ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даудовс дарж охьадилли, Кадыров Африкехь. КIиранан жамIаш


Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а
Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а

Нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада дарж охьадиллар, Кадыровн администрацин куьйгалхочун вешин кIентан Дубайра беза бахам, Нохчийчохь хьехархошна дронаш лелон Iамор, Соьлжа-ГIалахь хилла Гвинея-Бисауран делегаци а. Цунах а, и доцчух а лаьцна шуна хезар ду Маршо Радион 63-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Даудовс дарж охьадиллар

Даудов Мохьмада – Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо, махкахь шолгIа стаг лоруш волчу хьаькамо дарж охьадиллиа. Цуьнан бахьанаш цкъачунна хууш дац – амма хIинцале а йу дуккха а версеш.

Урхалхо дIаваларах лаьцна хIоттийначу постехь Кадыровс билгалдоккху Даудовс кхочушдина декхарш, цитата йалайо ас, "низамашдахаран система кхиийна", "регионан коьрта, хьалхара йолу Iалашонаш кхочушйина", куьйгалла дина "Регионера СВО дIайахьаран штабан" – иштта олу Оьрсийчоьнан хьаькамаша Украинана дуьхьал бечу тIамах. И дерриг а охьадагардинчу Кадыровс дIахьедира, цитата - "Даудовс сацамбина, оцу даржехь кхин ша висса ца веза, кхечу сферашкахь меттиг лаха беза аьлла". Цитата йерзий. ХIун бахьана долуш бина бу и сацам а, хууш дац. Йуьйцург хIун "кхин сфера" йу а, Кадыровс билгал ца даьккхира.

Европехь куп тоьхначу "Кавказ маьршайаккхаран Комитетан" куьйгалхочун гIовс волчу Албаков Шемала иштта элира цунах лаьцна: "Ши сценарий йу кхузахь. Йа оцу гIуллакхана йуьстах вала лууш ву иза, шаьш лелийначух жим-жима херлуш, жоьпалех а волуш. ШолгIа сценарий – цхьа хийцамаш беш бу уьш. Тахана даржера дIаволу иза, ткъа кхана цул а лакхарчу дарже хаон тарло. ШолгIа сценарий хир йу аьлла хета суна".

Цуьнца цхьана Оьрсийчоьнан чоьхьарчу политикан экспертана Преображенский Иванна хетарехь, Нохчийчуьра коьртачех шолгIа хьаькамо дарж охьадиллар доьзна хила тарло шен метта хIотточунна Кадыров "некъ баккха" хьийзаш хиларца. Цуьнга мехкан Iедалан мукъ дIа а луш, нагахь санна, шен кхалхар нислахь. Преображенскийс билгалдоккху кхинболу оцу дарже хIиттон хьакъберш Нохчийчуьра Москва дIабигина хилар даржаш а делла. Хьалхо регионехула политологаш а, эксперташ а болчара Даудов хIоттон хьесап ду олура Кадыровн метта цуьнан могушалла телхина йогIучу йукъанна.

Карладоккху, Даудов Мохьмад Нохчийчоьнан парламентан коьртехь волу исс шо а ду, 2015-чу шарера схьа дуьйна. Цул а хьалха махкахь шолгIа тIом болалуш федералашкахьа дехьаваьлла иза, Нохчийчоьнан президентан кхерамзаллин сервисехь болх беш вара. Цул тIаьхьа Кадыров Ахьмадан цIарахчу лерринчу полкехь гIуллакх дира цо, ишта нах бухкуш, лечкъош лелачаьрца къийсам латточу декъехь а, 2007-чу шарахь Шелара полицин декъан хьаькам хIоттийра иза.

Кадыров Рамзанан гонерчу нахах уггар а уллорниг лоруш ву Даудов Мохьмад. 2014-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептаре йазвира иза, адамийн бакъонаш хьешна ву аьлла. Масална "къайлахчу набахтешкахь" латтийначара хаамбирнера Human Rights Watch организацига, парламентан куьйгалхо хьежа а хьоьжуш Iара, шайна тIехь ницкъбечу заманчохь аьлла.

Украинана дуьхьал тIом болийначул тIаьхьа Кадыровн бIанакъост куратор хIотттийра республикера оперативан штабан. ДIахьедора, штабо махкара эскархошна а, ницкъахошна а барзакъ, тIеман гIирс, техника а латтайо, ишта жоп ло йоллу Оьрсийчуьра лехьош болу лаамхой олурш тIаме хьийсорах.

Даудовс дарж охьадилларх лаьцна шена хетарехь хила тарлучу бахьанех лаьцна дийцира нохчийн бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара: "Даудов даржера дIавалар уггар хьалха цунна шена а дагахьдоцург дара, декхарш кхочушдечун статус ца ларъйеш оццу дарже керла стаг хIоттор а сихаллехь дина хIума дара. Цу хиламан коьрта бахьана лору, лаамхой тIаме а хьийсош, цу тIехь Даудов ахча даккха гIортар. Цунах лаьцна Кадыровга цо хаийтина ца хилла, и тайпа хIума Кадыровна ца тайна, цундела сихаллехь бина сацам бу бохуш. Амма суна хетарехь, Даудов дарж доцуш вуьтур вац, нахана гуш-хезаш и латтор волуъш ву".

Амма мухха делахь а, Нохчийчохь хIинцале а хаьржина парламентан керла куьйгалхо – и ву 2016-чу шарера схьа дуьйна вице-спикер волу, 70 шо долу Жамалдаев Шаид. Цул а хьалха Жамалдаев Нохчийчуьра Грозненскан кIоштан куьйгалхо вара, мехкан урхалхочун гIоьнча а, цул тIаьхьа зорбанан министр а лаьттира. Шен ден бIанакъост ву иза бохура Кадыров Рамзана.

Нохчийчохь некъан бохамехь 3 адам делла

Кхаа стагах лаьтта доьзал белла Нохчийчохь некъаца хиллачу бохамехь. Цунна бехкелору "Ахмат" полкан командиран кIант. Стигалкъекъа-беттан 13-чохь, Нажин-Йуьртара Зандакъ эвлахь кхоъ стаг велла тезет хIоттийра, кху деношкахь Устрада-ГIалахь хиллачу некъан бохамехь кхелхинера уьш. И хаам кхачийна Маршо Радион хьасташа.

Куьгбехке лору Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан командиран Чалаев Замидан 18 шо долу кIант – Чалаев Якъуб. Да-нана, шайн 12 шо долу кIантаца Устрадера некъа улохь лаьттачу хенахь машен тIетоьхнера царна. Оцу доьзалехь беллачийн кхин а ши йоI а йиссина.

Машенан урхалла деш лаккхарчу даржера кадыровхочун кIант хиларх официалехь тоьшаллаш дац, делахь а, цунах лаьцна дуьйцу редакцин хьасташа а, оппозицин нохчийн Niyso телеграм-канало а. Де хьалха жигархоша йаржийра некъан бохам хиллачохь йаьккхина видео, цу тIехь гуш йу йохийна "Мерседес" машен а, тIеттIакхеттачохь йохийна кир дIасакхоьхьу машен а. Нохчийн жигархоша чIагIдарехь, машенан да ву Чалаев Якъуб.

Чалаев Замид, Кадыров Рамзанан уллора бIанакъост ву, Оьрсийчоь Украинана тIелеттачул тIаьхьа Луганскан агIор долу жоьпалла цунна тIе диллира. 2021-чу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан командиро Чалаев Замида дIахьедира, кхетамах тиллачу нехан хIусамера нохчийн куьйгалхочо араваьккхина, Оьрсийчоьнан турпалхо вина шех аьлла. И нисделира, Чалаевн куьйгакIел болчара Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан полицина ларми чохь къизаллица зуламаш лелийна хиларх хаамаш нахала баьхна ши бутт баьллачу хенахь. "Новая газето" йаздора хIетахь мел кIезиг а вийначу 13 стагах.

Кадыровн администрацин куьйгалхочун вешин кIентан Дубайра беза бахам


Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин куьйгалхочун Таймасханов ГIаласан вешин кIентан Таймасханов Хас-Мохьмадан йиъ петар хаайелла Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь. Уьш эцна йу 4,5 миллион долларшкахь ахчанах, карарчу хенахь церан мах 6 миллионел а сов бу. Цунах лаьцна дуьйцу журналистийн Dubai Unlocked талламехь, цу йукъахь дакъалаьцна кеп-кепарчу пачхьалкхашкара 75 гIирсо – ишта оьрсийн "Важные истории" сайто а.

И йоллу петраш йу Палм-Джумейра гIайри тIехь.

Мича буха тIехь Кадыровн бIанакъостан вешин кIант долахо хилла дозанал арахьара безачу бахаман, хьенан чоьтах эцна и петарш, цкъачунна гучудаьлла дац

СПАРК системин хаамашца, Таймасханов Хас-Мохьмад Нохчийчохь машенаш йухкуш ву – цуьнан "Терек-Авто" компанина кест-кеста пачхьалкхан контракташ кхочу меттигерчу Iедалхошкара, стохка цунна хилла 3,6 миллиард соьмана пайда. 20I4-гIа шо довш гучуйаьлла фирма – аьлча а, Дубайхь Таймасхановс шен бахамна регистраци йинчул тIаьхьа.

Соьлжа-ГIалахь дронаш

Нохчийчуьра а, Къилбаседа ХIирийчуьра а, Волгоградан кIоштара 250 гергга хьехархо Iамор волуш ву Соьлжа-ГIалара пачхьалкхан мехкадаьттан университетан базехь дронаш лелон. Муьлхачу дисциплинийн хьехархой Iаморашкахула чекхбохур бу, къастийна дац.

Кечамбаран программин декъашхой хир бу Нохчийчуьра а, Къилбаседа ХIирийчуьра а, Волгоградан кIоштара а школашкара, колледжашкара, техникумашкара хьехархой.

Iамораш шина кIиранчохь хир долуш ду – хьехархой Iамор бу кеп-кепара дронаш хIаваэ гIаттон, уьш лелон, вовшахтаса а. Программа дIахьош хир бу дронош хоьхкучу нохчийн Федерацин белхахой.

Официалера презентацихь аьлла ду, 2030-чу шарахь дронаш лелон Iамор йоллу школашкахь а, йуккъерчу дешаран хьукматашкахь а, цул тIаьхьа лакхарчу доьшийлашкахь а дисциплина санна йаржор йолуш йу аьлла. Кхиазхошна дронаш лелон Iамор – церан хьежамашна Iаткъамбар хилла ца Iаш, тIамтIехь хаа оьшу корматалла кара а йерзош.

Маршо Радионо йаздира, муха дIахьо Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкахь бераш тIамана кечдар, цо хьал стенаг кхачор ду а, оцу кепара пропаганда дешархоша тIе муха оьцу а "Рожана салтий оьшу" текстехь.

Кадыров а, Африка а

Африкахойн пачхьалкхан Гвинея-БисАу шахьарахь проспект йоьллур йу Нохчийчоьнан куьйгалхочун ден Кадыров Ахьмадан цIарах. Пачхьалкхан президент ЭмбАло Iумару СисОку коьртехь волуш Соьлжа-ГIала делегаци йеанчул тIаьхьа дIахьедина цунах лаьцна Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана.

Нохчийчохь кхо бIе сов гIишло йу Кадыров Ахьмадан цIе лелош, бакъоларйархоша билгалдоккхура регионехь культ йаржош хилар.

Гвинея-БисАурара йеанчу делегацино масех де даьккхира республикехь. Кадыровн телеграм-каналера видео тIехь гуш ду хьешашна Соьлжа-ГIала гайтар, уьш Гуьмсе бигар "Орсийчоьнан спецназан университет" олучу, цигахь кечбеш бу Украинана дуьхьал тIаме хьийсон йолахой.

Делегацин векало хьехнера кхиазхо волчу Кадыров Адамна герз тоха Iамабахьара шайн пачхьалкхера эскархой аьлла. Ала адашна, хьалхо 16 шо долу Адам куратор хIоттйира Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университетан", Нохчийчохь чIагIдарехь, кхиазхочо куьйгалла деш ду шен ден кхерамзаллин сервисан а.

Хьажа-хIотта баьхкинарш дIабахначул тIаьхьа жамI деш Кадыров Рамзана дIахьедира, Гвинея-БисАуран векалша аьлла, «Нохчийчоь кхиоран зеделлачух шаьш пайдаоьцур бу шайн пачхьалкхехь а». Гвинея-БисАу – уггар а къенчу пачхьалкхех цхьаъ йу.

Американ машаран Фондан зерашца цо уггар лахарчех меттиг дIалаьцна ца кхуьучу пачхьалкхех х1оттийначу рейтингехь.

ТIаьххьарчу 10 шарахь и пачхьалкхе дуьненайуккъера наркотрафик лелочеран куп хилла дIахIоьттина, билгалдоккху Американ Цхьанатоьхначу Штатийн наркотикашца къийсам латточу Урхалло.

Иштта элира цунах лаьцна Прагера Карловн университетан политологин профессоро Аслан Эмиля: "Уьш бахкар догIуш ду Кадыров Рамзанан раж дуккха а шерашкахь шайн Iедал легитиме хилийта хьийзарца, шаьш дуьненайуккъерчу тIегIанехь дош лелаш долуш санна дIагайта лаарца. Кхеташ ду, карарчу хенахь хала ду мел а лараме нах Нохчийчу кхайкха. Долчух тоам бан безаш хьал ду, ткъа хIара Гвинея-БисАун президент ву. Амма иза а мегаш ву пиарана".

Кадыров Рамзан а, цуьнан го а Американ а, Евробертан а, ишта кхечу пачхьалкхийн а санкцийн тептаре баьхна бу – Оьрсийчоьно Украинехь бен тIом къобалбарна а, республикехь адамийн бакъонаш хьешарна а.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon
  • Audio

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG