ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Делимханов Адаман ненан цIарх керла маьждиг дан дагахь бу Нохчийчуьра Iедалхой


Делимханов Адам а, Кадыров Рамзан а. Архивера сурт
Делимханов Адам а, Кадыров Рамзан а. Архивера сурт

Гуьмсан-кIоштан Нойбоьр йуьртахь керла маьждиг дан кечлуш бу. Кадыров Рамзанан белхан накъостий болчу ДелимхановгIеран ненан Делимханова Мареман цIарах хир ду боху иза. Шина вешех уггар вевзаш верг Госдуман депутат Делимханов Адам ву. Иза Украинера тIом бахьана долуш а, криминалан уьйраш хиларна Американ, Евробертан, Украинан санкцеша лаьцначарех цхьаъ ву.

Кадыров Рамзана дийцарехь, и маьждиг Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу йукъараллин Фондо ахчах деш ду. Фонд Кадыровн "долахь казна" аьлла цIе йахана йу. Билггал мел харж хир йу, маьждиг дина маца дер ду - дуьйцуш дац.

"Белшаш белшах тоьхна дуьненайукъарчу терроризмаца леташ, чолхечу новкъахь суна улло хIиттина, схьабаьхкина бу и ДелимхановгIеран вежарий... Оццул дукха шераш дIадевлча а, вайн мехкан дуьхьа къахоьгуш бу уьш. Мареман цIарах маьждиг схьаделлар - цунна дан йиш йолчу дикачу хIумнех уггар кIезга дерг ду. Дика доьзал кхиийна цо", – йаздо Кадыровс шен "ВКонтактехь".

2009-чу шарахь Делимханов Адаман цIе шозза йаьккхира – иза бехке хила тарло элира, РФ Госдуман хилла депутат Ямадаев Руслан а, "Восток" нохчийн батальонан буьйранча Сулим Ямадаев а верна. 2013-чу шарахь Госдумехь ша санна волчу депутатах Журавлев Алексейх летира иза. И шиъ дIасакъастийра. Вукхо бахарехь, дIасабовлучу хенахь Делимханов Адаман киснара дашо тапча охьайуьйжира.

2015-чу шарахь Немцов Борисан валар а Делимхановца доьзна лору. ММА-латархочунна Емельяненко Федорна а, Москварчу Мещанск-кIоштан депутатна Закускин Александрана а цо кхерамаш тийссар а хууш ду. Украинера тIом болабалале цхьажимма хьалха Госдуман депутато бакъонашларйархочун Янгулбаев Абубакаран доьзалан "коьртеш дохур" ду а бехира. 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь оппозицино бехкевира Демельханов, лачкъина дIа а вигина, 1ADAT телеграм-каналн модератор Салман Тепсуркаев верна.

Цуьнан цхьа ваша, Делимханов Алибек, Оьрсийчоьнан къоман гвардин Къилбаседа Кавказерчу декъан хьалханчин гIоьнча, инарла-лейтенант, Оьрсийчоьнан турпалхо ву; шоллагIниг, Делимханов Шарип мехкадаьттан гIишлош ларйен Росгвардин куьйгакIелара полицин полкан буьйранча а, республикехула йолчу Росгвардин Урхаллин куьйгалхо, полицин инарла майор ву изв. Ши ваша а ву Украинин а, Евробертан а санкцеша лаьцна. ГIадужу-баттахь Делимханов Шарип а, Делимханов Алибек а Японин санкцешна йуккъе а вахийтира. И дерриге а Оьрсийчоьно Украинехь бечу тIамца доьзна ду.

  • 2022-чу шеран оханан-баттахь президенто Путин Владимира Оьрсийчоьнан Турпалхо цIе йелира Делимханов Адамна. "Леринчу операцехь дакъа лацар а, майралла, доьналла гайтар" (Украинехь болчу тIамана "леррина операци" цIе тиллина оьрсийн Iедало - билг.); Мангалан-баттахь керла дарж кховдийра цуьнга – пачхьалкхан Думехь кхерамзаллин а, коррупцина дуьхьалойаран а комитетан куьйгалхочун хьалхара гIовс.
  • Делимханов Адама стохка чуйеллачу шен таронийн декларацица аьлча, цуьнан каракхечнарг -5,7 млн сом ду, цуьнан долахь - 14 сот. латтана тIехь 250 кв.м цIа а.Делимхановн 5 бер ду. Официалехь( оьрсийн законаца) зуда йалийна вац. 2021-чу шеран чакхенгахь цуьнан хIусамнана Делимханова Разита Кадыров Рамзана шен гIоьнча дIахIоттайо. уьш вовшийн гергара хилар къайла ца хьош. Делимхановн таронаш, бахамаш а шаьш долчул дикка лахарчу терахьца йаздина ду, боху эксперташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG