ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дин шайна хеттачу кепара нисдо". Украинерчу тIамах "джихIад" стенна олу кадыровхоша?


Кадыровхой Киевна уллохь, архивера сурт

Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада Украинерчу тIамах "джихIад" аьлла – бусулбачу наха динан дуьхьа бен тIом. Цо дIахьедина, Украине оьрсийн чугIортарехь Нохчийчуьрчу бахархоша "ислам лардо".

Оцу кепара къамелаш дора кхинболчу нохчийн хьаькамаша а. Кадыровн хьехамча волчу Шахидов Адамна хетарехь, Украинехь болу нохчийн эскархой – "АллахIан некъа тIехь къахьоьгу муджахIидаш бу" (исламан терминологица "тIемалой". – Редакцин билг.), тIаккха цигахь байъинарг - "шахIидаш" (джихIадехь белларш. - ред.). Оьрсийчоьнан думан Нохчийчуьра депутат Делимханов Адам а ву цо бохучунна реза, цо боху, кадыровхоша Украинехь "шайтIан агIончашна" дуьхьала тIом бо, шайн къам а, дин а лардеш.

Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахьа Украинера тIом джихIад ду а олуш, бохура, лаамхойн тобанах дIа ца кхетахь, "динца цадогIург а, боьхалла а йогIур Оьрсийчу НАТО-ца цхьана", тIаккха къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада дийцарехь, нохчийн эскархоша Украинехь "европхойн моралана" дуьхьал къийсам латтабо.

Оцу дIахьедарел хьалха, зазадоккху-беттан 16-хь конференци хилира Буьри-ГIалахь, цигахь Оьрсийчоьнан бусулбачийн хьалханчаша фетва тIеийцира, Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна тIе а хIуьттуш. "Даймохк ларбарехь беллачарах а, агрессор машаре а верзош Украинехь оьрсийн тIеман операци ярехь кхелхинчу маьршачу нахах лаьцна", аьлла яра цуьнан цIе.

Къаьсттина цул тIаьхьа хилира Украинерчу тIамах, оьрсийн а, исламан моллашна хетарехь, "джихIад", тIаккха оцу тIамехь байъинчу бусулбачу нахах – "шахIидаш" а, амма дукха динан гIуллакххой оцу гIуллакхна цхьанне агIор комментариш ца йан гIерта.

IslamToday портало дийцарехь, "леррина операци" – иза моллаша йийцаре ечу темех еккъа цхьаъ яра, ткъа "баланехь болу Донбассера бахархой кIелхьарабаха беза", боху аргументаша оьрсийн президентан дешнех тера яра.

"Бехк боцу нах бойъучу меттехь – бала бу. Наханна гIо дан деза, зуламхойх, сий доцучу нахах а ларбан беза уьш", - аьлла Къилбаседа Кавказерчу бусулбачу нехан Координацин центран хьалханчас, Кхарачойн-Чергазийчоьнан муфтис Бердиев ИсмаьIила.

Моллаша тIеэцначу фетвехь яздина ду, "агрессор машаре а верзош оьрсийн Украинера тIеман операци ца ваьллачу денна йан езна ларваларан-превентиван барам бу, Оьрсийчоь а, цуьнан бахархой а НАТО-н пачхьалкхачаша а, коллективан Малхбузено лелон кечдинчу зарратан а, биологикан герзан баккъала болчу кхерамах ларбархьама", аьлла.

1941-гIа шо юха а ца хилийтархьама дина превентиван тохар дара иза

Динан гIуллакххоша шайн февехь дуьйцу, "леррина операци" – иза 1941-гIа шо юха а ца хилийтархьама дина превентиван тохар ду, амма даккхийра зуламаш деш долу герз лелочу хьелашкахь иза низамца догIуш ду, моралаца бакъдина а ду". Иштта цара исламан юьхьанцарчу исторера масалаш даладо, революци хилале Оьрсийн империна тIехIоьттина волчу, муфти лаьттинчу Султанов Мухамедьяран масала а даладо.

Оьрсийчоьнан ДУМ-н куьйгалхо Гайнутдин Равиль юьхьанца "леринчу операцех" лаьцна вист ца хуьлуш Iара, делахь а "ДНР", "ЛНР" къобалйора цо, билгалдоккху исламан талламхочо Сулейманов Раиса.

"ТIаьхьо иза тIетайра хуьлучунна, бакъду, цхьа а моллан сацамаш ца дира цо, Къилбаседа Кавказан муфтис санна, амма билгалдаккха деза, цунна а, Гайнутдинна а юкъахь цхьа конфликт ю", - дуьйцу эксперта.

Сулеймановс бахарехь, хIинца хала ду "леррина операци" къобал ца еш волу муфти лаха. Цо дагадоуьйту, Москвахь тайп-тайпанчу динан векалшца кхин а цхьаъ динан конференци гулйина хилар, цара а цхьаэшшар тIелаьцна Оьрсийчоьно лелориг – "иза дукха чIогIа кхеташ а, хир дуйла хууш а дара".

"Коьртехь латто деза, дуьхьала йолчу украинхойн агIоно а олу бусулбачу наха оцу тIамехь дакъа лацар джихIад ду", - дуьйцу Сулеймановс.

Ахмеднабиев ИсмаьIил масале валаво цо, Саситлинский Абу Iумар санна вевзаш волу. Иза эмиграцехь волу хьехамча ву, цо фетвашкара шен ойла хуьйцура.

"Дуьххьара цо олура, и тIом бусулбачийн бац, цундела бусулбачу наха цунах да хIума дац, тIаккха вуьшта дийца вуьйлира. Хьехамчас Костекский Iабдуллас юьхьанца иштта бохура, тIаккха украинхойн агIо а лаьцна, бусулбачу нахе кхайкхамаш бора, иштта Украинан агIо лаца, бохуш", - дагадоуьйту Сулеймановс.

Эксперта боху, Украинан ДУМ-н куьйгалхочо Исмаилов СаьIида иштта къобалдина Украинерчу бусулбачу наха тIамехь дакъа лацар, царах доккха дакъа – иммигранташ бу.

Практикехь исламан динан ерриг истори – иза бусулбачара бусулбачаьрца тIом бар ю

"Практикехь исламан динан ерриг истори – иза бусулбачара бусулбачаьрца тIом бар ю. Йа Османан империно Иранца тIом бора, йа Тамерлана бора Туркойчоьнца. Хетарехь, дуьхьала лаьттачу шина агIонийн имамаша а шайн динан тIедахкарш дуьйцура – динехь болу нах цхьана бахьанца иркарахIитто оьшура цигахь дакъа лацийта", - дерзадо исламан талламхочо.

Хьенан джихIад?

"Кремлна муьтIахь болчу ислам динан гIуллакххой шайна пайда баккха гIерта, хIунда аьлча, вай Украинаца тIом боьдучу хьолехь ду, цуьнан цIе мухха а яккхахь а. Кремлана Iаьржа а кIайн а гуш ду дерриг. Хьо йа цаьрца ву, йа дуьхьал ву. Ма-дарра аьлча, муфтийн кхин бовла меттиг яц", - боху Free Russia Foundation-н эксперта, экономиста Соколов Дениса.

Цунна хетарехь, Оьрсийчоьнан а, кавказхойн а агIонца дуьстича, джихIадаца цхьа юкъаметтиг йолуш бац и тIом, хIунда аьлча, "мухха хьаьжча а, Оьрсийчоь Украинана тIелеттарг ю, вуьшта дац".

Украинера тIом теорехь джихIад хила мега цуьнан дозанехь бехачу бусулбанашна

"Цхьа а ца летта бусулба нах бехачу латтанашна тIе, цхьа а ца летта бусулбачу наханна тIе, - дуьйцу эксперта. – Иштта дуьстича, ур-атталла Украинера тIом теорехь джихIад хила мега даймахкахь шайна дуьхьал лелийначу репрессех бевддачу, цуьнан дозанехь бехачу бусулбанашна. Царах доккха дакъа бехк боцуш хьийзош ду. Шемарчу тIамехь ИГИЛ-ан агIо а лаьцна тIом бинарш а бу, тIаккха Украине дIабахнарш. Иза тайп-тайпана тида а мега, делахь а, хIокху масалехь – церан махкана тIелетта".

Иштта хьежамаш болчу исламан Iилманчашна а, Оьрсийчоь Украинан латтанийн оккупант хилла а ца Iаш, Къилбаседа Кавказан оккупант санна хеташ болчу бусулбачарна-иммигранташна а тIе тидам бохуьйту Соколовс.

"Оьрсийчоьнна дуьхьал маршонан тIом, царна хетарехь, 1944-чу шарахь дуьйна болабелла, 19-чу бIешарашкахь дуьйна схьабогIуш а бу. Оццу чергазашна украинхой йа балано бина вежарий бу, йа агIончаш бу. Бусулбачарна вуно ладаме ду тIом исламан гергахь магийна хилар. Амма иза Украинан агIо а лаьцна магийна бу бохучунна алсам тоьшаллаш ду, Оьрсийчоьнан агIо лаьцначул а", - боху Соколовс.

"ТIурнене яккхар а"

ДжихIад – иза исламан дуьхьа дIагIертар ду, "амма и цIе тилла йиш ю муьлххачу а хIуманна, тIурнене яккхарна а", дуьйцу исламан талламхочо, политолога Малашенко Алексейс.

Эксперта бахарехь, бусулбачаьрга "лерринчу операцехь" дакъа лацийта бахьана эшна хиллера, тIаьхьо оцу бахьанах джихIад а олуш.

"Верриг массо хIуманах кхеташ ву. ЛартIахь волу нохчочунна хIун хета деза Украинехь "джихIад" ду аьлча? Делахь а, кхузахь цхьаъ цец воккхур волуш хIума а дац", - боху Малашенкос.

Цо бохучунна реза ву "Мысли Ислама" ютьюберчу каналан автор Белокиев Ислам. Цо бахарехь, нохчийн хьаькамаш "шайша лелориг низмехь ду моттийта гIерта".

"Шаьш бусулбачу юкъараллера схьабевлла хиларна, шайн дерриг къамел цига дерзадо цара. Цундела исламан маттахь дийца деза церан. Малхбузенан мехаллашна, керсташна, иудейшна догIург дийца йиш яц церан, хIунда аьлча, церан аудитори бусулба ю. ТIаккха иза Дала магийна "джихIад" ду баха деза церан", - дуьйцу Белокиевс.

Блогеро билгалдоккху, "дукха хан йоцуш, цара шайн къамкъаргаш этIайора, Нохчийчоьнан йозуш цахиларна дуьхьа Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бар исламо дихкина ду, бохуш, хIунда аьлча, нохчийн къам хIаллак хуьлуш ду, тIаккха кегийрхой доцучу бахьанца бойъуш бу, бохуш".

Зуьнна а кхеташ ду иза джихIад ца хилар

"ТIаккха тахана цара хийцина шайн къамел, хIунда аьлча, цара и дин шайн хеттачу агIор хуьйцу, иза дан цхьа а бух боцуш. Олуш ма-хиллара, зуьнна а кхеташ ду иза джихIад ца хилар. Иза джихIад хила мегара, уьш маьрша нах хилча, цхьаннан омра кхочуш а ца деш. Амма уьш набахтешкахь латтош, бойъуш, харц бехктакхаман гIуллакхаш доьллуш, орамна кIел куьлтура хIаллак еш лелачу тиранан агIо а лаьцна тIом бар – цуьнан муьлхха цIе ю, джихIад йоцург", - чекхдоккху Белокиевс.

***

ХIинца Украинан гIаролехь йиъ нохчех лаьтта батальонаш ю – Дудаев Джовхаран а, Шейх Мансуран а цIарах батальонаш, иштта Дуьненаюкъара легион а, "Хьердаьлла арданг" а.

Оьрсийчоьнан агIо а лаьцна Украинехь тIом беш болчу кадыровхошна нуьцкъаха доIанаш дойту Нохчийчохь. Соьлжа-ГIалин а, цуьнан уллерчу эвлашкарчу а зударий дIагулбо буьйсанна маьждиге. Зазадоккху-баттахь доладелла и гIуллакх хIинца а лелаш ду.

Iедалхоша джихан ду бохучу тIаме баха кечбелла дукха нах бац: цуьнан тоьшаллаш даладо Кадыровн критикаша, масала, шайн гергарнаш нуьцкъаха тIаме хьийсорах лаьцна дуьйцу цара. Цул сов, украинхойн талларо арахецначу "лаамхойн" тептарца а догIуш, тIамехь дакъалоцуш бу кеп-кепарчу зуламашна Нохчийчохь таIзарш дина нах, царех цхьаболчийн хIинца а тоьхна хан чекхъяланза ю.

Бакъоларъяран организациша дийцира шайга республикерчу бахархошкара кхочучу кхайкхамех лаьцна, уьш "лаамхойн" кепехь Украинерчу тIаме хьийсорхьама лечкъабо. Цара бахарехь, реза воцург "къайлахчу набахтехь" латто тарло цхьана ханна.

Иштта Нохчийчоьнан Iедалхоша ца юьйцу байъинчу республикан бахархойх лаьцна информаци – официалехь уьш иттанал кIезга бу. Кавказ.Реалиин хьостанашкарчу хаамашца, уьш мел кIезга а 127 стаг ву.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG