ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дайн гIиллакхаш дисина кистошкахь а, бацошкахь а


Гуьржийчоь -- Паьнказа, Товб.2016
Гуьржийчоь -- Паьнказа, Товб.2016

Гуьржийчохь бехачу кистойн а, бацойн а ламасташ а, дахар а теллина цIайирзина кху деношкахь Нохчийчура Iилманан экспедици.


Нохчийчура этнографин экспедицино ПIаьнказа чIожехь кIира бен ца даьккхира. Оцу йоцчу хенахь вуно мехала материал гулъян аьтто баьлла церан.

Экспедицин декъашхоша дийцарехь, цу тайпа болх 1980-чу шерашкахь дуьйна бина бацара. Дуьххьара шаьш теллинарг кистоша а, бацоша а буьйцу мотт а, церан шира гIиллакхаш а дара бохуш дийцира оцу экспедицин куьйгалхочо Нохчийн хьехархойн институтера вайнехан талламан Iилманан юкъараллан куьйгалхочо Хабаев ИбраьхIима.

XS
SM
MD
LG