ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненчохь дуьххьара цхьана дийнахь ши миллион сов стагаца хааделла коронавирусан ун


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу дийнахь-буса пандеми йолаелчхьана дуьненчохь COVID-19 вирусца ши миллион сов стаг хаавелла. Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран юкъаралло (ВОЗ) бина и хаам. ВорхI эзар дархо кхелхина цхьана дийнахь.

Дечкен-беттан 4-чохь Iуьйранна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь пандеми йолаелчхьана дуьххьара миллион сов коронавирус кхетта стаг къаьстина. Масех де хьалха 24 сахьтехь билгалбаьхначел а шозза сов бу тIаьххьарчу зерашца.

Дуьненахь коронавирусан ун чIагIдалар дузу, дуьххьара Къилбан Африкехь гучуяьллачу, керлачу "омикрон" штаммаца. Вирусан керла вариант кхин а сиха яьржа, вакцина яйтинчарна а яла тарло, амма цамгар атта токху, пациенташ дарбан хIусаме охьабахка а ца оьшуш, аьлла хета лоьрашна.

Керлачу шеран мукъаденош дирзинчул тIаьхьа "омикрон" Оьрсийчохь яржа хьесап ду. Роспотребнадзоран хаамашца, пачхьалкхехь хIинца а лелаш "дельта" ю.

Пандеми йолаелчхьана дуьненчохь хьалхарчу меттигехь ю Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ вирус кхетта нах дукха хиларца. 56 миллион ун даьлла вахархо ву цигахь. ШолгIачу меттигехь Инди ю, оцу махкахь 35 ковид йолу стаг ву. 3-чу меттигехь дIатаръелла Бразили - 22 миллион ун кхеттарг ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG