ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Делимхановна а, цуьнан вежаршна а дуьхьал санкцеш яьхна Евроберто


Делимханов Адам

Оьрсашна а, оьрсийн компанешна а дуьхьал керла санкцийн тептар арахецна Евроберто – цига юкъахь нисбелла оьрсийн пачхьалкхан думан Нохчийчуьра депутат Делимханов Адама а, цуьнан вежарий а, иштта Ставрополера, Ростовера, Волгоградан кIоштера а хьаькамаш.

Украинерчу тIамехь дакъа лацарна яьхна Делимханов Адамна дуьхьал санкцеш – кехатехь яздина ду, депутат жоьпаллехь вара нохчийн эскархой Донбассехь дIатарбарна, цо куьйгалла дина Мариупольна го лоцуш, иштта "ша дакъа лаьцна тIом болабелчхьана теракташ кечъеш". Нохчийчухула йолчу Росгвардин урхаллин куьйгалхо волчу цуьнан ваша Делимханов Шарип "кхераме ву Украинан цхьааллина", ткъа Къилбаседа Кавказан гонан къоман гвардин эскарийн куьйгалхочун гIовс волу Делимханов Алибек Киеван кIоштарчу а, Донбассерчу а оьрсийн эскархойх жоьпалле хилла.

Цул сов, Евроберто санкцеш яьхна Ростован мехкан низамаш кхолларан кхеташонан спикерна Ищенко Алексейна дуьхьал, иза официалехь Украинера тIом къобалбеш ву. Цул сов, санкцийн тептарехь нисвелла Волгоградан мехкан низамаш кхолларан кхеташонан депутат Струк Михаил а, Ставрополан мехкан думан хьалханча Великдань Николай а – билгалдаьккхина ду, уьш массо а "Украинехьа цабезам кхуллуш питанаш лелорна, дезинформаци яржорна жоьпаллехь бу", аьлла.

Дехкаршна юкъанисвелла иштта Москван мэр Собянин Сергей, актераш Машков Владимир, Безруков Сергей, "Ночные волки" байкерийн клуб а, цуьнан хьалханча Залдостанов Александр ("Хирург") а, Кемеровскан кIоштан губернатор Цивилев Сергей, президентан Iуналлехь йолу берийн бакъонаш ларъярехула векалйинарг Львова-Белова Мария, "Юнармия" болам, Сбербанк а, иштта кхин а.

  • Охан-баттахь президента Путин Владимира Делимхановна Оьрсийчоьнан Турпалхо чин делира. Цо "леррина операци дIахьош гайтинчу доьналла а, турпалалла а" хилира иза даран бахьана. Мангал-баттахь Делимхановс кхерамазаллин а, курхалла лелорна дуьхьало яран а комитетан хьалхара гIовсан дарж дIалецира.
  • Делимханов Адам оьрсийн оппозицин политик Немцов Борис а, диллина Кадыров Рамзанна дуьхьала ваьлла хилла волу ФСБ-н подполковник, нохчийн "Горец" тобанан буьйранча Байсаров Мовлади а лач некъашца вуьйш дакъа лаьцнарг хета Делимханов. Интерполехула лехамашка велла хиллера Делимханов Ямадаевг1еран вежарий байъарна, цуьнан хьокъехь таллам бар тIедожийра, цо журналисташна кхерамаш тийсарна а, федералан кхелахочун Янгулбаев Сайдин доьзална "коьртеш даха" дош дарана а. Делимханов иштта вевзаш ву ММА-н латархочунна Емельяненко Федорна, а Москван Мещанскан кIоштан депутатийн Кхеташонан хьалханчана Закускин Александрна кхерамаш тийсарца. Дайначу шеран аьхка политика Яшин Ильяс Делимхановх "Оьрсийчоьнан уггара кхераме депутат" элира.
  • 2021-чу шеран хаамашца, Делимхановн йолан деклараци тIехь 14 бIеметр долу латта а, 250 метар йолу хIусам а бен яцара хьахийна. Декларацица а догIуш, Делимхановс кхиош пхиъ доьзалхо ву, амма официалехь хIусамнана яц - бакъду, 2021-чу шеран чакхенгахь Кадыровс гергарлонийн зIенаш а ца лечкъош шен гIоьнча хIоттийра депутатан зуда Делимханова Разита. Нохчийн депутатан официалера даьхний "маситтаза лахара" хета эксперташна, баккъала а долучул.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG