ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Домодедовохь теракт ярна хантоьхнарг ФСИН-ца къийсалуш ву набахтерчу хьелашна тIехула


Домодедово аэропортехь эккхийтар динчул тIаьхьа
Домодедово аэропортехь эккхийтар динчул тIаьхьа

Домодедово аэропортехь теракт кечдаран гIуллакхна тIехула бехкевечу 31 шо долчу Яндиев Ислама Москва гIалин кхеле арз дина Оьрсийчоьнан Федералан ТаIзар Кхочушдаран Урхаллина (ФСИН), талламан изоляторшкахь а, колонешкахь а долчу хьелашна латкъамбеш.

"Довхочо доьху, Оьрсийчоьнан ФСИН-н ФКУ ИК-6, ОИК-5 ша латтийначу изоляторшкара хьал талхийна, шена динчу зенна дуьхьал компенсаци яккхар", - аьлла ду Москварчу Замоскворецкан кIоштан кхеле кхаьчначу кехата тIехь (Кавказ.Реалиигахь ю кехатан копи- Редакци)

Стигалкъекъа-беттан 13-чохь кIоштан кхело сацам бина процессна юкъавалош 3-гIа декъашхо - номер 6 йолу колони, Яндиев Исламан гIуллакх юха листа дIа а хьажош.

Къаьстинарг ду, Домодедовохь хиллачу эккхийтарна тIехула фигурант волчо камераш чохь долу хьелаш талхорна латкъамбар, ФСИН-н урхаллана масех бIе эзар сом компенсаци тIе а йожош.

Теракт даран гIуллакхехь шена бехк тIелаьцнарг ша цхьаъ ву Яндиев Ислам.

  • 2013-чу шарахь оцу бехкзуламан гIуллакхна тIехула кхаанна велла дIаваллалц набахтехь такха хенаш кхайкхийра, цхьанна колонехь даккха итт шо.
  • 2011-чу шеран Дечкен-беттан 24-чу дийнахь эккхийтар хилира Домодедово аэропортехь. И бахьанехь велира 37 стаг. 170-нна чевнаш хилира. Цу эккхийтарх долу жоьпалла тIелаьцна "Имарат Кавказ" организацин лидеро Умаров Доккас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG