Михальченко Лидия
Богатырев Iисас, гIалгIайн Iали-Юьртан вахархочо, аьрзнаш до, ша а, шен доьзал а бехк-гуьнахь а доцуш хьийзабо ницкъхоша, ша аьлча, ГIалгIайчуьрчу ФСБ-н урхаллло, бохуш.
2011-чу шеран Iай Москох, Домодедово аэропортехь, ша а леш, эккхийтар динчу Евлоев Мохьмадна гIодарна бехкево талламо Iисан 30 шо кхаьчна воI Микаил.
Микаила ша вац боху зуламан декъахь. Кхин массех стаг а санна, "Кавказ Имаратан" декъашхо а лоруш, лаца кхайкхийна ву иза.
Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексан маттахь аьлча, Талламан комитето цунна дуьхьалдаьккхина зуламечу гIеранахь лелар (210.2 артикл), бандтобанехь хилар (209.2 артикл), терроран тохар деш дакъалацар (205.3 артикл).
Микаила харцо ю боху шеца Iедало лелориг. Иза къайлаваьлла веха, ткъа шайна тIекхочехь болу гергарнаш хьийзабо Iедалхоша, иза "схьало" бохуш.
Могуш вац да, Iиса, халла лела. Амма кест-кеста шайна тIе ца лела иза бахьана ца лору ФСБ-н белхахоша.
РогIехь Iиса тIекхайкхира кIира хьалха. Чувоьдуш дIаяьккхира цуьнгара телефон, кисанашка хьаьвсира – къамел дIа ца яздайта.
ВуьрхIиттаза цIийнах хьаьвсина БогатыровгIарна. Микаилан йишас Эсета дуьйцу:
"Тхо кест-кеста довлу Оьрсийчоьнан дозанал ара. ЦIакхоччушехь, ледан дIакхойкху ницкъхоша, кхерамаш туьйсу, сан ваша террорхо ву, иза шайга дIавала веза, хIета а, вета а вуьйр волуш ву, олу. ЦIийнах хьажа ФСБ тхоьга Iуьйранна пхиъ даьлча йогIу, яххьаш туьтмIаьжигашца къайла а йохий, къиза хьийза, боьха хабарш дуьйцу.
Церан суьрташ даха гIоьртира со цкъа, телефон дIаяьккхира, суьрташ дIадайъира. Дега хоьтту, "стенгахь ву хьан воккхахволу кIант?" Дас боху, "кошахь ву" (Богатырев Iисан воккхахволу воI Муса вийна массех шо хьалха). Боху тIаккха, "кеста циггахь хир ву шолгIаниг а". Адвокат лаца гIоьртира тхо, амма Микаилна бехкедийриг дIадоьшшушехь, юхабовлу юристаш".
Аьхка, рогIехь цIийнах хьовсуш, ницкъхоша паспорташ дийхира хьовса, къайлах дохийра Богатырев Iисан жимахволчу кIентан Израилан документ. И бахьанехь иза ша доьшуш волчу Мисара ваха йиш а йоцуш висина.
Шайна тIехь гIело йо бохуш, Оьрсийчоьнан массо а инстанцешкахула чекхбевлла БогатыревгIар, президентан цIарах нехан бакъонашна тIехьожучу меттигерчу хьаькамна тIера Путинан биста кхаччалц. ГIалгIайчоьнан омбудсмено, стенна а делахь а, БогатыревгIара шега яздина кехат дIаделла террорхой маьршачу дахаре берзош болхбечу комиссе. Президентан гIуллакхаш леладечу урхалло доьзало шега дахьийтина кехат ФСБ-не дIатесна, ФСБ-но - ша арз толлуш ю, аьлла. Шо даьлла аьрзнаш дIасакхоьхьуьйту, амма хийца ца делла хIумма а.
ГIалгIайчоьнан прокуратурано яздина жоп а ду иштта: уггаре деза зуламаш толлучу Талламан комитетан белхахочо Северилов Алексейс Домодедоворчу эккхийтарца доьзна декхаребо гIалгIайн ницкъхой шаьш бен болх бан.
Оццу прокуратурана хетарехь, ФСБ-но юх-юха БогатыревгIеран цIийнах хьийсарца талхош дац цхьа а низам, шегахь йолчу бакъонел сов ца юьйлу къайлах сервис, цундела дац ницкъхошкара бехк боккхийла.
"Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь Богатырев Микаила, шена хаамийн гIирсашкахула хезира Домодевохь динчу зуламах лаьцна, элира.
"Со оцу хенахь КIахIирехь, исламан институтехь доьшуш вара. 2011-чу шеран юьххьехь, канукулаш чекх а евлла, деша волавелира. Мисарахь вара со Домодевохь тероран тохар дина аьлла даьржича. Суна оцу дийнахь, сайн хIинцца, аэропорташкахула а ваьлла, КIахIире дIакхаьчна хиларе терра, цхьа ойла коьрте иккхира,"со вийна хила а тарлора-кх цигахь", аьлла".
Микаила дийцарехь, иза шен юьртахо хиларна, цунна вевзаш хилла Домодевохь иккхинарг.
"Суна тIаьхьо хезира, талламаш бу юьртахь дIахьош, аьлла. Лебинчех цхьамма, бехке хила тарло, аьлла, ФСБ-но зуьйш хиллачу цхьаьннан дас со вийцина, ас кхачийна шен кIант "хIуьнчу", аьлла. Кестта ницкъхоша со а вийца ваьккхира, зуламан декъахь ву, бохуш.
Тхан да Евкуровна тIеваханера, эшахь ша со махка цIа а валор ву, аьлла. Вукхо жоп деллера, леха ваккхар доккха хIума а дац, аьлла. Ткъа кхин а массех бутт баьлча суна сайн цIе гира Интерполо лоьхучийн тептарахь.
Со доьшуш вара, болх а бора – йохк-эцар лелайора. Цкъа айса эцна кир хьош Гуьржийчу ваханера со, цигахь, Мисара юхаваха кеман тIехууш, лецира", - дуьйцу Богатыревс.
КIахIирерчу университето дийхира Микаил Оьрсийчоьне дIа цавалар, цо верна кхерам бу, аьлла.
"Оьрсийчуьра ницкъхой баьхкина хиллера КъахIире, со дIалаца. Мисаро аьтто бира суна кхечу махка дIаваха. Оцу, со чукхаьчначу махко а лецира со, амма суна тIехь бехк хиларх лаьцна Оьрсийчоь тоьшаллаш дина а ца яьлла, дIахийцира. Сан проблемаш яц хIинца суо сецначу кху махкахь, амма тIом бу кхунна гена боццуш, дика дац хьал. Регистраци яц сан кхузахь, дарба эшча деш гIо а дац, кхерамзалла а ю сан веккъа сайх тешна. Интерполца юкъаметтиг къасто адвокат оьшура, таро яц сан иза лаца. Цундела ву дехьа-сехьа вала аьтто боцуш", - далхадо шегара хьал Богатырев Микаила.