ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дехоша сецош йолу шен йоI юхаерзо Нохчийчуьра яхархо хьийза шо а ду


Гайтаман сурт

Нохчийчуьра Алиева Эльза, даим а Австрехь ехаш ю иза, дехоша Куьрчала-кIоштарчу БIачи-Юьртахь сецон шен йоI юхаерзо хьийза кхелехула

ЦIийндеца къаьстинчул тIаьхьа – иза а ву Нохчийчуьра, карарчу хенахь Францин вахархо Алиев Хьусейн, - Алиева Эльзина бакъо еллера беран доладан.

2021 –чу шеран аьхка шен йоIаца Оьрсийчу еанера Алиева Эльза, Францера цIа веана, шен бераца волавала воьду аьллачу йоьIан дас, БIачи-Юьртахь бехачу шен герагарчаьрга дIайигинера йоI, цул тIаьхьа Франци юхавирзира, хаамбо "АиФ – Северный Кавказ" хьостано.

ХIетахь дуьйна Алиевн гергарчара сецош ю йоI шайгахь, ненаца кхачам боллуш уьйр а ца латтайойтуш. ДегIаца цадоьрзу лазарш долчу йоIана дарба кхачош дац, иза школе лелаш а яц.

Алиева Эльзин дехар цхьана а кепара Нохчийчуьра полици листа ца йоьлча, нанас дIахьедар динера кхеле, шен йоI гуттаренна а шега схьаялар тIедожош. Пятигорск гIалин кхел ю гIуллакх луьстуш, Австрин Iедалша цига дахкийтинера, нана беран доладан къастийна хилар тIечIагIден документаш.

Цуьнца цхьана Нохчийчуьрчу кхелехула доладар шена тIехь дитийта хьийза Алиев Хьусейн а.

Оцу хьолах дийцинчу адвокато Абубакарова Маликас билгалдаьккхира, ненехьа кхелан сацам белахь а, и кхочушбан хала хира ду: цо бахарехь, "кхелан пурстоьпаш шерашкахь деш хIума а доцуш Iаш бу".

  • Хьалхо Мангал-беттан 2-чохь хаамбора, ГIалгIайчуьра кхело дуьхьало йира меттигерчу яхархочун Садакиева Розин, бераш шеца дитахьара аьлла дина тIедиллар кхочушдан аьлла. Садакиевас латкъамаш бора, шен хиллачу хIусамдас ницкъабрх, иштта шен вашас а, дас а, ша яьлла, яха ца йитарна а.
  • Стохка Лахьан-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бакъдира, Къилбаседа Кавказехь бераш шаьш кхиор къуьйсучу гIуллакхашкахь дискриминаци лелош хилар стен-боьршаллин билгалонашца.
  • Бераш шайца дуьтуш, ЕСПЧ-кхело бина сацамаш кхочушбеш цахиларна Къилбаседа Кавказера зударий Европан Кхеташонан Комитете бевллера.
  • Хьалхо Европан Кхеташонан министрийн комитето дийцаредира Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочушбарх а, уьш кхочушбарехь лаьттачу дуьхьалонех а. Кеп-кепарчу хенашкахь ЕСПЧ-кхело сацамаш бира Муружева Лайлаэхьа а, Губашева Асетехьа а, Юсупова Фатимехьа а, Ферзаули Расинехьа а, шайн бераш шаьш кхион бакъо къуьйсучу Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а бахархошкахьа.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG