ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дронца тIелатар дина Иракъерчу премьер-министран резиденцина


Иракъан премьер-министр аль-Казыми Мустафа
Иракъан премьер-министр аль-Казыми Мустафа

Аьтто боцу тIелатар дина Иракъан премьер-министрна Мустафа аль-Казымина. Канцелярино динчу дIахьедарехь боху, дахначу шоьтан Iуьранна Багдадерчу аль-Казымин резиденцина тIелатар дина хилла оьккхуьйтург тIетесначу дронца. Иштта резиденцина тIе ракета а арахецна хилла.

Оцу эккхийтарехь зенаш хилла - премьеран хадархой бу уьш. Ша лазийна вац аль-Казыми, пачхьалкхан телевизионехула вистхилла иза, синтеме хила аьлла, кхайкхам беш.

Динчу тIелатарх жоьпалла цхьаммо а шена тIелаьцна дац карарчу заманчохь.

Пачхьалкхехь хиллачу парламентан харжамийн динчу жамIашна резабоцучу гIажаройн политикехьа болчу ницкъаша протесташ йолийначу юкъанна дина ду тIелатар. Де хьалха харжамашкахь эшначу "Фатах" боламан агIончаша рогIера демонстраци дIаяьхьира Багдадехь. Царна хетарехь харжамаш тIехь фальсификаци лелийна. Масех кIира а ду дуьхьалонан протесташ цигахь лаьтта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG