ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дукха адам ду хIинца а Афганистанера арадала гIерташ


Кабул, аэропортана гонаха
Кабул, аэропортана гонаха

Кабулан аэророртехь а, цунна гонаха а эзарнаш нах бу гулбелла, "Талибана" дIалаьцначу Афганистанера дIабаха аьтто баларе сатуьйсуш,яздо "Карара хан" телеканало. CNN телекомпанино бинчу хаамца, церан терахь ду 10 эзар хиллал. Британино хаам бина, тIаьхьарчу шина дийнахь ши эзар стагана эвакуаци йина шаьш аьлла. Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дуьйцу шаьш талибаш Кабул чубаьхкинчул тIаьхьа 18 эзар стаг цигара араваьккхина бохуш. Эвакуаци йинчарна юкъахь бу Американ махкахой а, цаьрца болх бина афганхой а.

Афганистанна а, малхбузерчу пачхьалкхашна а юкъара "хIаваан тIай" уггар хала цу тайпачу операцех цхьаъ ю аьлла, президенто Джо Байдена. НАТО-н векалша кхайкхамаш бо талибашка, эвакуаци ярна новкъарло ма е шайна бохуш. Амма тIемалоша дIахьедина, афганхой махкара дIабаха ца лаьа шайна аьлла.

Талламан-чекхволуьйту меттигаш ехкина цара аэропорте боьдучу некъашна тIехь, дукхачу хьолехь чекх ца буьйлуьйту цара махкахбовла гIерта нах. "Карара хан" телеканалан журналисто дийцарехь, дукха нах бу хIинца а аэропорте кхача гIерташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG