ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен доьзалхочунна ницкъ барна кхел йина Нохчийчура вахархочунна


Нохчийчуьра вахархочунна кхелан сацам а бина таIзар дина, шен беранна тIехь кхизалла латтийна аьлла. Юккъараллин белхаш бар тIедожийна цунна.

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:55 0:00
Линкана тIе

150 сахьтехь юккъараллин белхаш дар тIедожийна Хьалха-Мартан кIоштера вахархочунна, цо шен кIантана тIехь къизалла латтийна аьлла. Талламан комитетан Нохчийчура урхалло цу хьокъехь баржийначу хаамехь дуьйцуш ду, цу стага 8 шо долчу шен кIентан когах, зIе а тесна цу тIе йозалла а оьллийна иза латтийна хиларх лаьцна. Иза цо дина хилла боху кертара ара ца вийлита.

Берашца тIехь кху кепара къизалла латтор дуьххьара хуьлуш дац Нохчийчохь. Шуьйра даьржина ду царна тIехь иштта Iазап латтор. Наноша, дестеша, дайш йиттина, хийла дарбанан хIусаме а кхачийна кегийрхой а, бераш а. Шуьйра йийцаре а еш яц и кхерамечу барамашка йирзина чолхалла. Дуккха а доьзалш бу къаьсттина дайшкара къизалла ловш.

Хьалха-Мартан кIоштера вахархочун санна гIуллакх гIара ца долуш дисина дуккха а меттигаш ю. КIант къонах санна Iамаво ша бохуш, цхьана накъосто, латийначу чIурамна тIехула лаьцна куьг дагадайтина хилла цуьнга.

Нохчийн ловзаран кепехь хIума ду, къаьстина ярташкахь, бераш вовшех летийтар. Дукfхчу декъана иза девежарша леладо.

Вешийн кIант улле а хIоттавой, юьртахула лела иза жIаьла санна лата тIе а хоьхкуш. Иза эшча берана етташ меттиг а нисло.

Нохчий иштта а кху дуьненахь гIарабевлла бу, буьрса бу, бIаьргаш чухула стелахьаштигаш етта бохуш. Ткъа оьший те цу кепара тIаьхье Iамо? И хаттар делира ас меттигерчу бахархошка. Ала догIу, дукхачу наха тIеюьтуш яц берашна тIехь еш йолу къизалла. Царах ву Абдулаев Асланбек.

Абдулаев: «Цхьаболчара шайн берашна етта а етта, зIенашца а боьхку, бераш дайина а, церан наной байина а меттигаш а ю. Етта ца еза. Уггаре а хьалха бераца къамел дан деза. Кхето деза, ша масале хила веза. Ткъа шегахь а хьекъал доцучу стага беранна а бала бо. ШарIо, КъорIано берана етта мегар ду бохуш, леладо иза цхьаболчара. КъорIано ма ца боху, бера талхаде».

Истамулов Бекханан цхьа доьзалхо бен вац. 15 шаре ваьлла кIант ву иза. Шена дага а догIуш, цкъа бен цунна тIе куьг даьхьна дац ша боху цо.

Истамулов: «Беран хьеха оьшу. Мегар дерг а, доцург а билгалдаккха деза. Ас цкъа бен тоьхна яц сайн беранна. Я цо бахьана а ца даьккхина кхин. Беран мукъа хан хилийта мегар дац».

Оьшуш меттиг белахь тоха а тухуш, хьехар а деш Iамо деза бераш, аьлла хета гIиишлошъярхочунна Бакаев Салманна. Цо иштта элира.

Бакаев: «Тхан дай-наний дийна долчу хенахь 10 стаг вара тхо доьзалехь. Тхуна наний-дай бIаьра хьажча тоьара. Бер цхьана хIуманех озадала дезаш ду. Ненах-дех озалуш хила деза бер. Тухуш а, Iуттуш а, хьоьхуш а, масалш а далош, иштта дара шуна, бохуш кхио деза бераш».

Таханалерачу берийн баккхийчарца болу ларам гIелбелла хиларна терго йо дукхачу наха. Хьалха санна дош ца лела дайн-нанойн. Бераша, кхечу, нохчашна йогIучу мехаллашка гIерта, аьлла кхин дIа а дуьйцу Бакаев Салмана.

Бакаев: «Тахана компьютер, интернет бен кхин хIумма а яц. Ва сан кIант бохуш долу хIуманаш ла-м ца ло. Тхо кегий долчу хенахь, арахь хуьлура даима а. Тахана санна мукъа хан яцара берийн. ГIо дан деза аьлча, тхуна кхаъ хуьлура. Ша-ша ваийталахь хьайца бохуш, дехарш дора баккхийчерга. ХIинца иза дац.

Берийн бошмашкахь кхиош дацара тхо. Тхан нана къора боккхучохь балхахь яра, карахь бераш а долуш. ХIинца, цхьа кхечу агIор хийцаделла сурт. Суна хетарехь, иза политика ю».

Беро дIадуьйцу хьехар дIаоьцуш ца хилча, цунна тохарх хIума дац аьлла хета 4 беран дена Мусостов ИбраьхIима. Амма шега тохалур яцара, аьлла тIе а туьхира цо.

Мусостов: «Хьийза а ца деш, кхетто деза бер. Дас аьлларг деш вацахь тоха а мегар ду шега тохалучо. Шен-шен доьзалехь дерг шайна дика хуур ду-кх».

Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думо цхьа бутт хьалха жоьпалла кIаддина, доьзалехь вовшашна ницкъ бар хьокъехь долу низам. Лоруш ду хьагI-гамонна гергарчунна етташ ца хилар.

Цундела, шен берана, когах буржулш а тоьхна, ницкъ бинчу Хьалха-Мартан кIоштерачу стагана хьалхалерачу низамца 150 сохьтехь юкъараллин болх байтар меттана, набахтехь яьккха хан кхайкхо мегара.

XS
SM
MD
LG