Тоххара цхьа наггахь бен хилла доцу хIуманна сагатдо Нохчийчохь бахархойн. Сихха шена са а йина, йухалур ду ша аьлла хьарчийна декхар, йуха дIатакха аьтто боцуш, цунах бала хуьлу боллу доьзална. Оцу тIехула девнаш нисло, доьзалш буху, декхархочун цIийнах мел верг бале лоцу. Махкарчу бахархоша тIедиллина, жим-жима дIа а луш, барт бой, машенаш оьцу, йа хIусам, бизнес йоло гIурту. Амма ахча шен хеннахь дIадала таро ца хуьлу. И хьал бакъ хиларх дуьйцу регионера муфтиято а цхьана, амма цара и хьал ца дузу нах хала бохкуш хиларца, доккхачу декъана гIарабевлла блогершна тIетуьтту цара бехкаш. Тхан редакцино къастийра, муха нисло дукха хьолхаь Нохчийчуьра бахархой декхаре.
ДIатакха ницкъ ца кхочу декхарш алсамдовларца социалан машанашкахь шуьйра даьржина хIума ду, массарна а гуш-хезаш и стаг нахалаваккхар. Декхар схьалуш вац бохуш, оцу стеган йа зудчун суьрташ социалан машанашкахь даржадо, эхь хIунда ца хета шуна, схьало шайн ахчанаш бохуш. Цхьадолчу хьелашкахь декхарийла бахначу наха шаьш видео дӀайазйо нахе шайна гIо дахьара бохуш, орца доьхуш. Оцу видео тIехь ма-дарра ца дуьйцу наха, хIун динчунна тIехьарчийна оццул ахча, стенна дайъина. И декхар дIатакха шайн ницкъ цатоар бен кхин хIума ца далхадо цара. Муфтиятан векало Ильясов Адама бахарехь, кест-кеста цаьрга гIо деха богIу меттигера бахархой, шарIица а догIуш, шайн дов листахьара олий. Дукха хьолахь, боху цо, шеконе ахчанашца лелийна харцонаш бахьана долуш, и кегийрхой Iехийна нисло. Шайн ахча схьадаккха хьийза важа нах цуьнан гергарчашна а, тайпана а тIе а оьхуш.
Iедало ишта кхуллуш хьал ду, бахархой къоьллехь латтон, царна чу са ца даийта
Кхузахь дуьйцург ду йухалург делла ахча а, социалан машанашкахь йаржочу контенто тIеIаткъам бина, жим-жима луш, дIатокхур ду аьлла, цхьа гIуллах доло эцна ахчанаш а. Масалаш а ца далош, Ильясовс чIагIдо, цхьаболчу блогерша Iехош бу бахархой, атта хьолада хила некъаш хьоьхуш, ткъа царна тIаьхьахIоьттинарг декхарлахь вуьсу бохура цо.
Динан Iилманчас бахарехь, декхарш тIехьерчийна нах алсамбовлар "ун ду" ала мегар ду, цо дIахьедо цу хьолана йукъа ца гIортахь, гIуллакх гена дала тарлуш ду. Оцу йукъанна цо билгалдоккху, динан дай саготта бу нехан таронаш цахиларна, делахь а, бохура цо, сингаттаме хIума ду шеконечу кредитех шуьйра пайдаэцар.
Къастийна хьахийра Ильясовс зударий, дукха меттигаш нисло бохура цо, декхарш зударша тIехьерчийна а. Цо дийцарехь, дукха хьолахь церан хIусамдай реза ца хуьлу, шайн зударша латийна декхарш такха, шайна хууш хIума дацара олий, кIелхьарабовлу. Оцу тIехула доьзалш буху, зударий шайн денцIа дIабоьлху, ткъа церан бала церан дайшна-наношна тIехь буьсу.
Оцу хьолехь зе хиллачех цхьаъ йара Веданан кIоштара ЦӀе-Ведено олучу йуьртара пхеа беран нана Рамнат (цуьнан бакъйолу цӀе йац и). ВорхӀ миллионе кхаьчнера цуьнан декхарш. Масех шо хьалха цо жима кондитерийн цех схьайиллинера, къаьсттина дезачу деношкахь хаддаза мах хуьлура цуьнан. Шен бизнес шоръйан сацам а бина, деши йухадохка йолайелира Рамнат. Гергарчара дийцарехь, доьзал йаа-мала йолуш, синтеме бехаш бара церан, дукхах долу ахча Рамната чу дохьуш дара, цIийнда болх боцуш висина дикка хан а хиллера.
Хан-зама дIайаьлча оцу доьзалан кетIа хIитта буьйлабелира цхьа нах, шайн ахча дIадоьхуш. Дуьххьара ши миллион ду аьлла, къаьстинера хьарчийна декхар, амма тIаьхьо кхин а нах гучубевлира, шайна Рамнат декхаре йу аьлла. Эххар а, Рамната ша а, цуьнан наха а бахарехь, ворхI миллионе хьаладелира латийна декхар. Доьзалехь дов иккхира, ша гунахь вац аьлла, ахча дIатакха дуьхьал хиллачу хIусамдас йитира иза. Рамнат шен нана йолчу цIа йирзира. И доллу ахча церан таро йацара дIадала, дикка гIо дира гергарчара а.
Цхьаболу кредиторш реза хиллера хан жимма дӀататта, проценташ ца хьехош, амма вукхара чӀагӀдора, сихонца ахча йухадерзо деза аьлла. Эххар а гӀуллакх кхеле кхаьчнера: бизнесхочунна ши шо хан туьйхира набахтехь йаккха. Маьрша йаьллачул тӀаьхьа цӀа а йеана, редакцин информацица, шен декхарш дуьззина дӀаделла цо. Амма цуьнан аьтто ца баьлла шен доьзалца цхьаьнакхета: хан токхуш йолчу хенахь цуьнан хиллачу майрачо кхин зуда йалийра, хIинца-м доьзалхо а ву церан.
Тхан редакцина хууш ду цу кепара кхин цхьа гӀуллакх а. Тхоьца къамел динчу зудчун вешин йоӀ Милана, декретера балха арайелира Соьлж-ГӀаларчу мобилан телефонийн туькана йохкархо-консультант санна. Цо а, цуьнан белхан накъосто а клиенташка жим-жима ахча токхуьйтуш, телефонаш йухкура. Амма хан-зама йаьлча, цу шиннан лаам хилира алсам шаьшинна са хилийта. Нехан цIарах, шайн гергарчий, боьвза-безачийн а цIарах къайлах банкера кредиташ а оьцуш, телефонаш йохка йолайелира и шиъ.
Шен шичин цIарах а ка йаьллера жимчу зудчун кредит эца, смартфонна. Ши бутт баьллачу хенахь цуьнга телефонаш йетта йолийра банкера, декхар охьадилла бохуш, тIе гIуданаш а диттира цунна. ТIаккха гучудаьллера, Миланас тIехьарчийна ахча ши миллион сов дуйла. Цунах лаьцна шена гучудаьлча, хIусамдас йитира иза, ткъа декхархой цуьнан да волчу леста буьйлабелира.
Миланин да-пенсхо ву, доллу дахарехь гIишлошйеш, къахьегна стаг ву иза, цунна халонга даьллера и хIума. Оцу тIехула даге лазар деана, дарбанан цIийнехь а Iиллира иза. "И хьал хиъначу наха, гергарчара, лулахоша, тхан веших дог лозуш, доккха гIо лецира, и декхар токхуш", - дийцира йоьIан дейишас. ТIаьхьо Милана йухайигира хIусамдас, йукъахь доьзалхо вара церан, жим-жима гIо дан а волавелира цунна декхарш дIалуш.
Нохчийчуьра бахархоша декхарш тIехьерчош хиларан терго йира адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура а. Цо кхайкхам бира нахе, шаьш духалург ахча лучу хенахь сема хилар доьхуш. Омбудсмено а бакъдира, регионехь машенаш эца, хIусамаш эца, кхинболу оьшу техникан гIирс эца а кредиташ луш хилар.
Цу хаттаран этикан агӀонах лаьцна шен цӀе ца йовзийтар а доьхуш, редакцица къамел дира нохчийн Iеламчас. Цо дийцира, бусалба динан ламастехь ахча духалург далар дика гӀуллакх лоруш хиларх (нагахь санна и ахча дикачу гӀуллакхна дӀадоьдуш делахь), амма, элира цо, Делах тешаш волчу стага ша вала а волуш, кредиташ эца мегар дац аьлла.
"Делахь а, кхузаманан дахар ишта ду-кх, духалург ахча ца даьккхича ца волу. Цхьана ханна и декхар оьцуш делахь, барт бечу хенахь тешаш йукъабало беза. Духалург ахча дала мегаш ду, амма ца даьккхича а, ца делча а дика ду",- бохура къамелдечо. Дино магош дац, бохура цо, проценташ а йохуш, духалург ахчанаш далар, и стенна оьшуш делахь а.
Пачхьалкхана пайден ду нах декхаре хилар?
Тхан сайто хеттарш динчу эксперташа билгалдаьккхира: динан а, гIиллакх-оьздангаллин а гурашкара долуш ду декхарш хьерчор, иза чIогIа доьзна ду пачхьалкхехь хуьлуш йолчу социалан-экономикан процессашца. Экономистана Георгиев Давидана хетарехь, пачхьалкхан политикано мелхо а бахархошна тIеэгош ду и кредиташ.
"Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Ӏалашо йу, бахархой декхаршка бохуьйту хьелаш адамашна кхоллар, йа оцу декхаршна кIелхьара уьш ца бовлийтар. Iедало и хьелаш кхуллуш ма ду, нах къоьллехь а, декхаршлахь а бисийтархьама. ТӀаккха, Макиавеллис ма-аллара, адамашна тӀехь Ӏуналла дан вуно атта ду. И хьал дуьззина кхочушдеш ду Оьрсийчохь, йукъара йац Нохчийчоь а. Декхарша тIехь дисар- системе проблема йу, хIунда аьлча, нахехь ахчанаш дац. Кхо процент бахархойн массо а хIума ду, ткъа бисинчийн-декхарш",- бохуш, комментари йо къамелхочо.
ШарӀаца догӀуш долчу кредитех лаьцна дуьйцуш а, реза вацара экономист. Цунна хетарехь, шинна йукъахь хIоттийначу бертан кехата тIехь "процент" боху дош цахилар-формале хIума ду: "Проблема чолхе йу, ишта атта дӀайаккха йиш йац. Пачхьалкхана карарчу хенахь пайден ду ишта хьал - дан амал цахиларна массо а хIманна бахархой кийча хилийта. Иштта го суна иза".
Шу Iехош ду шуна бохуш, нах кхетон гIертарх а- гIуллакх ца хуьлу
Дагестанера бакъоларйархо, социолог Сиражудинова Саида тешна йу, оцу проблеман бухехь-нехан дан амал цахилар ду аьлла.
"Дотацеш тIехь йолчу регионерчу нехан хьал ледара ду. Амма баккъалла а йиш юй и гайта? Гонахболчарна цхьа суртхIоттон ма-дезий. Кхеташ ду, цигахь йу азартан фактор а, цхьа аьтто хир бу-кх шен аьлла хеташ волу и стаг, реза хуьлу духалург ахча эца. Иштачу проекташна идейн инкубатор оьшу, оьшу пачхьалкхера гIортор а, къаьсттина зударшна, уьш мел а эгIазе синош ду", - бохура Сиражудиновас.
Доьзал декхаршлахь нислахь, кхин дIа а дуьйцура цо, жоьпалла, хила ма-деззара, шинна а йукъахь ца доькъу, дуккхаъчарна ишта позици бIегIийла йу.
"Зудчуьнгара шена йогIург йоккхур йолу божарий бу. Зударий а бу, декхарш тIе а хьерчадой, цIа оьхуш, иштаниг наггахь бен нислуш дац, бакъдерг аьлча. Ткъа оцу йукъанна хьарамлонаш лелор даьржина догIу йукъараллехь", - билгалдаьккхира къамелдечо.
Социолога иштта тӀечӀагӀдо, Нохчийчоьнан муфтиято ма-аллара, блогерша Ӏаткъам беш хилар а: церан гӀарабовлар, цунна хетарехь, шайна хила лууш долу сурт, долуш санна дIагайтар бахьана долуш ду, цара адамна хаза луъург дуьйцу.
"Дуккха а масалш девза суна, блогерша шайн агIонашка йазбеллачу нахаца манипуляцеш лелош. Шу цара Iехош ду, ма теша шайга бахарх, наха тергал ца до. Берашна молханаш эца ахчанаш ду вовшахтухуш бохуш, цхьа мур бар-кх, хIетахь уьш кхетон гIертара со, шайг-шайгара ахчанаш гулдан оьшуш дац, официалехь дехар чу делчхьана Iедало уьш схьалур ду бохуш. Со тергал дIа-м ца йора. Дийцарх теша нах, оцу блогеро дийцарга терра а теша уьш. Нах атта Iехало-кх царех", - кхин дIа а дуьйцура къамелдечо.
Цунна хетарехь, кхузаманан йукъараллехь бахам-хьал боху мехаллаш бух хилла дIахIиттина. Кавказехь а долуш хIума ду и, кхузахь-м социалан статус дIагайтар- чIогIа мехала хIума ду. Сиражудиновас билгалдоккху, оцу хьоле кхачаран некъаш кеп-кепара ду: цхьаберш къахьоьгуш хуьлу, вуьйш- блогерийн рекламана тIетийжа, кхоалгIанаш- шаьш карахдолуш хуьлу, болх-некъ дIакхехьа, къаьсттина зударшлахь.
Оцу йукъанна къастийна хьахийра социолога: кредиташ а, рассрочкаш а массара а лелош цахилар. Дукхахболчу наха динехь магош дац бохуш, ахчанца хьарамлонаш ца лелайо.
- Оьрсийчоьнан регионашлахь уггар а гIад дайна алапаш оьцу Къилбаседа Кавказехь. Йоллу регионаш аутсайдерш нисйелла. Къаьсттина тиша хьал ду ГIалгIайчохь, Нохчийчохь, Дагестанехь.
- ГIалгIайчохь стохка экономикан а, коррупцин а кепехь 250 зулам дина меттиг хаабеллаа. Цара зенаш дина миллиард гергга соьмана. И тайпа статистика йовзийтира депутаташна хьалха Халкъан гуламан кхеташо дIайоьдучу хенахь мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Котов Владимира.