ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

UFC-н латархочунна зуда ялор даздина Соьлжа-ГIалахь даккхийра даздарш дихкинчу юкъанна


2021-чу шеран Дечкен-бутт. Кадыров Рамзан а, Чимаев Хьамзат а Соьлжа-ГIалахь
2021-чу шеран Дечкен-бутт. Кадыров Рамзан а, Чимаев Хьамзат а Соьлжа-ГIалахь

Нохчийчохь UFC-н латархочун Чимаев Хьамзатана зуда ялийна – дуккха а хьешашца даккхийра даздарш хIиттор официалехь а доцуш дихкина далахь а, Чимаевн машенийн кортежна лерина дIакъевлира Соьлжа-ГIалин коьрта проспекташ. Даздаршка кхайкхинера "гергарнаш, юххернаш боцурш, дуккха а доттагIий", аьлла дIахьедира бараме кхайкхиначийн декъехь волчу республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Аса чIогIа хазахетарца тIелецира "Парус" ресторанехь хилла зуда ялоран барам. Кхузахь Хьамзатан гергарнаш, юххернаш боцурш, дуккха а доттагIий схьагулбеллера. Къоман ламасташца а богIуш вуно дика кечбина хиллера барам. Сан чIогIа самукъаделира оцу даздарехь дакъа лацарна", - яздира Кадыровс шен "ВКонтактерчу" агIонехь.

Хьешийн бакъдолу терахь дуьйцуш дац, амма арахецначу видео тIехь цхьана кортежехь ткъа гергга машен ю. Ковраца цхьана догIуш беркема а, ДПС-н машенаш а йара – оцу гIуллакхна гIалахь централан некъаш дIакъевлинера.

Кадыров воцург барамехь дакъа лецира цуьнан кIенташа, Нохчийчухула йолчу МВД-н куьйгалхочо Алханов Руслана, республикехула йолчу ГИБДД-н урхаллан куьйгалхочо Черхигов Идриса, правительстван хьалханчан гIовсас Висмурадов Абузайда, вице-премьера Эдилов Iабдул-Керима, "Чеченцементан" коьрттера директоро, регионан куьйгалхочун вешин кIанта Кадыров Хьамзата, республикехула волчу чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовсас Ирасханов Аслана а.

IADAT оппозицин телеграм-каналан хаамца, Чимаевна зуда ялийра регионерчу Кадыровн Ахьмадан цIарахчу юкъараллин фондан чоьтах.

Кавказ.Реалиин хьостанаша хьалхо хаамбира, Нохчийчуьра эскархошлахь Украинехь даккхийра эшамаш хиларна, официалехь а доцуш, зуда ялийча даккхийра ловзарш хIиттор дихкина Нохчийчохь. Оцу хьокъехь официалехь омранаш дац, сацамаш тIеоьцуш бу "паччахьна иштта хета" бохучунна тIе а тевжаш (вуьйцург ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. - билгалдаккхар).

  • Зуда ялор хилале масех де хьалха Чимаев Хьамзат цхьанакхийтира Кадыров Рамзанаца, Абсолютан тийсдаларийн къовсамехь чекваьлла волу бразилхочуьнца Бернс Гилбертана тIехь толам баьккхича. UFC-хь комментарий ца йора шайца юкъаметтиг лелош волу тасвалархо Оьрсийчоьно Украинана дуьхьала баьккхинчу тIеман коьрта ньюсмейкер волчу Кадыровца цхьанакхетарна.
  • Хьалхо Чимаев критикана кIел нисвелира, Американ санкцишна кIелахь волчу Нохчийчоьнан кьйгалхочуьнца доттагIалла лелорна. И цхьанакхетарш хуьлуш делахь а, UFC-н декъашхо ву иза, цуьнан рогIера тасвалар Марсхьокху-беттан 20-хь хир ду UFC 278 турнирехь, цуьнан дуьхьал леташ гIарваьлла америкхойн латархо Нейт Диаз хир ву. ТIаьххьара Чимаев 2021-чу шеран ГIуран-баттахь хилла Нохчийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG