ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь уггаре даьржинчех 10 зулам


Нохчийчуьрчу Iедало махкахь криминалан хьал тоделла боху, амма болх боцуш ца юьсу республикера кхелаш.

Тахана Нохчийчохь долчу Iедало шен кхиамаш буьйцуш билгалдоккхуш ду республикехь тIаьхьарчу 10-х шарахь криминалан хьал тоделла хилар. Машен, догIа а ца тухуш, йитина паргIат хьайн гIуллакх дан дIаваха мегар ду бохуш, тоьшаллаш до республикерчу бахархоша.

Делахь а болх боцуш ца юьсу Нохчийчуьра кхелаш. Ткъа муьлш бу церан клиенташ? Хьовсур вай уггаре даьржинчех 10 зулам муьлхарниг ду Нохчийчохь.

1. Харц хир дац, тIом дIабирзина дукха хан ялахь а, цуьнца доьзна бехктакхаман гIуллакхаш хIинца а толлуш а, кхеле кхачош а ду аьлача. Царах цхьаъ ду тIемалой бу бохучу я тIемалой хиллачу нахана гIо динарш кхеле ийзор. Ши кхо шо хьалха санна хьал дацахь а, тахана а малбала йиш йолуш бац Нохчийчохь ши тIом боьдуш тIемалочун ур-аттала бепиг юхк кховдийна болу а нах. Царна юкъахь хуьлу зударий а.

2. Цу кеппара доккха зулам ца ларахь а, Iедалша тIе тидам бахийтина гIуллакх ду оццу тIемалойх доглозуш яздинчу дешнаш тIехь даьхна иллеш а, кхин йолу литература а зорбане яккхар. Къаьсттина иза хьакхалуш ду Муцураев Тимуран эшарех.

Бутт а бац рогIера Нохчийчуьра вахархо и бахьана долуш жоьпе озийна. Ткъа Мангал-баттахь Муцураев эшарш интернетехула яржорна, Нохчийчохь бехкевира Баскаев Мохьмад-Салахь а, Алиев Рамзан а.

Кхин а цхьа кIира хьалха оццу Муцураевн эшарна тIехула дов айдира Нохчийчуьрчу вахархочун Сулейманов Илесана дуьхьал а. Иттаннашкахь бу оцу бардан эшаршка ладогIарна а, уьш яржорна а таIзардина нах.

3.ТIаьхьарчу хенахь Нохчийчохь алсамдаьлла банкашца доьзна зуламаш дар. Иштта кху деношкахь Нохчийчохь жоьпеозийна алап схьаоьцуш лелош долу картанаш доьхкина волу Соьлж-ГIаларчу банкан декъан куьйгалхо. Царах пайда а оьцуш, харцонца банкера схьаэцна 189 миллион сом.

Амма уггаре а девзаш долу гIуллакх ду Сбербанкан Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочуьнца Джабраилов Сайд-Мохьмадца доьзнарг. Iедалан ахчанца бозбучаллаш лелорна Нохчийчуьрчу Iедалша бехктакхаман гIуллакх долийна цунна дуьхьал.

Цара чIагIдарехь, банкиро, бакъо а йоцуш, ахчанца схьаэцна дIасаделла цхьа миллиард сов сом. Хьалхо зорбанан гIирсаша цуьнгара 30 миллион сом даккха гIоьртина Нохчийчуьрчу парламентан спикер Даудов Мохьмад аьлла, хаам бинчул тIаьхьа хилла ду иза.

4. Коррупци лелорца доьзна гIуллакхаш а хуьлу Нохчийчуьрчу кхелаша толлуш. Иштта коррупци лелорна бехк а биллина, меттигерчу яхархочунна, иза заьIапхо хиларан тоьшалла деш кехат лург 30 эзар сом кхаъ тIебожорна бехкейо Соьлжа-ГIаларчу дарбан цIийнан лор-терапевт.

Полисхойн декъе арз чу а делла, Iедалца бертахь лор гучуяккхархьама дIахьочу барамашкахь дакъалаьцна яхархочо аьлла, хаамбо регионерчу Талламан комитето. Байначу баттахь иштта шен даржехь харцо йина Нохчийчуьрчу цхьана дарбан хIусаман коьрта лор кхеле озийнера республикехь. Талламхоша даредарца, махкахь диспансеризаци ечу хенахь карти тIе харц хаамаш язбарна бехкевина иза.

5. Кега-мерза къоланаш дарх лаьцна хаамаш а нисло Нохчийчуьрчу криминалан хроникехь. Дукхачу хьолахь и къоланаш динарш дохко бовлий шаьш полицина тIебогIуш меттигаш а нисло.

Иштта, кху деношкахь Оьрсийчоьнан МВД-н Соьлжа-ГIалахулачу урхаллан оперативан декъе еана 19 шо долу йоI, ша къола дина хиларх лаьцна мукIарло дан, хаам бо республикерчу полицин зорбанан сервисо. Цо дийцарехь, Стигалкъекъа-беттан тIаьххьарчу деношкахь Соьлж-ГIалахь Р. Люксембурган урамехь туьканчура "Самсунг S-5» олу мобилан телефон лачкъийна хилла цо.

6. КIомал лелорца доьзан зуламаш а ду Нохчийчохь шуьйра даьржина. Оьрсийчоьнан МВД-н Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо хIора денна аьлча санна хаамаш баржабо, кисанахь 20-х грамм кIомал йолу стаг лаьцна полисхоша олий. И зулам шуьйра даьржина хилар даре до меттигерчу Iедалша.

Нохчийчуьрчу бахархошна дагадогIу хир ду 2015-чу шарахь цхьана йоццучу хена чохь полицино ерриг а Къилбаседа Кавказехула лецна наркотикех пайда эцарна бехке веш волу 300 гергга стаг Кадыров Рамзанна хьалха хIоттийна хилар.

7. Вуно дукха бохамаш хуьлу Нохчийчохь некъахьовзамашца боьзна. Кху беттан 5-чу дийнахь ГИББД-н республикерчу белхахошца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь парламентан спикеро Даудов Мохьмада ялийра цу хьокъехь статистика. Цо дийцарехь, 2017-гIа шо даладелчхьана республикан некъаштIехь хиллачу 122 некъахьовзамехь вийна 50 стаг, шайна юкъахь 5 бер а долуш.

8. ТIом дIабирзина дуккха а шераш девллехь бахархойн карахь хIинца а ду дуккха а герз. Цундела ларамаза дац бакъо йоцуш герз лелийна стаг лаьцна шаьш олий полицин белхахоша хаамаш баржор. Цу нахана мелла а дай таIзар дан гIерта Iедалш, хилларг Iедална кхераме дац аьлла, сацам хилахь. Амма наггахь луьра таIзар деш меттиг а нисло герз латторца доьзна бехктакхаман гIуллакхаш толлуш.

Иштта стохка Охан-баттахь Ведан кIоштарчу суьдо, 8 шо хан а тоьхна, чувоьллина меттигера вахархо Исрапилов Ахьмад. Иза бехке вина тIеман тоба кхолла гIортарна. Исрапилов лаьцнера Iедалша стохка Гезгмашин баттахь ЦIе Веданахь, Туркойн пачхьалкхехь тIемалошна гIо а дина, цIахь тIеман тобан вовшахтоха дагахь хилла аьлла. Цул сов цунна бехке диллинера 2002-чу шарахь дуьйна шен цIахь Ф-1 олу граната латтийна хилар.

Generic -- grenade F1
Generic -- grenade F1

9. Наггахь нисло Нохчийчохь вуно ша-тайпа тамашийна зулам дар. Кхо-диъ шо хьалха полицино лецира "Грозненский водоканалехь" бухгалтер болх беш хилла Юсупова Тамила. Иза гIоьртинера ахчанах шайн хьаькаман когаметта Чекуев Аслан вейта. Цу кепара иза хьул дан дагахь хиллера ша балхатIехь лачкъийна ахча. Амма цо лаьцначу стага, полисхошца юкъаметтигаш а лелош, Чекуев вийна аьлла кеп а хIоттийна, гучуяьккхинера зуламхо.

10. Уггаре а кхераме зулам лоруш ду ала мегар ду Нохчийчохь Шема а, Иракъе а, тIаме вахар хьовха, цига ваха дагадар. Иштта ДАIИШ тобанах дIакхеттачарна а, цаьрца уьйрашкахь хиллачарна а дуьхьал даьккхина 463 бехктакхаман гIуллакх ду Нохчийчохь, 340 гергга стаг дуьненаюкъарчу лехамашкахь ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG