ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доцчу хина латкъамбина зуда бехке а йолуш дирзина гIуллакх


Олхазар-КIотарахь шаьш хица балхахьегарх далхийначу зудчунна бехкаш дехкина оцу эвларчу къаноша. "Хьекъал ца тоарна" бина латкъам бу аьлла цара, яздо Кавказский узел ресурсо.

Кху беттан 5-чохь "ЧП Чечня" инстаграм-пабликехь видео яржийра Олхазар-КIотарахь хи сецош хиларх меттигерчу яхархочо дуьйцуш. Кадыровн а, Мирзоевн а шина урамехь хи дац, ишта юккъерчу маьждигехь а, шина школехь а бала хьоьгу аьлла, чIагIдо роликца цхьаьна зорбане яьккхинчу информацехь.

"Тхо кху юьртара ду, оха дехар до метигерчу Iедалхошка а, Хьалха-Мартанан кIоштан администрацига а тхан арз таллий, хи латтон тIелаьцначу хьукматашна жоьпалла тIедиллахьара, шайн декхарш кхочушдайта", - яздо публикацехь.

Видео тIехь зудчо урамашкахь хIиттийначу биргIанийн пиллигаш схьа а доьллуш гойту, билггал хица къоьлла хилар.

"Со Олхазар-КIотарара ю. Мирзоевн урамехь Iаш ю со. Цхьанна а ца хаьа, хи доцуш оха хьоьгучу баланех. Доьху, гIо дахьара тхуна хица", - боху ролика тIерачу зудчо.

Оццу дийнахь суьйранна eldit_net пабликехь видео Iорайоккху, Хьалха-Мартанан кIоштан префекто Абдурешидов Валида юьйцучу юьртахь хица проблемаш хилар харцдеш. Цул тIаьхьа гойту кабинет чохь гулбелла баккхий нах.

"Тхо Олхазар-кIотарахь дехаш ду. Тхо вовшахкхетаран бахьана ду - хьекъал ца тоьъна цхьана зудчо яржийна видео. Ара а девлла, и гIуллакх теллина оха. Хьал муха ду аьлча, нагахь санна, хи сацахь а, ара а бовлий, бахьана а толлий, тодеш ду. Ткъа кхузахь хIун ду: чуьра ара а ца йолуш, бахьанаш а ца хууш, шен чохь Iаччуьра хоьтту цо: "Хи хIунда дац?" Хи ду. Хьалхо Iедало хи далон ши бIав хIоттийра кхузахь, кхин а йохкур ю аьлла, тIелаьцна а ду. ВорхI-бархI бIав лаьттар ю аьлла паччахьо", - дуьйцу къаноша.

"ЧП Чечня" паблике хIоттийначу видеона бухахь яздина ду, "лараме юьртара къаной вовшахтоьхна дIаяьхьна кхеташо ю хIара кIоштан администрацехь" аьлла.

Карладоккху иштта 2016-чу шарахь Инаева Iайшатах Iоттаделларг а. Коммуналан ял схьагулъеш, цхьа рогIера тулгIе йолийра махкахь. ХIетахь оьгIазъяхначохь Инаевас критика йинера Iедална. Оцу тIехула Кадыровс гечдар дехийтира цуьнга а, цуьнан хIусамдега а. Цул тIаьхьа йоккха делегаци яханера церан эвла, массарна а хьалха цуьнгара бехкаш а дохуш.

И дов доьрзушшехь, "Кавказ.Реалии" портало шен сайтехь шуьйрра яздира, Нохчийчуьрчу Давыденко эвлара Занзулаева Марет ялорах барт-хаттам бан.

Давыденко эвлахь керла динчу цIенойх Iедало ял ялар тIедожийча, юьртахой дуьхьалбевллера. Цул тIаьхьа баьхкинчу полисхоша йиттинера бахархошна, цара дийцарехь, 100 шаре яьлла йоккха стаг а ца кхоош.

Цхьахволу полисхо вуьйцуш, цо аьллера "стеран санна ворта а йолуш вара иза". Парламентан спикеро Даудов Мохьмада шена тIе а ялаяйтина, "къурд" бахийтира зудчуьнга.

"Кавказан узел" агенталлан хаамашца, байначу баттахь наркотикаш лелийна, къаьркъанаш муьйлу аьлла, лаьцначу Теркйистерчу стеган зудчун Нуралиева Миланин а дийзира къам а, "паччахь" а къинтIера ваккха.

Полисхоша харцо лелийна шен цIийндеца аьлла, иза лаьцначу шолгIачу дийнахь кхайкхам бинера ватсапехула Кадыровга, гIо доьхуш.

ГIо кхечира цунна шолгIачу дийннехь. Шен цIийнда психотропан молханаш моьлуш а ву, ша хьалхо мел дийцинарг, цхьа а бакъ дацара аьлла, мехкан куьйгалхочуьнга шена бехк ца биллар дийхира цо.

Нохийчоьнан бахархошка тайп-тайпанчу бахьанашца доьзна меттигерчу "Грозный" телеканалехула а, меттиегрчу хьаькамийн аккаунташкахь а кест-кеста гучуюьйлу гечдар доьхуьйту видеош. Дуккха а политикаша, юкъараллийн векалша емалйина практика ю иза, амма еха тахханалц.

Нохчийчуьра бахархой "аьшнаш бен" видеон терго йина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссионо, дуьненаюкъарчу динан маьршонах 2021-чу шарахь зорбане яьккхинчу рапортехь. Талламчийн авторша хьехна Вашингтонна, Нохчийчоьнан зорбанан министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш яха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG