ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тхо иттаза кIезиг дара царел". Саакашвили Михаила дуьйцу тIамах лаьцна


Гуьржийчоь -- Гуьржийчоьнан президент Саакашвили Михаил а, Францин президент Саркози Николя а зорбанан конференцехь, Тбилиси, 08Гезг2008.
Гуьржийчоь -- Гуьржийчоьнан президент Саакашвили Михаил а, Францин президент Саркози Николя а зорбанан конференцехь, Тбилиси, 08Гезг2008.

10 шо хьалха Марсхьокху-бутт болалуш Гуьржийчоьнан а, ша пачхьалкх хилар шен лаамца дIакхайкхийначу Къилба ХIирийчоьнан а юкъаметтигаш чIогIа галйевлира. Марсхьокху-беттан 7-чу дийнахь цу хенахь Гуьржийчоьнан президент хиллачу Саакашвили Михаила омра делира къилба-хIирийн сепаратисташна дуьхьал операци дIаяхьарх лаьцна. Гуьржийчоьнан эскарша яккхийн тоьпаш йиттира Цхинвали, цул тIаьхьа тIеман ницкъаш гIоьртира цу республикан ерриг а территори дIалаца.

Амма сепратисташна тIехIоьттира Оьрсийчоь. Оьрсийчоьнан президенто Медведев Дмитрийс Марсхьокху-беттан 8-чохь тIеман операци йолийра "Гуьржийчоьне машарбайтар" цIе йолу.

Гуьржийчоьнан официалан версица, тIеман конфликт йолаелира Марсхьокху-беттан 7-чу буса, хIирийша, гуьржийн ши машарбархо а лазош, Авневи эвла яккхийн тоьпаш еттарца.

Муха йолаелира 2008-чу шарахь Марсхьокху-баттахь Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а тIеман конфликт? Аьтто барий-те иза ца хилийта? "Настоящеев время" телеканало цунах лаьцна къамел дира Саакашвили Михаилца.

Кху деношкахь дагалоцуш бу Къилба ХIирийчу эскарш хьажийначу Оьрсийчоьнна а, Гуьржийчоьнна а юкъахь 10 шо хьалха хилла тIом. Хьуна хIун аьлла хета, хIинца юй Гуьржийчоьнан Оьрсийчоьнах ларъяларан стратеги?

– Яц, халахеташ делахь а. Вай кхета деза 2008-чу шарахь Оьрсийчоь тIегIортаран Iалашонех. Оьрсийчоь Гуьржийчоьнна пачхьакхан санна тIелетта хилла ца Iаш, цуьнан пачхьалкхаллана тIелатар динера цо. ХIунда аьлча цуьнан пачхьалкхалло проблемаш кхоллара Москохна, кхиаме реформаш дIаяхьарца а, кхечуьнца а. Цу хенахь Iалашо яра Тбилиси дIалаца а, Iедал хийца а, Гуьржийчоь йозуш йоцу пачхьалкх санна хIаллакъя а.

– Хьоьга дуккхазза а хиттина, 2008-чу шарахь дIадолийнарг мила вара бохуш. ХIинца муха жоп лур дара ахь, цу хаттарна?

– ДIадолийнарг мила вара бохург хIун ду? Буьззинчу барамехь Iовдало а, хьекъалх тиллачо а бен дуьйцур дац Гуьржийчоьно тIом болийна бохуш.

– Хетарехь, и тIом бахьана долуш вуно доккхачу халахетарх чекхбевлла гуьржий. Юха тIом боло мегаш ву аьлла волу политик къобул вийр вац наха. Иштта дуй иза я дац?

– Иза бакъ дац. Оьрсийчоь яра иштта хьал кхолла лууш ерг. ТIом, бакъ ду, бохам бара. БIеннаш адамаш кхелхина. Иттаннаш эзарнаш неха дезна шайн хIусамаш йита. Уьш дIакхетта 90-чу шерашкахь дуьйна болчу мухIажарех. Гуьржийчоьнан Iуналлера яьлла Абхазехь шен хиллачу территорех а, Цхинвалан регионах (Къилба ХIирийчоьнах) а.

Цуьнца цхьаьна, суна хетарехь, гуьржийн хьекъал алсамдаьлла. Уьш кхеташ бу, иза Путина еш йолу шантаж хиларх: "Кхисса ма ло, оха эр ду шоьга, мила харжа веза, мила – ца веза. Иза аш ца дахь кхин некъ бац шуна". Цунах гуьржий чекхбевлла.

– Ткъа эскархой буй Гуьржийчохь, Туркойчохь санна, Iедалан мукъ шайн кара а эцна, дерриг а кхечу агIор дерзо кийча болу?

– Ахь дукха питане хаттар ло.

2008-чу шарахь хилла эскархой а, хIинца берш а тайп-тайпана эскархой бу аьлла-м ца хета хьуна?

– ХIа-хIа. Гуьржийчохь бисина хIинца а тIеман ницкъаш, хьалха хиллачаьрца буьстича дIоггара дика бацахь а. Полици а йисина, хьалха хиллачуьнца юьстича эшам хилла ялахь а. Пачхьалкхан институташ а йисина, уьш хIинца кхуьуш яцахь а.

Халахеташ делахь а, цигахь юха а юкъаяьлла коррупци. Со ала гIертарг хIун ду? ТIеман сацам бац цу конфликтан. Тхоь олу: "2008-чу шарахь Гуьржийчоьно тIом болийра". Амма тхан тIом бан таро йолу коьрта бригада цу хенахь Иракъехь ма яра. Нагахь тхо тIом бан дагахь хиллехь оха иза мичча хенахь а цIаялор ма яра. Iамеркахошца цу тайпа барт ма бара оха бина. Амма оха иза цIа ца ялийра.

Цу хенахь тхан ерриг а арми, баккъалла а аьлча, меттахъяла доьналла долчу юьззина йоцчу кхаа бригадех лаьтташ яра. Шу кхетийта боху ас, гуьржийн эскархой иттазза кIезиг бара, Оьрсийчоьнан Къилбаседа Кавказехь маневрраш ян баьхкинчул тIаьхьа цIа баха "дицделла" цигах хиллачу Оьрсийчоьнан гIашсалтийн ницкъел а. Тхо иттаза кIезиг дара царел. Цундела, хила ма доггIу, цу хенахь а дацара Гуьржийчохь тIамца гIуллакх чекхдаккха гIортар, хIинца а дац иза.

ТIамца и хаттар дерзалур дацахь, ткъа хIун некъаш ду иза дIадерзо, ахь иза хьахийна хиларна хоьтту ас?

– 2008-чу шарахь Гуьржийчоь кIелхаьряьккхинарг ду. Европерчу пачхьалкхийн 7 лидер веара кеманца, Путин кхерамаш туьсуш а волуш, ша бомбанаш тухур ю бохуш, уьш тхоьца митингехь лаьттира. Уьш Гуьржийчу баьхкира, шаьш церан кема чудоуьйтур ду, бохуш кхерамаш туьйсуш Оьрсийчоьнан эскаран векалш а болуш. Ас вуьйцург президент Качиньский ву. Саркози а веара, цул тIаьхьа Меркел а, кхин берш а баьхкира. Амма цу хенахь Гуьржийчоь мехала яра, тхан дипломатин цхьаала яра.

Халахеташ делахь а, тхо дIадевлла яккхийчу пачхьалкхийн радарашкара. Гуьржийчоь дукха пайда боцу пачхьалкх хилла дIахIоьттина. ХIинца иза дукха атта Iаткъам бан таро йолу пачхьалкх ю. Гуьржийчоьнга тIамца дIадерзалур дац шен латтанашца доьзна хаттар. Цхьа некъ бен бац цу тайпачу жимачу пачхьалкхана. Иза бу дипломатин дакъа кхочуш хилар а, кхечарна таме хилар.

Халахеташ делахь а, иза хIинца доцуш ду. Цундела оха, мел лаххара а, иза меттахIотто деза.

* * *

Гуьржийчоьнна а, Оьрсийчоьнна а юкъахь тIом эккха тарлуш хиларан бух кхоллабелира 90-чу шерашкахь. Абхазино а, Къилба ХIирийчоьно а дIакхайкхира шаьш Гуьржийчоьнах йозуш йоцуш хилар. Оьрсийчоьно гIортор йира сепаратисташна.

Гуьржийчоьно и ши регион шайн республикаш ларара. Амма уьш шен Iуналле эца баш гIерташ а яцара иза. Хьал хийцаделира Гуьржийчохь президентан харжамашкахь Саакашвили Михаил тоьлча. Цо юьхьарлецира Гуьржийчоьнан цхьаалла юхаметтахIотторан курс. Оццу хенахь Оьрсийчоьно паспорташ декъадолийра Абхазехь а, Къилба ХIирийчохь а. Эххаре а Оьрсийчоьнан паспорташ дара 2/3 а абхазойн а, 80 процент хIирийн а.

Официалан кепара 2008-чу шарахь хилла тIом дIабирзира Марсхьокху-беттан 16-чу дийнахь.

Цхьана кIиранах вийра 400 сов гуьржий, Оьрсийчоьнан агIонан дараш дара 70 стаг. ТIом дIабирзича Оьрсийчоьно офцициалан кепара къобал дира Къилба ХIирийчоь а, Абхази а йозуш йоцуш хилар. Оьрсийчоьнан Iедалша гIо дира цу шинна Гуьржийчоьнца "доза" къасто.

Оьрсийчоьнна тIаьххье Къилба ХIирийчоь а, Абхази а къобал йинарг яра кхин а 6 пачхьалкх: Никарагуа а, Венесуэла а, Науру а, Вануату а, Тувалу а, Шема а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG