Краснодаран махкахь ша шена тоьхна велла Херсонерчу берийн цӀийнера Якущенко Александр. Цул а хьалха цо шен нене латкъам бина хиллера, шен цIа сахьийзарна а, Оьрсийчуьра ша "тIеэцначу доьзалехь" оьшуш цахиларна а. Краснодаран кӀоштахь хилла ца Украининера бераш, уьш дӀадуьгу Астраханан а, Волгоградан а кӀошташка а. Ростовн кIоштахь а, Адыгейхь а кхечу хIусамашка дIадала чоьте даьхна дуккха а бераш хааделла. Цигахь царех хуьлуш дерг ду Кавказ.Реалии сайтан материалехь.
Оьшуш воцу кхиазхо
18 шо долу Якущенко Александр ирхъоллавелла 2024-чу шеран дечкен-баттахь, амма цунах лаьцна гIараделира, цуьнан гергарчара а, доттагӀаша а "Важные истории" зорбанан гӀирсан журналисташка дийцича.
КӀант дуьххьара берийн цӀийнехь нисвелира 2016-чу шарахь, малар бахьана долуш цуьнан ненера дай-нанойн бакъонаш дӀайаьхча. ХӀетахь Сашин 11 шо дара. Шен жимах йолчу йишица Кристинаца цхьаьна Херсонна гергарчу Токаревка йуьртахь доьзалан кепара берийн цӀийне кхаьчнера иза, цигахь кхин а йалх бер дара. Цигахь кхиъначу Манченко Сергейс дийцира журналисташка, берашна йетташ а, цаьрга къахьоьгуьйтуш а хиларх - баккхийчаьрца цхьаьна пенаш хьохуьйтуш хилла, цемент тоьхна коьчал а кечйойтура цаьрга аьлла.
2022-чу шарахь Украинехь тIом болийна, Херсон дӀалаьцначул тӀаьхьа, берийн цӀийнан куьйгалхо Шарварлы Лидия Оьрсийчоьнан Ӏедалан агӀор а йаьлла, Токаревкан а, цунна гергарчу шина йуьртан а администрацийн куьйгалла дан хIоьттира. Херсон мукъаяьккхинчул тӀаьхьа, шен Ӏуналлехь долчу буоберашца цхьаьна иза дӀайахара Краснодаран кIошта, цигахь дӀатесира цо ша дола деш хилла бераш (царна догIу ахча шега схьаэца ларийнера иза). Ишта формалехь болх бечуьра сецира беринй хIусам.
Со Iалур вац, со ирхъоллалур ву
18 шераш а кхачанза болу кхиазхой цхьацца доьзалашка дIахьовсийра. Якущенко Саша нисвелира Ахтанизовская станицера Лукашенко Александран а, Натальин а доьзалехь. Бутт баьлча 18 шо кхечира кIентан, ваха меттиг бацара цуьнан, ЛукашенкогIара шайгахь витира иза.
"Со цигахь оьшуш вац. Соьга ишта схьахаийтина. Ас массарна а сайх бала бина. Со вахалур вац, со ирхъоллалур ву", - ша валале хьалха иштта аьлла хиллера Сашас шен доттагIашка.
"Важные истории" гIирсо къастийра, ша шена тIе куьйгаш дахьале хьалха кIант ша винчу ненаца Еленица зIене ваьлла хилар – Керла шо герга кхочуш цо аьлла хиллера цуьнга, ша Украине дIаван дагахь ву.
2024-чу шеран дечкен-беттан 10-чу дийнахь шен цӀенна масех километр генахь ирхъоллавелла хиллера Александр. И сурт бӀаьргашца гинчара дийцарехь, керлачу доьзало бен-башха доцуш гайтира шаьш цуьнан тезетахь, цхьана а кепара йовхо ца кхоллайеллера царна йукъахь шо гергга хан цхьаьна йаьккхинехь а. Цуьнан Ӏуналла деш берш а ца кхетара, хӀунда даьхьна хилла цо ша шена тIе куьйгаш. Амма бакъду, цара кхерамаш тийсира журналисташна, нагахь санна цунах лаьцна материал зорбане йаккхахь, шаьш кхеле девр ду аьлла.
Темрюкан кӀоштан администрацин сайта тӀехь йаздина ду, доьзалан коьртехь волу Лукашенко Александр кегийрхойн патриотикан центрехь болх беш ву, шаьш дуьненчу даьккхина диъ бер доцург а, оцу доьзалехь кхин а кхоъ буобер кхиийна, ткъа карарчу хенахь церан Ӏуналлехь дехаш ду кхин а диъ бер аьлла.
"Лукашенкон цӀахь даима а къинхетаме, синтеме, вовшашца хаза йукъаметтигаш йолуш хуьлу", - аьлла ду Якущенко Саша дӀакхелхинчул тӀаьхьа арайаьллачу пресс-релизехь йаздина. Цо суицид йина хиларх лаьцна Iедалхоша хьаха а ца дира.
"ХIора шолгIаниг чевнашца йухавогIу"
Депортацин а, украинхойн бераш нуьцкъала оьрсийн доьзалшка дӀадаларан а проблема йийцаре йан йолийра итт шо сов хьалха, 2014-чу шарахь. 2022-чу шарахь дуьйна, буьззинчу барамехь тӀом болабелча, Оьрсийчоьно йерриг а хьукматаш дӀайаха йолийра. Масала, Херсонан кӀоштан берийн цӀа а, Олешковскан леррина школа-интернат а, боху Украинин регионан адамийн бакъонаш ларъйаран центран (RCHR) эксперто Рашевская Екатеринас аьлла.
2023-чу шеран йуьххьехь президент Путин Владимир а, берийн омбудсмен Львова-Белова Мария а лаца кхайкхош, дуьненаюкъара ордер арахецначул тӀаьхьа, Ӏедалхой къайлайахьа гӀерта цу кепарчу гӀуллакхех лаьцна муьлхха а информаци. Президент а, бакъонашларйархо а бехке дора Украинан бераш низамехь доцуш махкахдахарна. Украинин Ӏедалша тӀепаза вайна стаг санна лоьхуш волу Якущенко Александр а мичахь ву хууш ца хилла, билгалдоккху Кавказ.Реалии сайтаца къамел динчо. Украинера "ТӀеман бераш" порталехь тахана а зорбане латтош ду кхиазхо лоьхуш хиларх карточка.
Регионалан центро бинчу хаамца, украинхойн дукхах долу бераш Москван кӀошта дӀадигина, мел кӀезга а итт Волгоградан кӀошта, йалх Астраханан кӀошта, шиъ Краснодаран. Оцу коммерцин йоцчу организацин белхахошна мел лаххара а 140 бакъо йоцуш дIадигинчу берийн цӀераш билгалйевлла.
"Тхан жамIашца, уггаре а йоккха тоба 14–17 шераш долчу кӀентех лаьтташ йу. Ӏалашо ю - уьш йуха а кхетош-кхиор а, царех пайдаэцар а, къаьсттина, мобилизацин резерв санна. Милитаристийн каппашка "кхаба тIеэцначу дайша-наноша" бераш дIахьийсийна меттигаш а бу. ТӀеман барзакъ а доьхна, пропагандин барамашкахь дакъа а лоцуш, тӀеман Ӏамораш дӀахьош хилла оцу каппашкахь", - дийцира центран эксперто Рашевская Екатеринас.
Украино кхиамца юхадерзийна нуьцкъала махкахдаьккхина 388 бер, шайна йукъахь буобераш а, дай-нанойн тергонах дӀадаьхна бераш а долуш. Царех цхьадерш Оьрсийчоьнан доьзалшка дӀатардина хиллера. Масех кхиазхочун – Якущенко Александран хенара волчу, аьтто баьллера бакъонашларъярхойн гIоьнца даймахка цӀаберза, шаьш "тӀеэцначу доьзалша" дуьхьало йешшехь.
"Украинин психологаша а, социалан белхахоша а дийцарехь, Оьрсийчоьно Ӏуналла дечу дозанаш тIера цӀадогӀучу хӀора шолгӀачу беран психологин чов хуьлу, ткъа хӀора пхоьалгӀачу беран- могашаллин проблемаш хуьлу. Политизаци, милитаризаци йар берашна, уьш лецар а, бахьана доцуш махка дерзор тӀаьхьататтар а йеххачу хенахь хӀаллакдаран тӀаьхьалонаш йолуш ду. Цу гӀуллакхо а эгIаза боху уьш, Александр санна, шаьш шайна тIе куьйгаш хьочу хьоле боху",- дийцира Рашевскаяс.
Якущенко Сашин дийцаро гучуйоккхуш йу Украинерчу буоберашна "дашо лаьмнаш" хир ду аьлла, дош луш йолу Оьрсийчоьнан пропаганда. Ма-дарра аьлча, уьш дахаран халачу хьелашкахь нисло, шаьш ца дезаш хетачу доьзалшкахь карабо, ткъа Оьрсийчуьра дӀабаха аьтто ца болу церан, дерзийра RCHR-н векало шен къамел.
Дуьненайукъара бакъо а йохош
ТӀеман боьлхучу меттигашкара схьадаьхначу массо а берийн психикана Iаткъам бина хуьлу, йеххачу хенахь дарба дан дезаш, тидам тӀебохуьйту Украинерчу "Сова" экспертийн тобанан куьйгалхочо, профессора Савва Михаила Кавказ.Реалии сайтаца динчу къамелехь.
"И тайпа дарба чов ца йечу гонехь бен пайден хир дац, ткъа Оьрсийчоь, билгалдаккхарца, хьанна а боккха сингаттам латтон меттиг бу, украинхойн берашна уггар а хьалха. Уьш нисло шайн гергарнаш, шайн пачхьалкхе а, шаьш, бераша, лелориг а нийса дац бохуш, бехкаш дохкучу нахана йукъахь. Оцу доллучо а чов йо, йоккха а, кIорге а", - кхетадо Саввас.
Нагахь санна, оцу беран бакъволу верас Оьрсийчу ван вахьахь, цуьнан таро хир йу и бер дIадина. Амма и кхераме ду
Цо дийцира, Путин а, Львова-Белова а лаца дуьненайукъара ордер арахецначул тӀаьхьа аттачу даьлла дӀалецначу территорешкара дӀадаьхна бераш цӀадерзор. Дуьззина тӀеман хьалхарчу шарахь шайн бераш схьаэца баьхкинчу дай-наношна жигара новкъарло йора, цхьана а кепара бахьанех ца дуьйцуш.
"ХӀинца, нагахь санна, низамехь болчу векалех цхьаъ Оьрсийчу ван вахьахь, цуьнан йиш хир йу бер дIадига. Амма проблема кхин йу –Украинан бахархошна кхераме ду Москва бахкар. Цкъа делахь, украинхойн цхьана аэропортехула бен кхача йиш йац кхуза – Шереметьево, уьш дӀахӀиттабо кхечу блок-посташкахь уьш йухаберзор бу. ШолгӀа делахь, уьш вуно луьрачу фильтрацих чекхбоху, дуккха а сахьташкахь хеттарш а деш, цул тӀаьхьа цхьаболу нах тIепаза бов. Амма, нагахь санна, оцу муьрех хьо кхиамца чекхвалахь, аьтто бу низамехь доцуш дӀадигина хилла бер йухадига", – бохуш, кхетадо бакъонашларъярхочо.
Оьрсийчоьнан юристо, дуьненаюкъарчу бакъонийн говзанчо Кавказ.Реалии сайтан корреспондентаца динчу къамелехь кхетийра, маьрша бахархой эвакуаци йарехь йолу процедура Женеверчу IV-чу конвенцехь билгалъяьккхина хилар. Оьрсийчохь цунна сингаттам баккхарна кхоьруш, къамел динчун цӀе йовзуьйтуш йац оха.
"Конвенцехь къастош йаздина ду: "къаьсттина ницкъ болуш тӀеман бахьанаш" хилча, оккупацин Ӏедалан йиш йу бахархошна эвакуаци йан, амма шаьш дIалаьцначу махкахь генна дехьабаьхна бита безаш бу аьлла. И бохург ду, бераш дӀадига дезаш дара, масала, [ша-шех дӀакхайкхийначу] "ЛНР-е" а, "ДНР-е" а, мелла а кхераме йоцчу меттиге", - билгалдоккху адвокато.
Иштта къамел деш верг Югославин хиллачу Дуьненайукъарчу трибуналан документашна тIетовжу, цу тӀехь йаздина ду, оккупацин агӀонан бакъо йац кхерамзалла ларйо а бохуш, бахархой пачхьалкхера арабаха, нагахь санна, иза ша кхераме мохк белахь.
"ТӀеман хенахь маьршачу нахаца лелар низаме доккхуш долчу массо а дуьненаюкъарчу документаша билгалдаьккхина ду, уьш тӀеман зонера дӀабахар йеккъа цхьана сихаллин а, цхьана ханна а хилар. Амма Украинин берашца доьзна аьлча, вайна гуш йу йеккъа бӀостаналла. Социалан сервисаша царна тIехь терго латтор а, Оьрсийчоьнан доьзалшка уьш дIабалар а дийцаре деш ду. Церан 18 шераш кхаьчначул тIаьхьа царна Оьрсийчоьнан паспорташ ло, вуьшта аьлча, хаддаза мехкан дозана тӀехь буьту уьш", - бохуш, дуьйцу спикеро кхидӀа а.
Иза дуьненаюкъарчу бехктакхаман кхело къобалдина дуьненаюкъара бакъонаш йохор ду аьлла, дерзийра спикеро шен къамел, амма Украинера буобераш даймахка йухадерзоран хаттар тахана Оьрсийчоьнан Ӏедалшна коьрта долчух тера дац.
"ТӀемаш дӀабоьлхуш бу, рогӀера йийсархой а, беллачийн декъий а хийцар а къобалдаре сатуьйсуш ду. Берашна хӀусамаш йелла, уьш бузийна а белахь, церан кхолламех кхин дIа бала бац царех жоьпаллехь йолчу хьукматийн. Амма Якущенко Александрх лаьцначу дийцаро гойту, социалан сервисаша цаьрца цхьана а кепара психологин реабилитацин болх дӀахьош цахилар", - аьлла, дерзийра адвокато шен къамел.
Билггал хууш дац, Украинера маса бер ду Оьрсийчу дIадигина. Официалехь дIакхайкхийна терахьашца харцо лелош йу боху бакъонашларъярхоша. Москва реза ца хуьлу махкахбаьхначу кегийрхойх лаьцна Киеве ма-дарра хаам бан. Украинин Къоман информацин бюроно бинчу хаамца, 2022-чу шеран чиллан-баттера схьа дуьйна бертаза махкахдаьккхина мел лаххара а 19 546 бер, амма уьш дерриш а дац буобераш.
Оьрсийчоьнан берийн омбудсмено Львова-Белова Марияс 2022-чу шеран гурахь дийцира, ша а доьзале кхаба эцна Мариуполера кхиазхо Головня Филипп аьлла. Украинехь цуьнан низамехь билгалбаьхна верасаш бу бохура. Украинера схьадалийна бер иштта тӀелаьцнера шен доьзалехь Федерацин Кхеташонан спикер хиллачу, "Нийсонан Оьрсийчоь" партин куьйгалхочо Миронов Сергейс а. Журналисташа дийцарехь, итт бутт болу Херсонан кӀоштера Прокопенко Маргарита йу иза, Украинехь низамца хIоттийна, доладен стаг волуш йу иза а. Оьрсийчохь йоьӀан цӀе а, фамили а хийцина ца Ӏаш, иза дуьненчу йаьлла меттиг а цхьана хийцира. Мироновс и хаам "фейк" йу элира, амма зорбане даьхначу документех лаьцна цхьана а кепара ца дийцира.
- Маршо Радион украинхойн сервисо дийцира Оьрсийчоьнан Ӏедалша дӀасакъастийначу дуккхаъчу доьзалшна йукъарчу цхъаннах лаьцна. Мариупольна гергарчу блок-постехь оьрсаша шен кхаа берах къастийна цхьаъ бен воцу да Межевой Евгений. Цуьнга хеттарш дира, гӀело латтийра цунна тIехь, цул тIаьхьа Еленовкерчу колонехь чувоьллина латтийра иза. Цигахь товбеца-бутт бовш 50 сов украинхойн йийсархо велира. Бераш Оьрсийчу дӀадигира.
- Украинера дIадигинчу берех лаьцна бакъ болу хаамаш хуьйцу, царна аттачу йаьккхина бахархойн бакъонаш эцаран процедура. ТӀейогӀучу хенахь хала хир ду бераш муьлш ду къасто а, уьш цӀадерзо а аьлла, хаамбира Маршо Радион украинхойн сервисо. Деккъа цхьана 2022-чу шарахь, билгалдоккху Украинерчу бакъонашларъярхоша, лаххара а 400 украинхойн бер низамехь доцуш тӀеэцна Оьрсийчохь. Дай-наной долу бераш а, ден-ненан бакъонех даьхна доцу бераш а цхьана ду Оьрсийчохь керлачу доьзалашка дIалуш.