ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийна виса бакъо йоцуш. Нохчийчуьра тIеман йийсархой Кадыровна "дегаза" хIунда хета?


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Украинерчу йийсарера цIавалийна "Север-Ахмат" полкан пхи эскархо. Цаьрца цхьаьнакхета ца лиира Кадыров Рамзанна. "Нохчийн тIемалочун йийсаре кхача цхьа a бахьана хила ца деза" аьлла, дIахьедира цо. Хьалха а йемалбора цо йийсархой. ТIом луьра болччу йухадаха деза шу бохуш, чехабора. Кавказ.Реалиин сайто тIеман эксперташца дийцаре дира, Нохчийчохь цу тайпачу дIехьедарийн бахьанаш.

Охан-беттан 16-хь Украинин президентан офисан куьйгалхочо Ермак Андрейс дийцира, "пасхина" леринчу йийсархой хийцарехь 130 эскархо цIаверзийна хиларх. Оьрсийчоьнан тIеман министралло цу хийцаршна цхьана а кепара комментареш ца йира, Москвано цIаберзийначу эскархойн терахь билгал ца даьккхира. Цул цхьа де хьалха "Север-Ахмат" полкан пхи белхахо цIавалорах хаам бира Нохчийчоьнан официалерчу зорбано.

Эскархошца цхьаьнакхийтира республикин парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад а, ницкъахойн блокан вице-премьер Висмурадов Абузайд а, регионерчу МВД-н куьйгалхо Алханов Руслан а. Даудовс хилла йийсархой "бакъболу нохчий" бу, шайн лаамца карабахна бац" элира.

Нохчийн парламентан куьйгалхочунна хетарг Кадыровс къобал ца дира. Соьлжа-гIалахь цу йийсархошца а, церан гергарчаьрца а хиллачу цхьаьнакхетарехь ша цахиларан бахьана хIун ду хаийтира. "Нохчийн тIемалочун йийсаре кхача цхьа а бахьана хила ца деза", цундела шена уьш ган ца лаьа", элира цо. "ХIинца тIом луьра болччу йухадаха деза шу. Йуха а гIо, шаьш тIамах уьдуш ца леллий а гайта", элира куьйгалхочо. Кадыровс билгалдаьккхира, йийсаре кхачале цхьа сахьт хьалха рацичухула зIене бевлла, шайн тIеман гIирс кхачош бу цара алар а.

Хьалхалерчу республикера эскархой хийцарашкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дакъа ца лаьцнера. ГIуран-беттан йуьххьехь йийсархой хийцаран "60 / 60" аьлла болх дIабахьарх шен телеграм-каналехь хьахийра Кадыровс. И гIуллакх дIахьош "федералан урхаллашца цхьаьна болх беш", Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан парламенте вахийтина депутат Саралиев Шамсаил ву элира цо. Дечкен-баттахь хиллачу рогIерчу хийцарех а изза олуш, вистхилира иза.

"Нийса" йийсархо ву хIара аьлла, масаллина хIоттош Хьалха-МартантIера "лаамерниг" Мусиханов Киргиз билгалваьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Оьрсийчу схьавеллачул тIаьхьа масех бутт баьлча йуха а тIаме дIахьажийна волу.

Гезгмашин-беттан 9-хь йийсаре вахара Мусиханов. Украинерчу тIаме дIакхаьчна кхоалгIачу дийнахь. Йийсарехь волчу хенахь Ичкерин арахьарчу куьйгаллин хьалханчас Закаев Ахьмада хеттарш дира цуьнга. Цу видеохь Мусихановс ша шен лаамца йийсаре вахна элира. Амма Ичкерин пилитикахочо, эскархо дуьхьало йеш, каравахна аьлла, билгалдаьккхира.

Лахьан-баттахь Мусиханов хийцарах дийцира Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Кадыровс дийцарехь, иза чов йина хилла, цуьнан дуккха цIий дIаихнера. Цу хеннахь элира республикин куьйгалхочо, Москвахь могушалла тайинчул тIаьхьа, йийсархо шаьш йуха а тIаме вохуьйтур ву. "ХIунда аьлча, нохчийн тIемалой йух- йуха а тIаме баха лууш хуьлу". Чиллин-баттахь хиира, Мусиханов "Ахматан" цхьана лерринчу ротин буьйранча волуш, Луганск мехкан Белогоровка гIалин йистошкара меттигаш cхьайохучу тIаме кхоьссинийла.

Шен эскархойн йийсаре бахар йемалдина ца Iаш, украинхой карабахар а иштта дийцира Кадыровс. Гезгмашин-баттахь Оьрсийчоьно дIахийцира 215 стаг, царлахь бара бIенаш эскархой, "Азов" полкан пхи буьйранча а. Украино царна дуьхьала дIавелира 55 оьрсийн эскархо а, президентан Путин Владимиран гергара волу безнесхо Медведчук Виктор а. "Украинхоша билгалдаьккхинчу хоршахь" динчу цу хийцаршна вуно реза вацара Кадыров.

Вуй Кадыров Пригожинах тера лелаш?

ТIеман йийсархошца Кадыровна цхьаьнакхета цалаар оьрсийн ультранацистийн тенденцица догIуш ду. Цара луьра йемалбо украинхошна йийсаре бахана эскархой, боху америкахойн (ISW) тIеман талламийн институтан аналитико Степаненко Катеринас.

"Оьрсийн тIеман ультранационалисташа-корреспонденташа сих-сиха йаржайо [ЧВК] "Вагнеран" эскархоша шаьш дойуш йаьхна видеош. Шай буьйранчаша шаьш дайарна кхоьруш, билгалдоккху къамелахочо.

ЧВК "Вагнерах" дIатоьхначу Grey Zone телеграм-канало лахьан-баттахь ши видео йаржийра. Царна тIехь оьрсийн йолахоша Украинин эскархошна йийсаре цабахархьама шаьш дойуш гойту. И ший а видео Бахмут йолчу агIора цхьана тIамехь йаьккхина бохуш дуьйцу. Кест-кестта и тайпа роликаш йаржайо тIеман корреспонденташа а.

Дукха хьолахь кхинболу эскархой кхерорхьама а, иштта царна масалаш гойтуш, дезертирашна тIаьхьабевлла оьрсий

Шаьш шайна тоьхна белларш тIамна резаболучеран телеграм-каналашкахь боккхачу ларамца бийцахь а, йийсаре бахначарна шайн тIеман накъосташа таIзарш до. Уггар гIарабаьлла хилам бара, лахьан-баттахь хилларг. Набахтера тIаме валийна Нужин Евгений вуьйш йаьккхина аьлла, йаржийна йолу видео. Йийсарехь волуш, шен ши накъост верах лаьцна интервью а йелира цо. Цара шаьш тIаме ца доьлху аьлла, инструкторна дуьхьало йича, вийнера и шиъ.

Охан-беттан чакхенгахь "Русь сидящая" цIе лелочу бакъонашларйархойн боламо йийсаре лаьцна хиллачу тутмакхан Галяку Василийн дийцарна тIетевжаш, далхийра, ВСУ-на йийсаре вахнарг йухаверзийча, иза вер шайн ЧВК-ца динчу "контрактехь" дIайаздина ду аьлла. Ткъа йийсархойн "обнулени" нисйеш, кхерамзаллин урхалла а ду.

ISW аналитико Степаненкос дийцарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхо шен дагахь ша Iуналла дечу оьрсийн тIеман декъашкахь и тайпа "къиза низам" хIоттош, республикера эскархой кхеро лерина ву. Уьш Украинин эскархошна йийсаре эха ца марзбалийта.

Нах тIаме дIахьийсор ладаме ду Кадыровна, амма тIеман йийсарера цIаберзийнарш республикан куьйгалхочунна дегаза хета, элира "Вот так" медиапроектаца къамел динчу Оьрсийчуьра дIаваханчу нохчийн оппозиционеро, жигархочо Янгулбаев Абубакара. Цо дийцарехь, цунна тоьшалла йийсархошка болу хьежам хилла ца Iаш, дархошца а, беллачаьрца а Нохчийчоьнан куьйгалхочун бала цахилар а ду.

Масала, зазадоккху-баттахь "шаьш дIакхайкхарца тIаме даха кийча ду" аьлла, шайн видео-къамелехь бистхилира, Украинехь чевнаш хилла болу Нохчийчоьнан бакъоларйаран урхаллин белхалой. Царех цхьаберш когаш боцуш бара.

"Дуьхьало йан таро хилар"

Оьрсийчоьнан эскархой йийсаре цабахийта агIонаш лехарехь къахьоьгуш цхьа Нохчийчоьнан куьйгалхо хилла ца Iа - цунна догIу таIзарш гурахь дуьйна схьа федералан тIегIанехь дийцаре деш ду. ДIадаханчу шеран гезгмашин-баттахь Оьрсийчоьнан парламениан низамехь хийцамаш бира, шен лаамца тIамера веддачунна, йийсаре ваханчунна 10 шаре кхаччалц хан тохар магош.

Амма цунах дерг дуьйцу къамелаш цу тIехь чекхдовлуш дац. Зазадоккху-баттахь шен лаамца йийсаре вахарх шен хетарг олуш йистхилира Оьрсийчоьнан лаккхара кхел. Цо дIахьедира, эскархо "ша шен полкана генахь велахь а, шена бина го белахь а, ша кара ца вахийта тIом беш дуьхьало йан йеза цо" аьлла.

"Дезертирашна леринчу законехь бинчу хийцамаша гойту, Оьрсийчохь нах тIамера идар чолхечу хьелех цхьаъ хилла дIахIоттар. Карарчу хенахь Оьрсийчоьнан Iедалхой дезертирашна тIаьхьабовлар кхинболчу эскархошна дIагойтуш, уьш кхерорхьама лелош хилар. Луьрачу таIзаршца тIеIаткъам беш, и тайпа хиламаш кIазгабархьама болх беш йу Кремл. Амма цу кепарчу законера хийцамаша тIемалойн дог-ойла кхин а хьошур йу, боху Степаненкос.

И хийцарш Оьрсийчоьнан тIеман министраллица барт беш, дина дацара, ЧВК "Вагнеро" кечдина дара

Тобанашкахь нах йийсаре бахарах кхоьруш долийна хIумнаш ду уьш. Амма цкъачунна и санна дерг хир ду аьлла ца хетало, боху цхьаннах возуш воцчу тIеман талламхочо Михайлов Кирилла.

"Дукхах берш тIом беш карабоьлху. Лаккхарчу кхелан "Дуьхьало йан таро хилар" хьажжош йечу репрессешкахь шена ма тов кхетон йиш йолуш нисло, билгалдоккху къамелахочо.

Кадыровн реза цахиларца дийца долийначу тIаьххьарлерчу йийсархойн хийцарш Оьрсийчоьнан тIеман министраллера цхьа а хаам боцуш дисира. ЦIаберзийначаьрга болу хьежам гойтуш дац иза. Цу белхан шатайпаллаш гойтуш ду, аьлла хета Михайловна.

"И хийцарш Оьрсийчоьнан тIеман министраллица барт беш, дина дацара, ЧВК "Вагнер" йу уьш дIадаьхьнарг. Сих-сиха иштта хуьлуш а ду иза. "Вагнеран", тIеман министраллица йоьзна йоцуш, шен хийцарийн фонд йуйла хууш ду", - кхеттош олу тIеман талламхочо.

Цу хийцарех лаьцна Оьрсийчоьнан агIора видео Пригожина Евгенийс йаржийна хиларо а гойту иза бакъ хилар. Видео тIехь гуш ду, "Вагнеран" тIемлоша хийцарш долучу метте украинхойн йийсархой схьабалош.

  • Хьалхо Кадыровс ша хьо иштта вуьтур вац бохуш кхерамаш тийссира Украинерчу бусалбанийн урхаллин куьйгалхочунна Рустемов Айдерна. Дечкен-беттан чакхенгахь Оьрсийчуьрчу йийсархошца къамел даран видео украинхойн журналиста Золкин Владимира йаржорна Кадыровс йина реакци йара иза. Йийсархошлахь нохчий а бара.
  • Оьрсийчуьрчу тIеман йийсархошца шен хиллачу къамелах а, шен дахаран некъах а, нохчийн кегийрхой тIаме хьийсочу Iеламхойн кхайкхамех а лаьцна Кавказ. Реалии сайтаца шен хиллачу интервьюхь дийцира Рустемов Айдера.
  • ГIадужу-баттахь Нохчийчу Кадыров Рамзанца къамел дан Украинера кхо йийсархо валийра. Хьаькаман бераш Украинера цIадогIуш конвойца схьабалийра уьш.
  • Зазадоккху-баттахь Нохчийчуьра Госдуме хьажийначу депутато Делимханов Адама украинхойн йийсархошца "лараме ду" шаьш аьлла, дIахьедира. Амма цо аьлларг боккъал долчу хьолана нийсса пурханехьа нислуш дара. Оьрсийчоьнан эскархоша йийсархой вуно къизачу хьелашкахь латтош бара.
  • Охан-беттан 11-хь сарахь интернетехула йаржон йолийра цхьа видео. Цу тIехь кIайчу асанийн билгалонашца кечдина духар долчу тIемалоша (и духар Украинехь тIом бечу оьрсийн эскархоша леладо) Украинин эскаран билгалонаш йолчу духарца волчу стеган корта боккхуш гойту. И видео интернетехь гучуйаьлла дукха хан йалале, Украинин президентан Офисан куьйгалхочо шен социал-машанашкахь йаздо: "Цу дерригенах жоп далан дезар ду",- олий. Пачхьалкхан куьйгалхочо дуьненчуьра хьалханчашка кхайкхам бо, хиллачун терго йар а, бехкечарна таIзар дар а доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG