ТIекхочийла долу линкаш

Дуьйцурш ду Нохчийчохь болх боцучу нехан терахьаш. Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца кху деношкахь Кремлехь хиллачу цхьаьнакхетарехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира республикехь болх боцучу нехан терахь 9,2 процент ду аьлла.

ПIераскан дийнахь Росстато далийна шен терахьаш. Цаьрца а догIуш, официалан кепара республикехь бан болх боцуш лелачу нехан терахь ду 14,3 процент.

XS
SM
MD
LG