ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дакаев СаьIидбек. Нене


Нене

«Къанъяллалц яьхна кхерч

ДIатаса атта дац», – бохуш,

Хьо еха лаьмнашкахь, –

Яьхначу, кхиъначу юьртахь;

Генара, гергара

Некъ эцна хьаша-да вогIуш,

Комаьрша, дог цIена

Хьаша тIеэцначу кертахь.

Мел хаза хан яра –

Дахарехь йицлойла доцуш:

Цхьатерра, хи санна,

Барт болу доьзал а кхиъна

(Денош-м дIадоьдура.

Йист йоцу марзонаш оьцуш).

Да Iара там хилла,

УьйтIарчу дитта кIел хиъна.

Шун берийн куьйгашца

Хьанала къинхьегам гора,

Яхь-гIиллакх, сий-ларам –

Уьш дара дегнашца лелаш.

Дахарехь хьаштхиндерг

Дас, нанас берашка лора,

Хьехамийн аз гIиттош,

Олура: «Варийлаш, бераш»…

Вайн кертах болу некъ

Кхолламо гаьннашка боькъуш,

Цхьаццанхьа кхиссина,

Вай хIинца цхьаццанхьа деха.

Хьо цигахь цхьаъ йиси,

Буйнаца юткъа гIаж лоьцуш,

ДIадевлларш марзонца

Ойланийн бIарлагIашлахь леха.

Ирсечу дахаран

Заманан мерза аз дезна,

Тхан да а Iожалло

Хеназа вадийра шеца.

Геннара забаршца

Мохь бетташ, массарна езна

Ден йиша кхин ягIац –

Самукъне «гу тIера деца».

ГIа санна, техкина,

Со а кху сайн гаьн тIехь веха,

Заманан лехамаш

ДогIанах белшаш тIе Iенаш.

Тем боцу ойланаш

Тийналлехь лехкало цIехьа, вайн жима юрт толлуш,

ТIегулдан ширделла гIенаш…

Дитта тIехь гулделла

Дог цIена хьозарчий санна,

Йиш-ваша, гергарнаш,

ДIадевлларш дегнашца соьцуш,

Вон-дика деанчохь

Гулло вай кIеззигчу ханна,

Кхуьуш, я ца кхуьуш,

Жим-тIамма марзонаш оьцуш.

ХIун дер ткъа, иштта ю

Минотехь тем боцу зама.

Массо а дIахьаьдда,

ДIадедда и лаца гIерта.

Замано-м дахарехь

Шен каде берг туьссу пана,

Адамийн дехаршна

ЙогIуш, я ца йогIуш берта.

Йиш-ваша дицделла,

Дог цаьрга ца кхойкхуш, цкъа а

Цхьа де дIа ца доьду,

Тешалахь, хьомсара нана.

Ас сайна даьссаниг

Ца лоьху дахаран дакъа;

Дика дан ма лаьа

Эхьах ца ваггал кхана.

…Бер санна, хьаьстина,

Доккхачу дахаре ваьлла,

Юха а ас хьоьга:

«Со волчохь Iахьара», – олу.

«Къанъяллалц яьхна кхерч

ДIатаса атта дац», – аьлла,

Сан лаам ца лоруш,

Хьоьгара и цхьа жоп долу.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG