ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Десантхошна тIелеттачаьрца хилла вац Алханов, боху адвокато


2000-чу шарахь Псковерчу десантхошна тIелатар динчех ву аьлла, таIзаре хIоттийна Нохчийчуьра вахархо Алханов Мохьмад бехке вац аьлла, дIахьедина цуьнан адвокато. Кавказский узел ресурсо бина цунах лаьцна хаам.

Цуьнан дегIа тIехь цхьана а тайпа муонаш дац, цо тIемашкахь дакъалаьцна аьлла, тIехула тIе талламо бехкехиларх тоьшаллаш ца далийна.

Товбеца-беттан 16-чу дийнахь лаьцна ву, талламо Басаев Шемалан тобанхо лоруш волу Алханов Мохьмад. Дуьйцучу зуламан декъах хилла вац Алханов Мохьмад, тIемаш боьлхучу заманчохь кхиазхо хилла ву иза, ткъа адвокаташ хеттарш динчара чIагIдо, Басаевс "кхиазхой цкъа а ца буьтура юкъа" аьлла, дIахьедина адвокато Зеленин Евгенийс.

Цул совнах, оцу тIамехь дуккха а цIий Iаьнна хилар тидаме эцча, Алхановн дегIа тIехь лараш йиса езара йинчу чевнех, ткъа уьш йоцуш ю, билгалдаьккхина адвокато.

Шен хьасташна тIетевжина цо дуьйцу, Алханов вевзина цхьа снайпер ву полисхойн, амма шеконаш ю адвокатан, цул тIаьхьа 20 шо даьлча "цхьана хенахь жима кIант хилла, хIинца воккха хиллла стаг вовза тарло" бохучух.

ГIадужу-батте кхаччалц лаьцна вуьтуш ву Алханов кхелан сацамца. Церан сацамна латкъам бина адвокато апелляцин инстанци, цул тIаьхьа, хIинца луьстуш долу кассацин арз чуделла, хаам бо Зеленина.

Карарчу хенахь Астраханерчу психиатрин клиникехь ву Алханов. Байначу беттан 29-чохь экспертиза ян дехьаваьккхина иза талламан изоляторера.

Алхановн хIусамнанас Кагерманова Рашанас дийцарехь, Iуьйранна 10 сахьт даьллачу хенахь полисхой баьхкинера цуьнан хIусамда волчу, яхначу суьранна цхьахйолчу кафе чохь летта, Алханов юкъахь хиллий хьовсуш ду шаьш аьлла.

ГIаттамхошлахь хилла ву, теракт кечдеш хилла, бакъо йоцуш герз лелийна а ву аьлла, хьалхо тоьхна итт шо хан набахтехь яьккхина ву Алханов. Маьршаваьллачул тIаьхьа Санкт-Петербурге дIавахара иза, цигахь кхаа шарахь тергонехь латтош вара, паргIат пачхьалкхехула дIаса а лелара, полисхошкахьара претензеш яцара, дийцина зудчо. Ша бехке хиллехь, пачхьалкхера дIавахана хир вара иза аьлла, тешна ю Кагерманова.

  • 2000-чу шарахь Чиллан-беттан 29-чохь даккхийн дарашца Соьлж-ГIалара арабевллачул тIаьхьа гIело хьоьгуш Ведана агIор дIабоьлхучу нохчийн тIеман командиро Басаев Шемила куьйгалла дечу тIемалоша Улус-Кертана гергахь тIом болийра шайна дуьхьал яьллачу Псковерчу десантхойн ротица. Официалан версица цу тIамехь вийна 84 Оьрсийчоьнан эпсар а, салти а. 6 стаг чевнаш хиллехь а, дийна виснера. Нохчий дараш биллгал мел хилла хууш дац, амма ууьш эзарнашкахь дара бохуш чIагIдора Оьрсийчоьнан инарлаша.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG