ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мемориал" дIайохор тIедожийна Инарла прокуратуро


"Арахьарчу агентех" низам хаддаза дохош ду аьлла, бехкейина, бакъонашларъяран "Дуьненаюкъара Мемориал" (арахьарчу агентийн тептаре язйина) дIайохор тIедожош Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуро иск кховдийна Лакхарчу кхеле. Лахьан-беттан 25-чохь хир йолуш ю кхелан кхеташо. Ша "Мемориало" бина цунах лаьцна хаам.

Церан зерашца, организацино материалаш маркировкица билгал ца йоху аьлла, кхетийна прокуратуро иск кховдор. Лехам чубалар тIечIагIдина иштта ТАСС агенталле Лакхарчу кхелехь.

"Политикан репрессийн исторешца а, адамийн бакъонаш Iалашъеш а белхаш бен организаци -"Мемориал" юкъаралла хIаллакъян политикан сацам бу иза", - аьлла ду организацин дIахьедарехь. Цу тIехь билгалдоккху, "Дуьненаюкъарчу Мемориална" хетарехь, "цхьана а кепара низамийн бух бац Дуьненаюкъара Мемориал дIасаяккха", организацино, "арахьарчу агентех" низамна реза доццушехь, цуьнан тIедахкарш кхочушдо аьлла.

2016-чу шарахь НКО-"арахьара агенташ" реестре язйира дуьненаюкъара историкан а, гIоьналлин а, бакъоларъяран а юкъаралла "Мемориал". Масийттазза гIуданаш диттира организацина, шайн материалашкахь "иноагент" статус билгал ца яккхарна бехкаш дохкуш.

30 шо а ду "Мемориал" юкъаралла йолу, 1989-чу шарахь кхоьллина яра иза. Юьхьанца церан белхан коьрта дакъа дара Советан заманахь хиллачу репрессешкахь хIаллакхиллачийн иэс карладаккхар, тIаьхьо тIекхийтира кхинйолу историкан, бакъоларъяран проекташ.

Хьажа комменташка (1)

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG