ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Деши, дети, ез. Кавказан лаьмнел лекха совгIаташ


Кадыров Рамзан, архивера сурт
Кадыров Рамзан, архивера сурт

Оьрсийчохь федералан орденашца, мидалшца цхьаьна ду лелаш регионийн совгIаташ а. ЦIаста, гIели иэдина динарш доцуш, до уьш дезачу металлех, тIулгех. Пачхьалкхан куьйгалле Путин Владимир веъчхьана схьа Къилбаседа Кавказерчу ворхI махках пхеаммо дан долийна меттигера ларалуш долу совгIаташ. Къилбаседа Кавказан федералан гонехь кхолладелла лаккхара совгIаташ а, церан башхаллаш а теллира Кавказ.Реалиино.

ГIебарта-Балкхаройчоь

Регионан коьрта совгIат ду – "ГIебарта-Балкхоройчоьнна гIуллакх дарна" орден. Махканна пайда беъначу Оьрсийчоьнан а, арахьарчу мехкийн а бахархошна ло иза цара адамийн бакъонаш, маршонаш лакхаяхарна, цхьацца белхашкахь хьуьнар гайтарна – хуьлда иза исбаьхьаллин тоба, лор, полисхо я спортхо.

2014-гIа шо тIекхаччалц, кхаа даржах а йолуш, васт-совгIатийн еасонарчу могIарх тосуш яра иза, ткъа хIинца дац орденан хьалхалера даржаш, тIехьовзайой, уллуш ю иза духарх - детех йина, бархI са болу седа. Юккъехь ду ГIебарта-Балкхаройчоьнан гербан дешех кхелина горга васт. Ийстан гонца яздина ду "ГIебарта-Балкхаройн республика – ГIуллакх дарна". Орденца хуьлуш ю республикан байракхан беснашкахь йолу (сийна, кIайн, баьццара) дарин тIийриг.

Орден еллачун бакъо ю, низамо бахарехь, алапна а, пенсина а тIе 25% ахча эца. Стаг нагахь санна ГIебарта-Балкхаройчоьнан бюджетан белхахо а, пенсиэцархо а вацахь, луш ду цунна баттахь 3000 сом. Билгалдоккху, стаг кхело оцу орденах ваккха тарлуш хилар, амма мехкан куьйгалхочун бакъо ю совгIат меттахIоттор, нагахь санна стагна реабилитаци йинехь я цуьнгара даьлла зулам доккха дацахь.

Сокуров Александр
Сокуров Александр

И совгIат дина ву орцан министраллерчу Эльбрус-ломан лехамийн-орцан тобан куьйгалхо Гулиев IабдуллахI а, Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Къилбаседа Кавказерчу полисхойн корматалла лакхаяккхаран институтан куьйгалхо Шхагапсоев Заурби а, мехкан парламентан депутат Кебеков Владимир а, кардеолог Акчурин Ренат а, махкара Олимпан чемпионаш а.

И орден елла ву Оьрсийчохь гоьваьлла волу лор-академик Чазов Евгений а, кинорежиссер Сокуров Александр а, Оьрсийчоьнан президентан администрацин куьйгалхочун гIовс Козак Дмитрий а, берийн омбудсмен лаьттина Астахов Павел а.

Ставропол-мохк

Ставропол-мехкан шиъ ду лаккхара совгIат: "Ставропол-мехкан Лараме вахархо" мидал а, федералан седа дагабоуьйтуш юкъаяьккхина "Ставропол-мехкан къинхьегаман турпалхо" мидал а. Ший а совгIат юкъадаьлла губернаторан даржехь Черногоров Александр волчу муьрехь, 2000-чу шерашкахь.

Хьалхарниг ло " профессионализм, юкъараллин болх, гуманитаран гIодар, пачхьалкх чIагIъярехь эвсаралла, экономика, социалан агIонаш тоярехь, Ставропол-мехкан цIе пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а лаккхара гайтинчу вахархочунна".

Губернаторан шарахь шина стагна бен яла бакъо яц и мидал, ахча ло цуьнца цхьаьна 100 эзар сом. Нагахь санна стаг велча и совгIат деш делахь, гергарчарна луш дац ахча.

Оцу мидалан сурт иштта ду: йоьза трапеци, тIедиллина васт – регионан герб. Мидал ю мехкан байракхан можа-кIайн-можа дарин тIийрига тIехь.

"Ставропол-мехкан къинхьегаман турпалхо" мидал ло махканна хьалха къинхьегаман лаккхара хьуьнар гайтинчунна. Шарахь итт стагна бен ца ло иза. Ахча дац цуьнца луш, амма йина ю мидал 585-гIу тIегIан 21 грамм дешех.

2019-чу шарахь Ставропол-мехкан Iедало яйтина 44 мидал, уьш еш даьлла 2 млн сом гергга ахча, я 45 эзар сом хIораннах.

Кхарачой-Чергазийчоь

2015-чу гарахь дуьйна Кхарачой-Чергазийчоьнан лаккхара совгIат ду " Кхарачой-Чергазийчоьнан республиканна гIуллакх дар" орден.

Пхеасонара седа бу иза, бо могIарчу металлах дешин а, детин а басахь. Юккъехь ду Эльбрусан сурт, буха диллина йоза ду "ГIуллакх дарна", гонах – къоман бустамийн кепехь "Кхарачой-Чергазийчоьнна".

2018-чу шеран тендерехь и орден йийриг луш гойту 2200 сом, орденан ботт ю 900 соьман меха, ткъа тоьшалла кечдийриг – 300 сом. Эцнарг яра хIетахь 100 орден.

Орден дуьххьара еллачаралахь ву Кхарачой-Чергазийчоьно дуккхаза а депутат хаьржина волу Михайлович Муратхан, Оьрсийчоьнан Хьакъдолу гIишлошъярхо Озов Анатолий, мехкан лараме лор Позднышева Ольга, мехкан куьйгалхочун гонерчу къанойн кхеташонан куьйгалхо Татаршао Рема, халкъан хьехархо Хапаев Адамей.

ГIалгIайчоь

1997-чу шарахь дуьйна ГIалгIайчоьнан лакхара совгIат ду "ГIуллакх дарна" орден. Ялхсонара, 30 зенар йиллина, юккъехь дешех кхелина республикан вастехь ю иза. И детин орден мехаца уллуш ю бедарх. Елла ца Iа махкахошна а, федаралан тIегIанарчу наханна, кхаьчна Урдунан воьалгIачу паччахьна IабдаллахI ШолгIачунна а тIехь. Дуьнанюкъарчу политикера нах бу гIалгIайн лаккхара совгIат делла политикаш бу Британехь а, Казахстанехь а, Чехехь а.

Урданан паччахь IабдуллахI 2-гIа
Урданан паччахь IабдуллахI 2-гIа

ГIалгIайн "ГIуллакх дарна" елла Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташонан хьалханчина Гайнутдин Равилна а, ЛДПР партин лидерна Жириновский Владимирна а, эшаршлакхархочунна Кобзон Иосифна а, нохчийн актерна Омаев Дагунна а, Оьрсийчоьнан паччахьийн цIуй ша лоручу Мария Владимировна а, Оьрсийчоьнан премьер-министраш хиллачу Степашин Сергейна а, Черномырдин Викторна а, тIеман министрна Шойгу Сергейна а. И совгIат кхачийра веллачу Советан пачхьалкхан инарла секретарна Хрушев Никитина, цо депортациера вайнах цIаберзорна.

2021-чу шеран юьххьехь ГIалгIайчоьно и орденаш яйтира шена 400 эзар соьманна. Кузбассерчу "Золотое руно" ("Дешин тха") фабрикехь йира уьш орденаш.

Дагестан

Луларчу мехкашкахь ерриг ю Дагестанан коьрта орден - "Дагестанан республиканна гIуллакхдарна". 2008-чу шарахь юкъаяьккхира иза. Цуьнца цхьана ло 50 000 сом. Инфляци хилча а бац хийцалуш оцу ахчан барам.

14 зIенар тIехь йолу седа буи за. Бо детех, юккъехь – дешица кхелина Дагестанан васт. Йистошца, гонах яздина ду "Сий, доьналла, дозалла". Орденан сурт кхоьллинарг ву Дагестанан халкъан суртдиллархо Газимагомедов ГIамзат.

Нурмагомедов Хьабиб
Нурмагомедов Хьабиб

Оредн кхаьчнарш: UFC-н чемпион хилла Нурмагомедов Хьабиб (шозза), цуьнан тренер а, да а Нурмагомедов Iабдулманап, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, махкарчу футболан тобанехь йоццачу хенахь левзина камерунхо Это’о Самюэль, сенатор Каримов Сулиман, Оьрсийчоьнан вице-премьер Голикова Татьяна.

Каорарчу беттан юьххьехь махкарчу Iедало 30 орден яйта (цхьаьнан мах - 8,5 эзар сом) ахча хьажийна.

Нохчийчоь

Меттигера совгIаташ комаьрша доькъу мохк бу Нохчийчоь. Республикехь таханенна ю еа тайпанара орден а, оццул мидалш а.

Коьрта орден ю республикехь мехкан куьйгалхочун ден, хIинца воцуш волчу Кадыров Ахьмадан цIарах орден. 60 грамм 750-тIегIанера деши доьду и ордан еш, бIе сов лепа деза тIулгаш ду гонах – рубин, сапфир, бриллиант (5 карат гергга тIулгаш). Бедарх Кадыров Ахьмадан сурт тIехь долу орден уллу мехаца. 2004-чу шарахь, Кадыров Ахьмад вийна кхо бутт бузуш юкъаяьккхина и орден.

"ЛартIахь дуй, пачхьалкхан бюджето кхобучу регионо могIара орденаш-мидалш юкъаяьхна ца Iаш, дешех, дезачу тIулгех дина лаккхара совгIат-васт арахецар? Хаамийн гIирсашкарчу суьрташа тоьшалла дарехь, Оьрсийчоьнан совгIател а лакхахь лелайо шайн бедаршца и "орден" Кадыров Рамзана а, кхечара а", - бохура "Совершенно секретно" газетерчу цхьана артикло ("Сепаратизман бриллиантан седарчий") 2011-чу шарахь.

Орден елла бу шуьрра бевза политикаш, хьаькамаш – Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан куьйгалхо Лебедев Вячеслав, Кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхо Патрушев Николай. Вуно дукха бу и орден кхаьчнарш, амма вац царалахь Путин Владимир.

Ямадаев Сулим
Ямадаев Сулим

Нохчийчохь тIом эвсара барна елла и орден регионехь эскарийн буьйранча лаьттинчу инарлина Трошев Геннадийна, махкарчу хьалхарчу тIамехь Ичкеригахьа хилла, шолгIа тIом болалуш Оьрсийчоьнехьа ваьллачу "Малхбале" батальонан куьйгалхочунна Ямадаев Сулимна (вийра иза Кадыров Рамзанца дов даьлча ша веддачу Iаьрбийн Эмираташкахь 2009-чу шарахь).

" Кадыровн орден еллачунна кхочучу низаман а , социалан гарантех" цIе йолчу низамца а догIуш, Нохчийчоьнан Iедалан хьукматашна чуваха некъ боьллу оцу ордено. Баттахь 5 эзар сом ло совгIат долчунна, иза велча, и ахча кхачадо доьзална.

2020-гIа шо доьрзуш Нохчийчоьнан Iедало ийцира Кадыров Ахьмадан 15 орден, хIораннан мах бара 320 000 сом. 10 миллион сом дайъира уьш йойтуш, тендерехь тоьлларг вара Киров гIалара дешин пхьар Гордин Иван.

Къилбаседа ХIирийчоь

Къилбаседа ХIирийчоьнан коьрта совгIат ду "Ирыстоны намыс" ("ХIирийчоьнан сий") орден. 2009-чу шарахь юкъаяьккхина иза. 12 са болу седа. Нохчийчоьнан орденца юстийла а дац иза – йина никель кхелинчу йоьзах, кхелина дешин ю тIера зIаьнарш а, цIокъберг а. Орденна юккъехь ю мехкан герб а, оьрсийн а, хIирийн а меттанашкахь яздина "ХIирийчоьнан сий". Орденан метта лело луш хуьлу цуьнца цуьнан жима копи а.

№1 орденаш кхобу Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйга кIел. Иза елла ву 13 стаг, 5 ву царех спортхо а, церан тренераш а. Масала, и орден лелош ву Оьрсийчоьнан футболан тобан тренер Iийна Черчесов Станислав.

Черчесов Станислав
Черчесов Станислав

И орден коьртаниг елахь, цул лахара ю "ХIирийчоьнан сийнна" мидал. Амма цуьнан мехалла йожийна меттигаш ю махкахь. Иза елла вара, масала, халкъо шена духьал протест латточу "Электроцинк" индусрин хьукматан директор Ходыко Игорь а, ахчанаш даарна дуьненан лехамашка велла волу Буьрийтера экс-мэр Дзантиев Сергей а, 40 миллион сов сом лачкъорна 6,5 шарна набахте хьажийна волу Дагестанан экс-премьер Гамидов Iабдусамад а.

***

Регионашкахь шайн-шайн орденаш, мидалш леларо юридикан чолхенаш дуьхьалйоху Оьрсийчуьрчу совгIатдаран системина.

Президентан администрацин белхахо хиллачу Кокуринова Ольгас бахарехь, орденаш лучу мехкаийн куьйгалхоша лар ца до пачхьалкхехь совгIаташ дарца кхолладелла ламасташ.

Мекхашкахь шайн-шайн "лаккхара" орденаш хилар ца догIу пачхьалкхан низамашца, регионаш луш хуьлийла дац пачхьалкхан совгIаташ, Федерацин дакъойн карахь хуьлийла дац пачхьалкхан цIарах орденаш екъар, аьлла хета юридикан Iилманийн докторна Трофимов Егорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG