ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъара ММА-н совгIат дала хьалхатеттина Нурмагомедов Хьабиб а, Чимаев Хьамзат а


Ккадыров Рамзан а, Чимаев Хьамзат а

World MMA Awards-н преми дала хьалхатетина ийначу кепехь латарийн спортхой Нурмагомедов Хьабиб а, Чимаев Хьамзат а. Организацин сайтехь бина цунах лаьцна хаам.

"Шеран къийсамийн доьналла" цIе йолчу номинаци юкъа вахийтина UFC-н экс-чемпион, дагестанхо Нурмагомедов Хьабиб. Ткъа шведахойн латархо Чимаев Хьамзат "Шеран чекхъэккар" категорехь ву.

World MMA Awards - Fighters Only журнало ийначу латарийн кеп-кепарчу дакъошкахь кхачош долу совгIаташ ду. Ткъехь сов номинацешкахь билгалдаьхна ду уьш.

  • UFC-н чемпионатехь рекорд хIоттийра Чимаевс – 66 денна чохь туьйлира кхузза. Карарачу шеран юьхххьехь критика йира цунна, цо Нохчийчу а вахана, Кадыровца суьрташ а дохуш, цо совгIат йина Мерседес машен схьа а оьцуш хьийзарна. Спортхочо цул тIаьхьа дIахьедира, могуш вац ша, спорт юьтуш ву, аьлла. Амма Зазадоккху-беттан юьххьехь Кадыровс, Швеце кема а хьажийна, Нохчийчу дIавигира иза, даржийра, "Ахмат" клубехь кхидIа а яхлур ю Чимаевн карьера, аьлла.
  • 32 шо долчу Нурмагомедовс ша эйинчу кепийн летаршкахь волуш дIадаьхьина 29 цхьаьнакхетар, ца эшна цкъа а. UFC-хь 2012-чу шарахь дуьйна вара иза, цигахь 13-зза тоьлла. 2021-чу шеран Зазадоккху-баттахь Нурмагомедов Хьабиб, цо карьера ерзорца доьзна, ваьккхира UFC-н массо а рейтингашкара. Ша спорт юьтуш хилар дIахьедира цо америкахо Гэтжи Джастин ша эшийначу дийнахь – стохка ГIадужу-беттан 24-чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG