ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хенал хьалха парламентан харжамаш хир бу Британехь


Мей Тереза.
Мей Тереза.

Британин премьер-министро Мэй Терезас дIахьедар дина, парламентан Юкъараллийн Чоь дIасахеца а, керла харжамаш кхайкхо а дагахь ю ша аьлла.

И шен сацам бовзийтина цо шинарин дийнахь Лондонехь Даунинг-Стрит урамехь шен резиденцина хьалха цIеххьанчу дIахьедарехь.

Премьеро дехар дина парламентан лахарчу чоьнан декъашхошка, шьаш дIасахеца, Мангал-беттан 8-чу дийнахь керла харжамаш дIа а кхайкхабе аьлла. Дукхаха болчу парламентан декъашхоша тIеэца мегаш бу и кхайкхам.

Мэйна хетарехь, керла харжамаш оьшуш бу Британина Евробертана юкъарайолуш дийцарш дIадолийначул тIаьхьа махкара хьал паргIат хилийта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG