ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дешархой тIеман-патриотикан ойланца "юхаIамош" центр хилла Нохчийчоьнах


Нохчийчуьра "тIеман-патриотикехь кхетош-кхиоран" кхиазхойн лагерь
Нохчийчуьра "тIеман-патриотикехь кхетош-кхиоран" кхиазхойн лагерь

Берийн "тIеман-патриотикан" каппаш дIайахьа Оьрсийчоьнан коьрта центр хилла Нохчийчоь. Цигахь кхиазхошна дуьйцу Украинерчу тIамехь Оьрсийчоьнан эскарша гойтучу турпалаллех, Iамабо герз карахь латтон а, яздо "Настоящее Время" телеканало. Лахьан-баттахь Шела-кIоштарчу могушалла чIагIйаран "Горный ключ" центран базехь дIаяьхьна "Силы Кавказа" патриотикан смена. Цига валийнера ши бIе гергга Оьрсийчуьра кхиазхо, иштта бертаза оккупаци йинчу дозанаш тIера схьадалийна украинхойн бераш а.

Кадыров Рамзанан а, берийн омбудсменан Львова-Белова Мариян а юкъара проект ю – Нохчийчохь вовшахтоьхна "Силы Кавказа" патриотикан лагерь. Цуьнан декъашхой хилира 150 гергга Оьрсийчуьра кхиазхо: Пензера, Новосибирскан кIоштара, Коми Республикера, Дагестанера. Иштта "ЛДНР" олучуьра 45 бер а.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептаре язйира гезгамашин-бутт юккъе баьллачу хенахь берийн омбудсмен Львова-Белова. Америкахойн финансийн министраллехь иза бехкелору "украинхойн эзар берана Оьрсийчу депортаци йеш куьйгалла дарна" а, "бертаза украинхойн бераш Оьрсийчуьра доьзалашка дIаэцийтар а, иштта украинхойн бераш шаьш ма-бохху патриотикехь кхетош-кхиор" вовшахтохарна а.

Путин Владимира гIо латточу "Оьрсийчоьнан кхиазхой" пачхьалкхан проектан дакъа ду – "Силы Кавказа" лагерь. Цуьнан гурашкахь кхин а мел кIезиг а пачхьалкхан итт регионехь центраш схьайелла Iалашо ю. Иштта Пермскан а, Ульяновскан а кIошташкахь а, Дагестанехь а.

"Силы Кавказа" проектехь дакъалаьцна боллу кхиазхой чоьтехь бу кхиазхойн гIуллакхаш тергонехь латточу дакъойн. Барам дIахьочу юкъанна уьш чекхбевлла тIеман-патриотикан а синан-оьздангаллин а кхиорехула. Иштачу формулировкех пайдаийцира Нохчийчуьра къоман политикан министравллин департаментехь.

Республике далийначу берех "хала амал йолу кхиазхой" олу. "Силы Кавказа" тIеман лагерь ю, цигахь доккхачу декъанна, кхиазхойн карало герз. Оцу кепара каппаш Нохчийчохь хьалхо хилла ю. ХIетахь уьш вовшахтоьхнарг а вара Кадыров Рамзан.

"ХIара къайлах информаци йацара. Цо цунах лаьцна дуьйцура, дозалла а дора, ницкъехь кхиийна ца Iаш, идеологин кхетам а луш, иштта болх ша вовшахтохарна. Оцу хьолехь нисло, Украинера бераш схьа а далийна, жимчохь дуьйна украинхошкахьа цабезам гIаттош уьш кхиор", - боху нохчийн бакъонашларйархочо Янгулбаев Абубакара.

Бараман программи юкъахь лекциш ю Росгвардин турпалхойх а, Украинерчу "лерринчу тIеман операцих" лаьцна а, дуьхьалонан аса, корматалла йолчу эскархойн къамелаш. Иштта кхиазхой хилла Гуьмсерчу Оьрсийчоьнан спецназан университетехь а. Иштта "патриотикехь кхетош-кхиор" ду дIахьош 2017-чу шарера схьа дуьйна Беной эвлахь а. ХIетахь цигахь схьайиллира кегийрхойн тIеман-патриотикан база. Белхан дIахьейинчу коьртачу Iалашонех йара – армехь гIуллакхдан Iамор.

ТIетаьIIина бераш "тIеман-патриотикан кечамах" чекхбахар даржа тарло Оьрсийчохь шуьйра. "16-17 шераш долу бераш ду уьш. Шо-ши шо даьлча уьш лаамхой санна тIамтIе хьийсон мегар ду, ма-дарра аьлча. Оцу хеначохь кечбийр бу уьш. Ма-дарра аьлча, берийн арми ю иза. Бераш патриоташ хилийта кхетош йа кхиош клуб йац иза", - дуьйцу бакъоларйархочо Янгулбаевс.

Барам бирзича Кадыров Рамзана баркалла элира и вовшахтоьхначарна "пайден, чулацаме, берийн интересаш хийца гIо дийр долу программа" кечйарна. И барам вовшахтоьхначара олу "хала амал йолу бераш" боху дешнийн цхьаьнакхетар лелош дац корматалла йолчу психологаша.

"ХIан, хуьлуьйтур вай и бераш тIеман лагере шаьш дахана, цигахь автоматашца хьаьвдда лелаш. Диканиг хIуммаъ а хир дац цунах. Цхьана а тайпа педагогикан тема яц циагахь. Баккхийчеран ловзарш ду уьш. Баккхийчара берашка хIуъа а дайта тарло. Ницкъболчо эгIаза волчуьнга а санна, хIуъа а дайта тарло. Ницкъбина, Iехийна, манипуляцешца", - боху хьехархочо "Формалехь доцчу Iилманан Институт" кхоьллинчу Зицер Димас.

Кхиазхошна лерина "патриотикан" полигон Нохчийчохь хилийтар хир дуй хууш дара аьлла хета бакъоларйархочунна Янгулбаев Абубакарна. Оцу йоллу лагершна бух хIинцале кийча бу.

"Изза Гуьмсерчу "Оьрсийчоьнан спецназан Университето" схьагарехь, цу юкъахь дакъалаца там бу. И бераш кечдеш, нах байъа уьш Iамош. Иштта хила а хуьлу иза: цигахь бераш дайъа Iамош бу цара. И дерриг а вовшен доьзна ду, 2000-гIа шерийн юьххьера схьа дуьйна шен истори а, кIелдIашхе а, бух а болуш. Цундела и Нохчийчохь дан пайден дара. ТIом бахлахь, Кадыровгахула Путинан кийчча дакъош хир ду, жимчохь дуьйна муха, хIун дан деза хууш".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG