ТIекхочийла долу линкаш

1999-чу шарахь, бомбанаш а, яккхийн тоьпаш а, ракеташ а етташ отуш Соьлж-ГIала а йолуш, Нохчийн пачхьалкхан университетана уллехь нисвеллера со. ГIалахь баш дукха адам дацара. Со машен сацийна а валале, ведда цхьа жима стаг тIевеара суна. Университетана чохь дIасакхиссина студентийн кехаташ ду. Царна юкъахь уьш тIемалой хиларан Iедалша делла тоьшаллаш а ду бохуш дийцара цо.

ТIеман декъашхойн гIуллакхашкахула йолу департамент яра Нохчийчохь шолгIа тIом балале Соьлж-гIалахь уггаре а дукха нах лаьтта ала магар долу меттиг. Деша воьдург а, дарба лаха араваьлларг а, латта доьхург а (масане дара уьш хIинцца тIом лайначу нехан) цу гIишлонан неIаре воьдура ша тIамехь дакъалаьцна хиларан кехат деха.

Нохчийчоь -- ТIемалой бу аьлла лецна нохчий. 7 Дечкен-бутт2000
Нохчийчоь -- ТIемалой бу аьлла лецна нохчий. 7 Дечкен-бутт2000

Цул сов, шолгIа тIом балале зорбане довлу Iеадал газеташ а дара дерриг а аьлча санна тIом барна мидалш а, орденаш а еллачу нехан цIераш тIехь йолчу агIонех лаьтташ.

Цундела тIом баьлча и нах леха оьшуш а бацара. Церан цIераш а, уьш беха меттигаш а хууш яра Оьсрйчоьнан къайлахчу сервисашна.

Иштта Нохчийчохь шолгIа тIом болабеллачул тIаьхьа эзарнашкахь бара оьрсийн ницкъаш Нохчийчохь лецна болу нах. Царах цхьаъ ву цу хенахь 16 хилла Зелимха.

Нохчийчохь хиллачу хьалхарчу тIамехь дакъалаьцначу шен гергара нах болчехь лецира ша бохуш дуьйцу цо. Дуккха а зуламаш тIе а дожийна, 39 шо хан а кхайкхийна, эххаре а 7 шо хан а тоьхна, набахте хьажийра Зелимха.

Хан тоьхначул тIаьхьа, цкъа хьалха Чернокозово, цул тIаьхьа Моздоке дигира шаьш бохуш дуьйцу цо. Нохчашна тIехь вуно чIогIа къизаллаш лелийра оьрсийн ницкъаша бохуш дуьйцу Зелимхас.

Брянскан кIоштахь яьккхина Зелимхас шена тоьхначух дукхах йолу хан. Цу набахтехь, пехийн лазар а кхетта, валанза ваьлла иза. Цигахь болх беш Нохчийчохь тIамехь хилла дуккха а нах бара бохуш, дуьйцу Зелимхас. Цу наха вуно къиза хьийзош хилла нохчийн къомах болу тутмакхаш.

7 шо набахташкахь доккхуш ши адам даьлла нохчийн тутмакхах къахеташ. Зелимхас дийцарехь, царах цхьаъ гIеметта хIоьттина хир йолу лор-йиша яра. Лийр бу аьлла битинчу дархошна юкъатоьхна волчу кхунна юкъа-кара маха тухуш хIума дина цо, шена иза дар дихкина хиллехь а.

ШолгIаниг хилла цIера Украинера волу Зелимха таллочу набахтан гIаролхо. Цо наггахь кхаллахIума а, чай а лора шена бохуш дуьйцу Зелимхас.

Тахана Зелимха Германехь вехаш ву. Замано жимма тедина шен дог, амма цхьаболчу нахе шен йолу оьгIазло кестта дIаера ю аьлла ца хета шена бохуш вара иза. Тахана маьрша велахь а, ша Iевшина хало дага а йогIий ойланаша йийсаре лоций Iа ша, чIогIа халонга а долу шена иза боху Зелимхас.

2000-шо чекхдолуш Нохчийчохь лецира Мансур. Цу тIемалочуьнан цIе хийцина ю. Нохчийчохь хаьлхарчу тIамехь жигара дакъалаьцна ву Мансур. Шайн карабаьхкинчу тIемалошна вуно онда ницкъ бора Оьрсийчоьнан ницкъаллин стурктурин белхахоша, бохуш дуьйцу цо.

12 шо даьккхина Мансура Оьрсийчурча набахташкахь. Чувоьллина, шо хьовха, минот яккха а дац атта. Сатоха ницкъ мичара балара хьуна, аьлла хаьттира ас Мансуре. Далла тIе болх а биллина, шен гергарнаш дагалоцуш, церан дуьхьа дийна виса гIерташ хан текхира ша бохура цо.

Мансура дийцарехь, Оьрсийчохь бехачу меттигерчу нохчашкара гIо кхочуш хилла тутмакхашна. Царна хаара тIемалошна тIехь деш дерг. Нохчийн доьзалша кхачанца а, кхечунца а гIо дора шайна, бохуш дуьйцу Мансура.

Набахтехь хан токхуш ша йинчу ойланех лаьцна а хьахийра Мансура. ЦIа вирзича Нохчийчохь ларам хир бу шега моьттуш хилла иза. Амма даймахкахь лаьттачу хьоло дог дохийнера шен боху Мансура. Адам хийцаделла карийна чIогIа цецваьлла хилла иза. Даймахкахь бицбина кIентий бу набахташкахь баьхкина а, бохкуш болу а тIемалой аьлла хета Мансурана.

Нохчийчохь шолгIа тIом болалучу деношкахь дара иза. Суна вевзачу Малхбузерчу журналисто телефонехула къамел деш хаьттира соьга Оьрсийчоьнан эскарш юха а Нохчийчу дагIахь царна дуьхьал хIун ницкъ баккхалур бу Масхадовга аьлла.

Кхин ойла еш а ца Iаш, цу хенахь Нохчийчохь йолу герзхойн тобанаш ягаръян волавелира со. Эххаре а, сан дагахь, вовшахкхетар берг бара инзаре боккха бIо. Амма баккъалла а тIом болабелча тIаме баха лууш баш дукха нах ца бевлира.

Цуьнан бахьана хIун дара аьлла, шега хаттар дича Мансура элира, уггаре а хьалха тIемалошна хьалхабевлла леллачу наха чам байинера нехан аьлла. ТIом бан лууш баш дукха нах бацара боху цо.

Къамел дерзош, дохко-м ца ваьлла хьо маьрша Нохчийчоь ларъян араваларна аьлла, хаьттира ас Мансуре. Цхьана а хIуманна дохко ца ваьлла ша элира цо. Дуккха а нохчийн тIемалой гина шена набахташкахь, и кIентий а дохкобевлла бацара шаьш динчунна а, лелийначунна а элира Мансура.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG