ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Делимханов Адамна а, цуьнан вежаршна а дуьхьал санкцеш яьхна


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Шайн пачхьалкхе Оьрсийчоьнан чугIортарна бехке болчу нахана дуьхьал санкцеш йохуш Украинан президенто Зеленский Владимира омрана куьйгъяздина. Санкцийн тептарехь нисвелла, доккхачу декъанна, Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам а, цуьнан кхо ваша а.

Зеленскийн омранашца тIечIагIдина санкцийн кхо тептар. Цхьана тептаре язвина ву кеп-кепарчу пачхьалкхашкара 2251 стаг, вукху тIехь – 1374 юридикан стаг, кхозлагIчу тептарехь – 256 Оьрсийчоьнан бизнесхо.

Санкцийн тептара юкъавахийтина Делимханов Адам а, цуьнан вежарий а: Шарип – Нохчийчухула йолчу Къоман гвардин урхаллин куьйгалхо, Амхьад – МВД-н структурашкара эпсар, Алибек – Къилбаседа-Кавказан гонашкахула йолчу Къоман гвардин урхаллин куьйгалхочун хьалхара гIовс.

Иштта санкцийн тептарехь ву – Дагестанан цIарах сенатор волу Умаханов Ильяс, Федерацин Кхеташонан декъашхо- бизнесхо Керимов Сулейман, иштта Дагестанан а, ГIалгIайчоьнан а цIарах депутаташ хилла Газигиреев Юшаъ а, Аграмов Абдулмажид а, кхинберш а.

Санкцешна бухахь нисвелла гIалгIайн бизнесхо Гуцериев Михаил а, цуьнан ваша-совдегар, Думин хилла депутат Сайд-Салам а, кIант СаьIид а – "М.Видеон" а, "Эльдорадон" а йохкаран машанийн коьрта долахо, йоI Софья а.

Цул совнах, санкцеш дуьхьалъяьхна "ЧВК Вагнеран" долахо ву бохучу Пригожин Евгенийна а, телевизионан журналисташна Скабеева Ольгина а, Соловьев Владимирна а, бизнесхошна Ротенберг Аркадийна а, Борисна а, Тимченко Геннадийна а, Мордашов Алексейна а, Фридман Михаилна а, ишта кхин дIа болчарна а.

  • ГIадужу-баттахь Японино санкцийн тептаре язвира Делимханов Шарип а, Алибек а. Иштта гIадужу-баттахь Къилбаседа Кавказан 25 сенатор а, депутат а ваьккхира Американ финансийн министраллин санкцийн тептаре. Евросоюзан санкцеш бухахь нисвелира марсхьокху –баттахь ДелимхановгIеран Адам а, Шарип а, Алибек а.
  • Делимханов Адам воьзна лоруш ву оппозицин политик Немцов Борис а, диллина Кадыров Рамзанна дуьхьал вистхуьлуш хилла ФСБ-н подполковник, нохчийн "Горец" тобанан конмандир хилла Байсаров Мовлади а верца. Делимханов Интерполехула лехамашка велира ЯмадаевгIеран вежарий байъарна, журналисташна кехарамаш тийсарна а, федералан кхелахочун доьзалхойн коьртеш дохур ду бохуш, кхайкхамаш барна а цунах талламбар тIедожийнера. Делимханов иштта дика вевзаш ву ММА-н латархочунна Емельяненко Федорна а, Москвара Мещанскан кIоштан Кхеташонан депутатна Закускин Александрна а кхерамаш тийсарца. Стохка аьхка оппозицин политико Яшин Ильяс "уггар кхераме Оьрсийчоьнан депутат" ву элира Делимханов.
  • Охан-баттахь президента Путин Владимира Делимхановна Оьрсийчоьнан Турпалхочун чин делира. Цо "леррина операци дIахьош гайтинчу доьналла а, турпалалла а" хилира иза даран бахьана (Украинерчу тIамах олу оьрсийн Iедало "леррина операци". – Билг.). Мангал-баттахь Делимхановс кхерамазаллин а, курхалла лелорна дуьхьало яран а комитетан хьалхара гIовсан дарж дIалецира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG