан буьзна боцчу кхетаме лолла дилла хьийза кадыровхой. Кеп нийсаниг йу хаьржинарг, вайна хууш ма дуй, нохчашна герз а, тIеман гIуллакх а мел дукха деза", - элира Муртазалиевс.

Цунна хетарехь, кхузахь пропагандин элемент а йу. Украинана дуьхьал боьдучу тIамехь Европера нохчий Оьрсийчоьнехьа бу, ткъа цхьа дакъалг бен дац Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом беш аьлла, дIагайта лаар.

"Кхерамаш туьйсучуьра а, питанаш лелочуьра а марионетийн Iедал къам цхьаъ ду аьлла, сурт хIоттош го вайна. Нохчийчохь кхета, тIаьххьара а шаьш къомана хьалха шаьш дуьсур дуйла, шаьш лелийначу зуламех жоп дала а дезар дуйла", - дIахьедира Муртазалиевс.

Герзаш кхийсар кегийрхошна товр дара, амма оцу нахера ца деза

Герз тоха Iамош цхьана дийнахь курс дIайахьар гIурте хIума ду, амма хIара тапчанашца кегийрхойн терго тIеозон гIерташ, рожан цхьа кеп йу, тешна ву нохчийн диаспоран гIуллакхдархо, Ичкерин Францира консул Албаков Шемал.

"Со тешна ву, кIезиг нах тешар бу керлачу каллаборантах (Джамбетовх). Кегийрхошна даим дукхадеза герз, амма цо нохчийн кхетам гал ца боккху, Iедало шен къомана тIехь динарг а гуш. Шен цIа а вахна, шен гергарчу нахаца марзо эца луучу нохчочух а цхьана пайдаэца хьийза кадыровхой. Кегийрхошна хазахетар дара герзаш кхийсар, амма и нах коьртехь а болуш, луур дац, царна тIехьа гуттар а политика йу лаьтташ", - билгалдоккху Албаковс.

  • Украинана дуьхьал нах хьийсорах жоьпалла ду Нохчийчохь хьаькамашна, имамашна, командирашна тIехь – оцу Iалашонан дуьхьа меттигера бахархой бертаза лоьцу, латтабо къайлахчу набахтешкахь, кхерамаш туьйсуш, цара дуьхьало йахь, церан гергарчарна тIехь доькхур ду бохуш.
  • Нохчийчуьра Украинера тIаме хьийсабо ницкъаллин структурашкара белхахой, мобилизацин гурашкахь бахархой, иштта лаамхой олурш а. Оцу йукъанна бакъоларйархоша масийттазза дIахьедира, нуьцкъаша тIекхуьйкхуш бу уьш бохуш – салтий бо ницкъахоша лечкъийначу кегийчу нахах а, иштта, масала, нохчийн оппозиционерийн гергарчех а. Нохчийчуьра бахархой бертаза Украинана дуьхьал тIом бан хьийсорах хаамаш кхочура Оьрсийчоьнан Iедалхоша мобилизаци йирзина аьлла, дIахьединчул тIаьхьа а цхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG