ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра парламентан спикеро Даудов Мохьмада шегара дарж охьадиллина


Кадыров Рамзан а, Даудов Мохьмад а
Кадыров Рамзан а, Даудов Мохьмад а

Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмад шен хенал а хьалха дарж охьадуьллуш ву. Цунах лаьцна дIахьедина парламентан спикеро йоьдучу кхеташонехь, хаамбина ЧГТРК "Грозный" телеканало.

"Нохчийчоьнан урхалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа ас сацам бина сайна тIера декхарш охьадохкуш", - дIахьедина Даудовс.

Цуьнан хIун бахьанаш ду цкъачунна хууш дац.

Даудов Мохьмад Нохчийчоьнан парламентан коьртехь вара 2015-чу шарера схьа дуьйна. Цул а хьалха махкахь шолгIа тIом болалуш федералашкахьа дехьаваьлла иза, Нохчийчоьнан президентан кхерамзаллин сервисехь болх беш вара. Цул тIаьхьа Кадыров Ахьмадан цIарахчу лерринчу полкехь гIуллакх дира цо, ишта нах бухкуш, лечкъош лелачаьрца къийсам латточу декъехь а, 2007-чу шарахь Шелара полицин декъан хьаькам хIоттийра иза.

Кадыров Рамзанан гонерчу нахах уггар а уллорниг лоруш ву Даудов Мохьмад. 2014-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептаре йазвира иза, адамийн бакъонаш хьешна ву аьлла. 2020-чу шарахь цуьнан хьокъехь дозанаш туьйхира Британино а – Нохчийчуьра ЛГБТК-нехан бакъонаш хьешарна. Украинана шуьйрачу тIамаца тIелеттачул тIаьхьа Польшин Iедалхоша санкцеш кхайкхийра Даудовна.

Оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона тIаьхьабовларна бехкеболу хьаькамашлахь а ву Нохчийчуьра парламентан куьйгалхо. 2019-чу шарахь Даудовс чIир хьейира цуьнга, Кадыров Ахьмад нохчийн къоман йамартхо ву цо аларна.

Украинана дуьхьал тIом болийначул тIаьхьа Кадыровн бIанакъост куратор хIотттийра республикера оперативан штабан. ДIахьедора, штабо махкара эскархошна а, ницкъахошна а барзакъ, тIеман гIирс, техника а латтайо, ишта жоп ло йоллу Оьрсийчуьра лехьош болу лаамхой олурш тIаме хьийсорах. Даудов вара Нохчийчоьно тIамана дайинчу ахчанах дIахьединарг а – официалехь республикан фондехь хила йиш йоцу ахчанаш дара цо дийцинарш.

Украинан кхерамзаллин сервисо кху бIаьста шеконаш кховдийра Даудовга, цо Оьрсийчоьнан тIелатарехь дакъалацарна. Урхаллин сайтехь билгалдаьккхина ма-хиллара, "Кадыровн уллорчу нахалахь ву, луьра тIом барехь цуьнан тIедакхарш кхочушдо" цо. Иштта Польшо а санкцеш кхайкхийра Даудовна дуьхьал.

  • Хьалхо Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь политологаша къадийра, Нохчийчоьнан куьйгалхочун могушалла эшан йогIу бохуш, хабарш даьржинчу йуккъехь, Кадыровн метта иза харжа тарло бохуш.
  • ТIамехь дакъалацарна Оьрсийчохь Сийлаллин орден йелира Даудовна – сепаратистийн "ДНР", "ЛНР" олчу метитигашка иза вахначул тIаьхьа. Кху шеран оханан-баттахь Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочунна Даудов Мохьмадна Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн инарла-майор цIе йелира, ткъа стохка марсхьокху-баттахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин инарла-майор вира цунах.
  • Дечкен-баттахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира "Нана-турпалхо" цIе йелира Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочун Даудов Мохьмадан хIусамнанна Даудова Асетана "доьзалан институт чIагIйарехь, доьзал кхиорехь доккха дакъалацарна" аьлла. И совгIат кхачош ду 10 сов бераш кхиийначарна. Нохчийчоьнан парламентан сайтехь йаздина ду, ДаудовгIеран 12 бер ду аьлла: 6 кIант а, 6 йоI а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG