ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дани: Бухарчу дахарх булуш боцу мигранташ - "гетто"


"Карара хан" ( "Настоящее время")

МухIажирш бекъна интеграцин принципца

2018-гIа шо долалуш Данин Iедало, консервативан-либералан Venstre партин векал Расмуссен Локке коьртехь а волуш, сацамбира мигрантийн геттоца къовсам боло.

Бахьана а дира дийцаре. Данехь 5,8 млн стаг веха, царех 8,5% нах бу Туркойчуьра, Шемара, Иракъера, Либанера, Сомалера, Пакистанера тIебиссина мухIажирш. Царех дакъа деха я Данера мотт а ца Iамош, я бухарчу ламастийн а пусар а ца деш, ца бо болх, ца гIерта деша, бохучу маьIнехь дара къамелаш.

Расмуссенан Iедало бахарехь, мухIажирех 15% ву гетто хьесапехь вехаш (60000 стаг). Царна Данино шен бюджетера шарахь хьажадо 36 млрд крон ($5,5 млрд). Ткъа цаьргара хуьлу "пайда" –хIора иттаннах цхьаъ динчу зуламашна Iен кхиина набахтехь, чIагIдо Данин официало.

Мигрантийн жулараш йохо Данин Iедало дагалацар а, "гетто" дашца нах сийсазбар а ца тайна Данин бахархошна а, ЕвроБертна а. Амма, цуьнга ца хьоьжуш, мехкан парламентера дукхахболу депутаташ дуьхьалболлушехь, Iедалан аьтто баьлла сацам тIеэца. Иза болхбан болабелла Товбеца-беттан 1-чу дийнахь дуьйна.

Цкъачунна, "гетто" аьлла 25 меттиган цIе яьккхина Данин Iедало. Церан билгалонаш иштта ю:

  • 50 процентал сов Европера доцу къаьмнаш дехаш хилар
  • 2,7 пройцентал сов бахархой бехктакхаме ийзийна йолу меттигаш
  • 40 процентал сов болхбоцу нах бехаш хилар
  • 50% бен школехь дешна боцу нах беха меттигаш
  • къахьоьгуш доккху ахчан барам, гонахарчу бахархошца дуьстича, 55% ца кхочу нах беха каппаш.

ИШТАЧУ БАХАРХОШНА ХIИНЦА ХИЛА ТАРЛУРГ

1) Зуламашна дуьхьал ден таIзарш лакхадахар

Данин Iедалан бакъо ю шен кхетамехь "гетто" зонаш билгалъяха, ткъа кхелийн – оцу зонашкахь зулам динчу стагна кхочу таIзар шозза лакхадаккха. Дуьйцурш ду къоланаш, наркотикаш йохкар, вандализм, Данин низаман маттаца аьлча, "нахана кхерам бохьуш лелар".

2) Социалан хIусам яларан керла принципаш

ТIаьххьарчу пхеа шера чохь зулам дина, криминалан селхане йолчунна социалан хIусам ца яла йиш ю и тайпа гIишлош еш, лелош йолчу компанийн. Зулам дина стаг хIусамах вакхар аттачу хьоле далийна.

ХIусам лаца атта хир ду хIинца болх болучунна а, доьшучунна а, шаьш-шайн кхабалучарна а.

3) Бераш шайца, дозанал арадаьхна, дуьгучарна -таIзар, набахтин 4 шаре кхаччалц

Бер цуьнан дахарна кхераме болчу махка дигар доьхку Данино. МухIажирийн Малхбалера тIемашкахь бохку даймехкаш бу буьцурш. Иштта доьхку бераш Африкерчу цхьацца мехкашка дига а – йоIарий сунт бан, я маребала дIабигар ду хьехориг.

Оцу Iалашонашца шайн бераш даймехкашка дуьгучаьргара дIайоккхур ю Данехь баха бакъо.

Данерчу школехь
Данерчу школехь

4) Берашца вон хиларна, уьш вон Iаморна, "интеграце ца кхачорна" ден таIзар

Шайн берашна дахаран хьелаш ма-оьшшу цалатторна гIуданаш деттар ду Данино. Толушвоцчунна – набахтин 2 шо. Гетто-купахь дехачу беранна гIелоярна дас-нанас набахтехь токху хан яьккхина шозза лакха.

Мигрантийн доьзалера бераш Iамо йолчу Iалашонца муниципалитетийн бакъо ю оцу доьзалшка лела а, цуьнца болх бан а. Масала, бер йиллинчу хенахь цIахь Iар, берийн беша лелар. Масала, и низам талхийначу дена-нанна лур дац Iедало бераш кхаба кхачош хуьлу ахча.

Данехь мел деха бер декхаре ду берийн беша, школе лела – ца лелахь, лахдан тарло иза кхаба дена-нанна луш долу ахча. Лахдийр ду и ахча, нагахь санна беро школехь дешаран тесташ дIалуш яцахь.

"Геттора" бер шо кхаьчначул тIаьхьа кIиранах 25 сахьтехь кхаба деза пачхьалкхан берийн бешахь, меттигера мотт Iамабайта, махках долийта. Оцунна дуьхьалболу мухIажиршкара дIадаха долор ду берашна луш хуьлу ахчанаш.

Берашна лучу программица дешар дIахьочу меттигашка шайн берашца цхьаьна лела мега дай-наношна а. Тоъал Данера мотт хууш доцу бер школе дахийта магош дац.

Сондербург, Дани - 24 Сти, 2017: Школе, дешар доьрзу де.
Сондербург, Дани - 24 Сти, 2017: Школе, дешар доьрзу де.

5) Берийн бошмаш а, школаш а

ХIинцачул тIаьхьа берийн бешахь ца мега, бераш тобанашка доькъуш, 30% сов бер цхьаьна дита. Школашна а бина изза къастам: лакхарчу классашкахь 50% хила йиш яц "геттора" кегийрхой. Иштанаш сихха махках болийтархьама, цIенна генарчу школашка хьийсо беза. Оцу гIуллакхна луш ю микроавтобусаш, я таксица лела ахча.

ХIиттийначу хьелашца ларавеш воцу куьйгалхо дIавоккхур ву даржера, ткъа школа дIакъовлур ю, я шен караоьцур ю Дешаран министралло.

Школашна магийна парггIат бер дешарх мукъадаккха. И тайпа тIазар шена кхаьчна бер дер ву шена Iедало лучу ахчанан декъах. Бакъду, дахначу шарахьчул дика дешначунна кхачош ахчанан бонусаш а ю.

6) Социалера ахча

Шена еллачу керлачу меттиге дIаваха ца туьгучу "гетто"- вахархочунна Iедалан хадо бакъо ю социало луш долу ахча (kontanthjælp).

Цул совнах, муниципалитетан бакъо яц болхбацарна социал оьцучу мухIажирна "гетто"-кIошташкахь петар яла. Амма алапа тIетухур ду "геттохь" вехарг балха хIоттийначу муницалан белхахочунна.

ХIинца дуьйна муниципалитешка кхачош хир ю (полицино а тIехь) цара жоп лучу меттигашкахь бехачу нахах йолу информаци. Оцо аьтто бийр бу "тешаме боцу" нах тидамехь латто а, царах муниципалитетна Iедална хьалха жоьпалла дIакхехьа а, боху "Расмуссенан Iалашонаша". 2030-гIа шо тIекхачале Дани цIанъяла дагахь ю "геттох".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG