ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

please wait

No media source currently available

0:00 0:05:56 0:00
Линкана тIе

Сурт ца гича а, хIара аз ца девзаш кIезиг нах хир бу, Нохчийчохь хьовха, ерриг а Оьрсийчохь а бардийн кхолларалла дукха езачу нахана юкъахь. Муцураев Тимур - тIемало, поэт, композитар, илланча.

20 сов шо ду цуьнан аз дека цкъа дуьхьара тIеман аренашкахь, тIаккха магнитан ленташна, цул тIаьхьа CD дискашна, ткъа хIинца, коьртачу декъана, интернетехь иттаннаш сайташна а тIехь а, социалан машанийн агIонашкахь а.

Оцу хена чохь Муцураевн кхоллараллица жигара къийсам дIахьош ю Оьрсийчоьнан низамаш лардон система: полисхой, талламан комитетан белхахой, прокурораш, суьдхой.

Шен хенехь, Нохчийчуьрчу Iедалхоша хьовха, луларчу ГIалгIайчоьнан президенто Зязиков Мурата а цхьаьна, дихкинера Муцураевн эшаршка ладогIар а, уьш яржор а.

Уьш тIехь йолу кассеташ а, дискаш а мегаш дацара дохка гIалгIайн базаршкахь. Амма цуьнга хьажна доцуш, ГIалгIайчохь декаш дара Муцураевн аз, ткъа Нохчийчохь цуьнан эшарш лоькхуш бара тIамехь дакъалоцуш болу гIазакхийн салтий.

Кхин а иттех шо даьлча Iедалша жигарбаьккхира Муцураевн кхоллараллица шаьш беш болу къийсам. 2010-чу шарахь Товбеца-беттан 30-чу дийнахь экстремизман материалийн федералан тептар карладаьккхира Оьрсийчоьнан юстицин министралло. Цу тIехь яра Муцураевн 20 сов йиш, Цу эшаршна юкъахь яра:

- «И распахнутся ворота...»

- «В мечтах и грезах смутно виден Рай...»;

- «Мир, содрогнись и на колени встань...»;

- «Звучит Коран, ему внимают нахи...»;

- «О Аллах, Мир окутан страшной мглой!...»;

- «Нам ниспослана милость от грешных услад...»;

- «Багрово на закате солнце...»;

- «Пустынны улицы аварского села...»;

- «Агрессоры в селе Алхан-Кала...»;

- «Тюрьма племен, империя-палач...»;

- «Спустилась тьма, безмолвие в горах...»;

- «Туман над горами встает...»;

- «Вставай Чечня, пора в поход!...»;

- «Снова начинается день...»;

- «В бой сыны Кавказа, лучшие сыны...»;

- «Чеченцы, услышьте, услышьте мой зов...»;

- «Ночь холодна, опасен путь...»;

- «Черных дней череда, трудный час наступил...»;

- «По меньшей мере, войны шли лет триста...»,

- «Еще один рывок, еще рывок вперед...».

(Цхьайолчу эшарийн цIераш церан хьалхарчу могIанех хIиттийначух тера дара талламхоша).

Муцураевн эшарш экстремизман ю аьлла сацам бинарг яра Кемеров махкара Юрга гIалан суд.

Суьдан дехарца, Муцураевн кхоллараллана экспертиза йинера Кемеровн пачхьалкхан университето. Цо бинчу сацамна тIехь аьлла ду, цхьайолчу тексташкахь экстремизман чулацам хилар ца карийна шайна аьлла.

Карарчу хенахь Оьрсийчоьнан юстицин министралло шен сайта тIехь зорбане даьккхинчу тептарна юкъатоьхна ю экстремизман ю аьлла 17606 материал.

Ткъа экстремистийн материалийн дай бу аьлла уггаре а дукха хьехийначу нахана юкъахь ву ала мегар ду Муцураев Тимур. Бай таллам бича 9-зза суьдаша инчу сацамца гучуйолу цуьнан цIе.

Иштта 2015 шарахь Товбеца-беттан 7-чу дийнахь Ямалан-Ненецкин гонан Ноябрскан гIалан кхелана ца тайнарг яра инетрнетехь карийна масийтта материал, шайна юкъахь «Тимур Муцураев» – Оппозиционер.wmv» а (http://www.youtube.com/watch?v=oiQ5iitl41s), «Посвящается предателям Чечни» а, (http://www.youtube.com/watch?v=9rQ9PK6dgEw) йолуш.

Цул сов, Муцураевн эшарш яржор доьхкуш сацамаш бина цхьамогIа тIеман гарнизонийн а, Сочера Адлеран кIоштан а, Петарбухерчу Петродворецан кIоштан а, Ростох Первомайн кIоштан а, иштта дIа кхин а сьудаша.

Амма Iедалша экстремизм ларахь а, уьш лекхар а, керланаш язъяр а Муцураевс дитинехь а, цуьнан эшарш а, иллеш а даьржаш ду. Кегийрхойн керла чIор ду цуьнан эшарш шайн караэцна лоькхуш.

Иттаннаш а видеош ю интернетехь Оьрсийчуьрча бахархоша Муцураевн эшарийн аккордаш гойтуш а, и эшарш лакха Iамош а яьхна. Масала, хIара Сергей Бондаренко цIе йолу стаг ву шен каналан хьовсархой Оьрсийчохь уггаре а экстремизман лоручу эшарнша юкъатоьхна йолу Муцураевн "Иерусалим" йиш гитарица муха лакха еза гойтуш а, дуьйцуш а.

Цуьнца цхьаьна алсамдолуш ду Муцураевн кхолларалла бахьанехь суьдаша таIзарш дечу нехан терахь. Иштта Чиллан-баттхь Тольятти гIалахь суьдо таIзар дира меттигерчу вахархочунна, вай лакхохьа хьахийна "Иерусалим" йиш социалан машанашкахь яржона. Шинарин дийнахь изза таIзар дина Соьлж-ГIаларчу вахархочунна а.

Ткъа 2017-чу шарахь Муцураевн эшарш интернетехь яржорна жоьпе озийра лаххара а 6 стаг.

ТIейогIучу аьхка стенгахь садаIа дагахь ду шу?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG