ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Делимхановх думан кхерамазаллин а, курхаллана дуьхьало яран а комитетан куьйгалхочун хьалхара гIовс хилла


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думан Нохчийчуьрчу депутато Делимханов Адама кхерамазаллин а, курхаллана дуьхьало яран а комитетан хьалхара гIовсан дарж дIалаьцна – иза дар хьоьхуш проект къобалйира селхана хиллачу кхеташонехь.

Дагадоуьйту, нохчийн политик комитетан куьйгалхочун дарже хьахийра Мангал-беттан 6-хь – иза дира Делимханов декъашхо волчу "Единая Россия" партино. И проект чуялале цхьа де хьалха думан хьалханча Володин Вячеслав цхьанакхийтира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца а, шеца Делимхановца а, иштта нохчийн депутаташца Догаев Ахьмадца, Саралиев Шамсаилца, Лечхаджиев Русланаца а. "Коммерсанта" яздарехь, Володино цигахь баркал аьлла Делимхановна "Мариуполь кIелхьара яккхарна".

Хьалхо нохчийн депутат оцу комитетан декъашхо вара, хIинца цуьнан куьйгаллин декъехь ву иза.

  • Стигалкъекъа-беттан 26-хь президента Путин Владимира Делимхановна Оьрсийчоьнан Турпалхо чин луш омрана кIел куьйг яздира, цо "лерина операци дIахьош гайтинчу доьналла а, турпалалла а бахьанехь". Зазадоккху а, Охан а беттанашкахь Делимхановс Украинерчу тIамехь дакъа лаьцна, "Мариуполан агIо" йара цунна жоьпалле елла.
  • 2022-чу шарахь Делимхановн хьокъехь таллам бар тIедожийра, цо журналисташна кхерамаш тийсарна а, федералан кхелахочун Янгулбаев Сайдин доьзална "коьртеш дахарца" кхерамаш тийсарна а.
  • 2021-чу шеран аьхка политика Яшин Ильяс Делимхановх "Оьрсийчоьнан уггара кхераме депутат" элира. "Медиазонан" а, The Scanner Project гIирсан а цхьаьна бинчу талламца а догIуш, 2015-чу шарахь Немцов Борис верна чубоьхкинчаьрца телефонехула зIенехь хиллачу лаккхарчу полисхойн а, хьаькамийн а декъехь ву Делимханов Адам: иза веле масех де хьалха а, вийначу динахь а, иштта иза виначул тIехь а телефонехула зIенехь хилла иза куьйгбехкечу Нохчийчоьнан бахрхошца.
  • 2009-чу шарахь Интерполехула лехамашка велира иза, "Восток" батальонан экс-буьйранча Ямадаев Сулима Дубайхь верна шеконашца (Нохчийчуьра дуьххьарчу тIамехь къобалъянзачу Ичкерин агIо лаьцнера Сулима, шолгIачу тIамехь – Оьрсийчоьнан агIо лаьцна, "Восток" батальонан буьйранча вара). Депутат иштта вевзаш ву ММА-н латархочунна Емельяненко Федорна, а Москван Мещанскан кIоштан депутатийн Кхеташонан хьалханчана Закускин Александрна кхерамаш тийсарца, 2013-чу шарахь киснара дашон тапча охьа а йожош, кхечу думан депутатца Журавлев Алексейца летарца а.
  • Диллина Кадыров Рамзанна дуьхьала ваьлла хилла Нохчийчоьнан вице-премьера лаьттина волчу Гантемировна 2006-чу шарахь ФСБ-н подполковник, нохчийн "Горец" тобанан буьйранча Байсаров Мовлади вуьйш дакъа лаьцнарг хета хета Делимханов.
  • 2021-чу шеран хаамашца, Делимхановн йолан деклараци тIехь 14 бIеметр долу латта а, 250 метар йолу хIусам а бен яцара хьахийна. Декларацица а догIуш, Делимхановс кхиош пхиъ доьзалхо ву, амма официалехь хIусамнана яц - бакъду, 2021-чу шеран чакхенгахь Кадыровс гергарлонийн зIенаш а ца лечкъош шен гIоьнча хIоттийра депутатан зуда Делимханова Разита.
  • Зорбанийн хаамашца, Нохчийчохь дуьххьара тIом боьдуш Делимханов аренан буьйранчан Радуев Салманан машен лелориг вара, шолгIа тIом болалуш Оьрсийчоьнан агIоне дехьавелира иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG