ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДоьалгIа де а ду Оьрсийчохь COVID-19 уьнах 800 сов стаг леш волу


COVID-19 уьнах Оьрсийчохь официалехь билгалдаккхарца 800 сов стаг леш схьадогIу доьалгIа де а ду, яздо РБК-с. КIирандийнахь лазарца къийсам латточу Оперативан штабо хаам бира, яхначу дийнахь-буса 816 дархо кхелхина аьлла. Де хьалха, штабан лараршца, 819 пациент кхелхинера. Пандеми йолаелчхьана керла антирекорд хилла цунах.

Верриг а, штабан зерашца, COVID-19 уьнах Оьрсийчохь велла 170 эзар сов стаг. Къаьсттина дукха белла тахана, Марсхьокху-беттан 15-чохь довзийтинчу терахьашца, Москвахь - 58. Санкт-Петербургехь велла 43 дархо, Краснодаран кIоштахь - 35, Иркутскан кIоштахь а велла коронавирусах 35.

Росстатан хаамашца, Товбеца-батте кхаччалц динчу лараршца велла лоруш вара Оьрсийчохь уьнах 316 эзара сов дархо.

Росстатан зерех къаьсташ ду Оьрсийчуьрчу оперативан штабан ларарш. Коронавирус кхетта стаг кхечу бахьанашца велча, иза лоруш дац шаьш аьлла урхалло.

Бозуш боцучу демографаша а, статистикан талламхоша а Росстатан зераш тIехь хьесап дарца, 3,5 -зза лакхара ду баларш, 600 эзарал а тIехлилхина догIу терахьаш аьлла хеташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG