ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Диктатурин накъост - коронавирус. Сидорова Галина – Путинан локдаунах лаьцна


Сидорова Галина
Сидорова Галина

Оьрсийчоь ю юха а чуюллуш. Карантинна. Цамгар кхеттачийн терахьаш ду вуно ирча. Декъийн дукхалло Iадаво. "Крымнаш" мехкан Iедал ду шело латтош долу даккхий рагIош оьцуш, маьIна мухха а делахь а, меттигерчу могашаллин министран гIовса ма-аллара, дIавуллучу стеган "куц-кеп лартIахь дисийта". Думин харжамийн барам бирзича чусадеъна хьийзачу Путин Владимира деладенна арахоьцу Iедало халкъан доладеш гойту дехкарш. Дукха хан йоццуш цо, протестхойх лаьцна, "дукхахберш бац набахтехь" аьлла йина аьшнаш дага а лоцуш, ала йиш ю кхин а кIоршаме: "Дукхахберш бисина баланза".

Пандеми йолаелчхьана схьа Iедал, цкъа массо а карантине ховшош, юха Путинна даржехь виса магочу бараме я депутатийн харжамашка лохкуш, шена эшча, нах митинге гулбеш лелар дагалаьцча, шеко кхоллало, дуй-те и Iедал цамгар эшон гIерташ а, олий. Цхьана агIор, Путинна боккха аьтто баьлла вирус "шен хеннахь" дуьнентIе яьлла. Иштта нисло Кремлан таханлерчу долахойн бIаьргашца хьаьжча – вирусах бахьана а дина, ма-ярра йолу политикан локудаун гIаттийна цара: оппозици хIаллакйина, харжамаш юьззина фейк ю, журналистех, бакъонашларъярхойх, жигархойх "арахьара агенташ" бина, юкъараллах – уьшал.

Тергамбар, чуволлар – коьрта дешнаш ду Путинан Iедалехь. Атта ду евзаш йоцчу цамгаро Iадийначу я Атлантикан тIеман альянс тIелатарна кхоьручу, я муьлххачу а хенахь стаг охьатаIо, дакъазваккха, цуьнгара дерриг а – маршо, ахча, ур-атталла дахар а - дIадаккха тарлучу ницкъхойн куьйга кIел биса цалуучу наханна тIехь урхалла дан, уьш охьатовIо.

Пачхьалкхо чоьхьара "оьзда бахархой" дIакъестабо мостагIех -"арахьарчу агентех". Халкъ хердеш ду политиках, адвокаташ – шаьш Iалашбечех, Iилманчаш – дуьненаюкъарчу зIенех, бакъоларъяхой, юкъараллин жигархой, журналисташ – Оьрсийчуьра боцчу нахаца цхьаьна семинарашка, конференцешка хийшарх. Цивилан дуьненах хьуллуш ю пачхьалкх. Оцу хьелашкахь стенна оьшу Советан заманахь лелла дехкарш юкъадаха, нах ишта а бац карантинехь?!

Ала дашна, юхьанца и некъ бара Путин гIеххьачул шайх тешачу наханна къастош – дихкира Малхбузе лела ницкъхошна – кхеташ ду, вуьйш шайлахь яппарш еш, бехкамаш юьстахбуьту агIо лоьхуш хьийзара. Тахана ца оьшу цхьанненна а хIумма а дехка, мегаш ду дерриг а пандемина тIетатта. Оьрсийчуьра бахархой цхьаьнхьа а баха аьтто боцуш Iачу юкъанна, арахьарчу гIуллакхийн министралло хедийна зIенаш Атлантикан тIеман альянсца (НАТО), хедда йовлуш лаьтта уьйраш америкахошца а. РогIехь ю, гарехь, Европан Цхьанакхетаралла.

Диктатура, коронавирус а санна, кхераме ю, цо галйоккху халкъан могашалла

Оццул луьра стенна лиэта Iедал журналистех а, жигархойх а? Дера лета, стагах, цкъа цо шеггара, маьршша гIулч яьккхича, шена хеттарг дIааьлча, хуьлда иза деккъа дIа "хIан-хIа", кхин адам хуьлундела, корта таIIийна дIалела хьайба а доцуш, ас-со долу стаг хуьлундела. И тайпа нах оьшуш бацара Советийн, компартин режимехь, царна кеп-кепара гIелонаш йора. Кхераме бу иштанаш таханлерчу чекистийн-криминалан режимна. Цундела хуьлийла дац Путин коьртехь мел ву цхьана а хьесапехь "йовхо хIутту мур". Оцу маьIнехь, сов жигара болу юкъаралхой изоляце хьовсо а аьтто бина эпидемино - "санитаран хьал талхор" олу гIирс совгIатбина цо Iедална.

"Ма гIерта тхан цIентIе шайн мехаллашца", – кхайкхамаш бо Путина Валдайн клуберчу трибуни тIера. Ткъа вац ванне а, цхьа а, кхуза ван гIерташ – массо а Iа цецваьлла, воьлуш, коьрте пIелг хьийзош, сауьйзучу капитализмах, "дех-ненах юхабийларх", кхидолчу "вайн йоцчу гIаланех" лаьцна дуьйцучу инзаречу хIуманашка ла а доьгIуш. Оцу юкъанна ниIмат хьоьгуш беха, мазала бахана накхарш санна, "Оьрсийчоьнан оьзда бахархой".

Хьунхара акхаралла - масала, масканаш лело цалаар, вакцина тохарх идар - йирзина майралле, революцин суьрте, и тайпа нах, Iедал къардеш, протестехь лаьтташ санна го гонахарчарна. Ткъа Iедална-м бу вакцина емалйийраш пайде: церан резабацар дуьжу, хин тIера гIотту Iаь санна, "шакарца доьрзу", цара халкъан бIаьргаш чохь хьал "аттачу доккху".

Хетало дерриг а адам тайниг. Эвлаяаш шайн Кремлехь бу, опричникаш (тIехьажархой) – офшорашкахь, тоьлла оппозиционераш – набахтехь. "Оьрсийчоьнан оьзда бахархой" Iа шайн-шайн петарш чохь, хIусамаш чохь, бошмашкахь я Путина юха а ша дIайохур ю аьллачу Советан заманарчу лаппагIаш чохь. Эпидемино латточу гIовгIанна юккъехула кочатесна бахархошна уьш хенера баха, цхьаболучийн дахар сихха чекхдалийта лерина концепци. Кремль – эвлаяийн хIусам ю, Советан заманара лаппагIаш – Путинан замано "дIатесначийн" тховкъелонаш ю. Гарехь, президентан кхетамехь и дерриг а ду цуьнан агIоно шех "кхетаме консерватизм" олуш долу хьал.

"Цунна дIаваха ца лаьара…" – иштта эпитафи йотта мегаш йоьзанах муьлхха а диктатор дIавоьллинчу метте. Мангал-баттахь Путина NBC-на интервью луш элира, "цкъа мацца а" шен метте "кхин стаг вогIур ву, шеко а йоцуш". Цул тIаьхьа биъ бутт баьлча CNBC-н корреспонденте бохура, ша шегарчу дарже хIоттор волчух я "84 шо кхаччалц гIентахь Iарх" долчу хеттаршна жоьпаш ца ло, оцу къамелаша "ситуаци кегайо".

Ткъа хьоле хьажча гуш ду, диктатура, коронавирус а санна, кхераме ю, цо галйоккху халкъан могашалла. Iедал дIа ца хоьцуш Iийриг даржах алсам мел тийсало а, пачхьалкханна хала хир ду меттахIотта, цIанъяла. Оьрсийчухула эпидеми жигаряьлла хьийзар тидаме эцча, гуш ду вирусо шегара "корона" (таж) цкъачунна коьртахь кхобур юйла. Ткъа Оьрсийчоьнан лидеро политикехь цIийдаккхарца а, къеначу зудчун гарзбурчаллица а "дарба" латтадо махканна, цунах "даима еха мехаллаш" а олуш. Дукха баланаш бохьур бу оцу "дарбанах" йисинчу тIаьхьолоно.

Сидорова Галина – Москвара журналист

"Авторан бакъо" рубрикехь аьлларг даима а дац Маршо Радион кхетамца догIуш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG