Данин шахьарера Копенгагенехь шина протестхочо КъурIан дагийна – бусулбачарна деза жайна, - Иракъан векалтана хьалха. И ший а ультранационалистийн "Даттийн патриоташ" тобанера ву, дуьйцу Свобода оьрсийн сервисо. Иракъан Iедалхошна цара цхьана а кепара тIедахкарш диний, хууш дац.
КIиранчохь "Даттийн патриотийн" хIара хIинцале а кхолгIа акци йу. Дахначу еарин дийнахь жигархойн тобано а дагийра КъурIан, хьийшира иракъахойн байракх векалтана хьалха. ХIетахь Данин арахьарчу гIуллакхийн министро Расмуссен Ларса КъурIан дагор "лард доцург а, эрчо а" йу аьлла. Цо йемалбина националисташ, амма билгалдьаккхина, даттийн низамашца динан литература йагор зулам дац аьлла.
Еарин дийнахь хиллачу инциденто дуккха а нах протесте бехира, цигахь эзара гергга стаг гулвелира Данин векалтана хьалха, динан лозунгаш кхийкхадора цара. Басра гIалахь протестхоша цIе тесира даттийн мухIажарийн гIуллакхашкахула йолчу гуманитаран миссин. Иракъан президент Iабдел Латиф Рашид висхилла дIахьедарца, дуьненайукъара организацешка а, малхбузенан пачхьалкхийн Iедалхошка а кхайкхкам беш, "питанаш совцаде, муьлхха бахьана далахь а, гамонаш марса ма йаха" аьлла.