ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дерриг дикачунна монополи. ГIоьналлин барамаш шена тIе муха базбо Кадыровн Фондо


Кадыров Рамзан

Кадыров Ахьмадан цIарахчу регионерчу фондо дийцина ша нохчийн ломанан Дишни-Веданахь некъ билларх лаьцна. Меттигерчу бахархоша дIахьедира Кавказ.Реалиига, оцу белхашна ахча юьртхоша гулдина хилар. Хьалххе дуьйна муьлхха а республикера юкъараллин объекташ фондо шен чоьте язъеш йолу практикан рогIера дакъа хилла цунах, чIагIдо эксперташа.

Пхи бIе метр болчу некъана силам (асфальт) билларх лаьцна меттигерчу телехьожийлехь дийцира. ЧГТРК "Грозный" каналан репортажехь Веданан кIоштан администрацин куьйгалхочо Абдулазизов Шарпуддис дIахьедира, меттигерчу бахархоша "массочу хенахь" бала хьоьгура Школьная урамера некъ боьхначу хьолехь хиларна. Цо бахарехь, Кадыровн Фондо "совгIатна" некъ биллира цига, шега оцу тайпа дехар ма-кхаччара.

ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан "Особый разговор" программан эфирехь некъана силам билларца йолчу проблемех лаьцна дийцира юьртхоша. ТIаккха кIоштан куьйгалхочо жоп делира, хьукмат и гIуллакх листа хьожур ю, йа "фондера гIо доьхур ду".

Белхаш дIа а бирзина, репортаж эфире яьлча юьртхоша латкъамаш бира Кавказ.Реалиин корреспонденте, цара бохура, некъ табан ахча хIора доьзалера гулдира, къоьлла хьоьгучу нехан тептарехь берш биссалц. Редакцица къамел динчу хIораммо а 20 эзар сом хьахийра.

"Юьртарчу доьзалшна 20 эзар – иза шортта ахча ду, хIунда аьлча, хIора кертахь аьлча санна дуккха а бераш ду. Сайн масех берийн багара а даьккхина, къинхьегамца гулдина ахча царна хIунда дала деза ас? Кехаташца кечдина дацара и ахча гулдар, тIаккха керланашкахула кIоштан куьйгалхочо, кхин эхь ца хеташ, дIахьедира, некъ Кадыровн Фондан чоьтах биллина, аьлла", - дийцина Дишни-Веданарчу яхархочо.

ШолгIачу къамелдинчо хаамбина, ша "къоьллехь ю", иштта царна ахча дIадаларна: "Болх беш цхьа цIийнда бен вац, алапа доккха дац, кху шарахь кхо бер школе дахана сан, декхарш хьерчо дезна сан уьш кечдан гIерташ. Цхьа сом делла йоцучу Кадыровн Фондана а ца олуш, шайн тIаьххьара ахчанаш охьадиллина болчу юьртарчу бахархошна кIоштан куьйгалхочо и баркал аьллехьара хIумма а дацара. Бераш школе хьийсо гIо деш йоцучу пачхьалкхана муьлхачу бахьанашца гIо дан дезаш ю со?"

Бераш школе хьийсо гIо деш йоцучу пачхьалкхана муьлхачу бахьанашца гIо дан дезаш ю со?

Белхаш дирзинчу дийнахь меттигерчу динан гIуллакххочо мессенджерехула меттигерчу бахархошка кхайкхам дIабазбира. Цо доьхура лаам болчу юьртахошка оцу хиламна лерина мовладе бахкар. Оцу дийнахь цо шолгIа аудио дIаязйира, бохура, гулам хир бац – Iедало ша хIоттор бу барам, иза "официалехь" а бийр бу.

Кавказ.Реалиин корреспондент Веданан кIоштан администрацица зIене велира, некъ билларна ахча мичар даьлла хоттуш – цигахь а хьахийра официалера верси. Бахархоша дина латкъамаш тIечIагIде, йа харцде, аьлла дехар дича хьукматан белхахочо элира, некъан белхаш доьлхучу юкъанна "хIоранна аьтто бу шен кетIа кхачалц ахчанах некъ биллийта, йа кхин белхаш дайта". Кхин дIа къамел дан реза ца хилира иза, "жоп дала аьтто бац шен", аьлла.

Бюджетера "сагIа"

ЧГТРК "Грозный" каналан эфирехь тIаьххьарчу шерашкахь бIеннаш репортажаш арахоьцура, Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондана чоьте язъеш тайп-тайпана гIишлош йоттар гойтуш. Гайтаме хилира Пролетарски эвларчу ширачу хIусамашкарчу бахархошна керла цIенош дар. 2020-чу шеран лахьан-беттан 11-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша оцу эвла вахча Оьрсийчоьнан ЖКХ-н, гIишлош йоттаран а министре Файзулин Иреке телефон туьйхира, юьртахошна федералан программехула керла хIусамаш йотта барт беш, аьлча а, бюджетан ахчах. Миттигерчу зорбанаша оцу белхашна лерина мел кIезга а 15 репортаж яьккхира.

Амма 2020-чу шеран гIуран-беттан 2-хь ЧГТРК "Грозный" эфирехь дIахьедира, гIишлош йотта "ахча делларг Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу регионера юкъараллин Фонд ю". Изза юха а хьахийра гIуран-беттан 7-хь, гIуран-беттан 14-хь, гIуран-беттан 18-хь арахецначу репортажашкахь а. Кхин кхо де даьлча эвла схьайоьллуш хIоттийначу барамехь тIаьххьаре а элира, ширачу хIусамашкара нах кхечу цIеношка дIатарбаран программехула дина и белхаш, тIетуьйхира, "диссинарг дерриг" Кадыровн Фондан чоьтех дина. ХIусамашна тIеоьхкина Кадырова Айманин суьрташ дара – иза ю оцу фондан формалера президент.

Кадырова Аймани
Кадырова Аймани

И схема лелийра Гуьмсан кIоштара бахархошна хIусамаш ечу юкъанна – кхузахь а фондо шен чоьте даздира белхаш дар. 2020-чу шеран гIадужу-баттахь дийцира меттигерчу телехьожийлехь къечу наханна керла петарш яларх лаьцна. Репортажехь вовшашца цадогIу дIахьедарш дора: кIоштан администрацин куьйгалхочо Закриев Сахьаба а, шаьш бахархоша а Кадыровна баркалш олура, амма иштта дIахьедора, белхаш "Жилье и среда" къоман проектехула дина хилар. Оцу Iалашонна пачхьалкхан эцарийн сайте хIоттийна 77 млн соьманна тендераш яра. Церан контракташ "Мегастройинвест" компанина кхечира – иза ю Кадыровн Фондо кхоьллина.

Оцу фондо иштта пайда оьцу латта хаьрцаш долчу меттигашкара бахархой кхечу хIусамашка дIатарбаран программех а. Масала, 2020-чу шеран марсхьокху-баттахь Нажи-Юьртан кIоштан Бенахь доьзалшна 23 доларчу хIусамийн догIанаш дIакхачийра. ЧГТРК "Грозный" телехьожийло дIахьедира, оцу гIуллакхна ахча делларг хьехийна йолу "гIоьналлин" вовшахтохаралла ю, амма пачхьалкхан эцарийн сайтехь иштта квадраташ а йолуш 23 хIусам йоттаран тендер арахийцира, цуьнан берриг мах 104 млн сом бара. Уьш йоьттинарг а яра "Мегастройинвест".

Тамашена хьал хIоьттира жимачу Нажи-Юьртан кIоштан ТӀуртӀи-КӀотарахь социалан гIишлойн комплекс юттуш: берийн беш, школа таяр, культуран цIа, фельдшеран-акушеран пункт, маьждиг а ду уьш. Хьалхарчу шина объектийн 85 млн соьманна йолу тендераш хьалххе дуьйна пачхьалкхан эцарийн сайте хIиттийна хиллехь, амма культуран центр йоттаран тендер иза йина яьлча бен ца хIоттийра.

Оцу масалшна тIе тидам бохуьйту шен талламашкахь нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос: къастийначу рубрикехь цо гучудоккху Кадыровн Фондо пачхьалкхан ахчанах дина гIуллакхаш ша дича санна дIагайтар. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь цо билгалдаьккхира, цхьа хIилла оьшуш гIуллакх дац иза – фондо шен чоьте яздо ша дина доцург.

Республикехь беркате мел-дерг Кадыровн Фондера хила дезаш ду, кхи цхьангара а хила ца деза

"Иза уггара даьржиначех цхьаъ ду. Республикехь беркате мел-дерг Кадыровн Фондера хила дезаш ду, кхи цхьангара а хила ца деза. Пандеми йолчу юкъанна фондо "лелийначух" дерг-м ас хьеха а ца до. Цигахь дерриг харц гIо ду", - боху спикеро.

Къамелдечунна хетарехь, "гIоьналлин пропаганда" цхьана декъехь ларайо КадыровгIеран доьзална беркате сурт кхолларан Iалашонца. Меттигерчу телехьожийлехь дуьйцург талла массера а аьтто ца хиларца доьзна ду иза: "Верриг ма ца хьожу талламашка, йозуш йоцу зорбанаш а ца йоьшу".

Абдурахмановс дагадоуьйту Iалхан-Юьртан ши дакъа вовшах а тоссуш Мартан-хи тIехула доьттина долу тIайца хилла истори. Оцу гIуллакхна ахча МагомадовгIеран доьзало деллера, амма официалерчу зорбанаша дIахьедира, тIай Кадыровн Фондо доьттина, аьлла. Репортаж арахецначул тIаьхьа эвларчу бахархойн ур-атталла шайн инстаграмера посташ а хийца дезнера, баккъала болчу спонсоршна меттана Кадыровна баркала а олуш.

РогIерчу хьолехь пропагандо тидам ца бо шен репортажашкахь вовшашца ца догIу дIахьедарш хиларна. ТIаьххьарчех цхьа масала ду – Гермачиган уллехула керла некъ схьабеллар. Эфирехь дIахьедо, "Безопасные и качественные дороги" къоман проектехула табина некъ. Амма Шелан кIоштан къедо Неттиев Хож-Ахьмада дIахьедира, оцу некъахула дIа мел воьдучо "Дела реза хийла олу [Кадыров] Рамзанна".

Ур-аттала Кадыровн Фондо шен чоьтах муьлхха а акциш хIиттийнехь а, иза гIоьналлин акци яц, аьлла хета "Кавказан къаьмний Ассамблейн" куьйгалхочунна, юкъараллин гIуллакххочунна Кутаев Русланна.

"Оцу фондехь гулдеш долу дерриг ахча нуьцкъаха нахера схьадоккхуш ду, ницкъахойн, хьехархойн, тайп-тайпанчу бюджетан белхахойн алапашна тIера сецош ду. Цо муьлхха гIишло йоттахь а – иза нехан чоьтах юттуш ю", - аьлла Кутаевс редакцица хиллачу къамелехь.

2018-чу шарахь Кавказ.Реалиино тIечIагIдира, Кадыров Ахьмадан фондо шена тIеяздина хилар къора а, бIаьрса ледара долчарна а лерина интернатан корпусаш йоттар, иштта Пионерское эвлахь 120 охьахуу меттиг болу школа а. Ма-дарра аьлча, и белхаш бинера бюджетан чоьтах, пачхьалкххан цIарах оьшург оьцучу сайтехула.

Йоьттинчу хьукматийн гIишлошна оьшу гIирс Кадыровн фондо оьцу, бохуш сих-сиха дIахьедо меттигерчу зорбанаша. Иштта, фондана тIебазбира кху шеран юьххьехь пехашка садоIуьйту гIирс. Амма бюджетера 1,48 миллион сом а делла эцна бара иза. Кадыров Айманин цIарах йолу ненан а, беран а могушалла Iалашъечу клиникан центрна "совгIатна кхечира" фондера кардиотокографин стерилизатор, операци еш охьавуьллу стол, маьнгеш. Беза мах болу охьа багарбина гIирс богIу 119,2 миллион соьмана Нохчийчуьрчу могушалла Iалашъяран комитетан пачхьалкхан цIарах эцначу гIирсан тептарца.

***

"Глобалан Магнитскийн актан" буха тIехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептарехь ю Кадыровн цIарах фонд. Организаци масийттазза бехкейира, бюджетан белхахошка бертаза фонде ахчанаш дохкуьйту бохуш, амма Кадыровс бехкаш тIе ца лоцу. Иштта зорбанан гIирсаша хаамбора, фонде ахчанаш дахкар а, ахчанаш дайъар а цIена дац бохуш, Кадыров Рамзанан "альтернативе казна" ю а олуш.

Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо 2021-чу шарахь деклараци йира, ша ахча ца даьккхина, аьлла. Урхалхоша бахарехь, 2019-чу шарахь фондана 6 млрд соьманна сагIина ахча делла (цул хьалха 2,2 млрд), амма тIаьххьарчу шина шарахь ша ахча ца даьккхина, бохуш яздо цо. Фондо шех лаьцна бийцинчу хаамашца, цо шена оьшучу гIуллакхашна ахча дайъина а дац. ЧухIоттийна чот коммерцин йоцучу организацина гергахь "тамашена" ю аьлла эксперташа.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG