ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уьш юхабаьхкина. ТIалибаша дIалаьцна Кабул, ерриг ОвхIанистан цаьргахь ю


"ТIалибан" боламан тIемалоша Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь дIалаьцна ОвхIанистанан коьрта шахьар Кабул, массо а агIор цунна гобинчул тIаьхьа. Амма гIала караэцале цара дIакхайкхийна, цIий Iанор дац, репрессеш хIиттор яц шаьш, "гIала маьрша схьаялар" дийцаре дан лаьа шайна, лаьа ГIани Ашрафан Iедало а, цо ша а капитуляци кхайкхайойла, аьлла. Пачхьалкхера кхиболу мехкаш массо а бара церан карахь, иза нисделира Кандагар, Герат, Мазари-Шариф, Джалалабад гIаланаш дIалецарца. ОвхIанистанан эскарш девдда, тIемаш ца беш, царех цхьадолу дакъош къайладевлла луларчу Таджикистанехь а, Узбекистанехь а. КIирандийнан делккъехь, кемана а хиина, цхьана агIор дIавахана ша ГIани Ашраф а. Ткъа Американ Цхьаьнатоьхначу Штататийн а, Малхбузера цхьацца Iедалш а ма-хуьллу гIерта кеманашца шайга Кабулера араваккхалург дIавига, кIелхьарваккха.

15-чохь Кабулехь кегари бара, бIаьрга сара кхетча санна хьийзара нах. ГIали чуьра арабовла гIертара дуккха а бахархой. Бовдуш бара Iедалан белхахой, къевлина яра министраллаш, кхийолу урхаллаш, полицин хьукматаш, эскарийн каппаш, севццера белхаш туьканийн, базарийн.

Шайца хьалхо дIакъаьстинчу, Америке дIабахначу хьукматхошка, эскархошка, цхьацца компанийн векалшка сингаттаме хаамаш кхоьхьуйтура коллегаша-овхIанхоша:

"Де дика хуьлда, сан ваша! Догдоху хьоьгара хьал дика хиларе. Кабулерчу Американ векалтехь вайнаш дIалечкъабайта цхьа а аьтто буй хьан? Сан нана а, тIехьийза йоI а кхерамна кIел яц, амма гIо оьшу сан вешина. Виза яц луш цхьанна а. Цара Кабул дIалацахь, уьш хIора неIарге кхочур бу, Iедалехь болх бинарш дIалехьош. Сайн дехар лартIахь доцийла кхета со, амма коьрте ца богIу кхин цхьа а некъ".

Арахьарчу мехкийн журналисташа бечу хаамца, селхана а болх беш хиллачу ОвхIанистанан полицин хаамашца, тIалибаш шоьтан сарахь лаьттара Кубулна масех чаккхарма уллехь, шахьаран йистош ларалучу Калаканехь, Кхарабагехь, Пигманехь. Амма 15-чохь бацара цигахь цхьа а тIемаш.

Талибийн Къатарехь Iечу векало дийцира "Ал-Джазира" телеканале, шайн ницкъаш "Кабул машарца схьаяларе хьоьжуш Iа", аьлла. Хьалхо Дохехь (Къатар) куп тоьхначу тIалибийн урхалло шен ницкъашна хьоьхура Кабулан йистошца совцар, нах ца байъар, шахьарара аравала лууш верг, некъ битина, дIавахийтар".

Кабулехь буьсучу зударшка бохура, кхерам боцчу меттигашка ловчкъа. КIирандийнан делкъал тIаьхьа "Ал-Iарабия" телеканало хаам баржийра, тIалибаш президентан ГIани Ашрафан резиденце кхаьчна, "официалехь цуьнга Iедал дIаэца бохку", аьлла.

Хууш дац цкъачунна, стенгахь ву ОвхIанистанан президент лаьттинарг. Иза юьхьанца Таджикистане а кхаьчна, цигара кхечу махка дIавахана, боху. Амма оцу хьокъахь яржийна йолу видео хьалхо яьккхина хила а тарло.

Марсхьокху-беттан 15-чу дийнан делкъехь, меттигерчу хенаца 13 сахьт долуш, "ТIалибано" дIахьедира, пачхьалкхан латта дерриг а шегахь ду, Кабулера тIематийсадаларш дирзина, аьлла. Къатарера тIалибин офисехь Iачу Барадар моллас шен караоьцур ду ханна, Iедал къастадаллалц йолчу юкъанна, ОвхIанистанан куьйгалхочун дарж. Министрийн кабинет оцу юкъанна хир ю ОвхIанистанан чоьхьарчу гIуллакхийн экс-министран, Германехь векал хиллачу Джалали Iелин карахь, боху хьасташа.

Кабул дIалацарх дерг довзуьйтуш, ОвхIанистанерчу Оьрсийчоьнан президентан лерринчу векала Кабулов Замира "Интерфаксехула" аьлла, тIалибаш "машарца" шахьаран цхьана декъа биссинехь а, ерриг а Кабул цаьргахь ю ала хьалхе ду. Марсхьокху-беттан 10-12-чу деношкахь Къатарехь дийцарш лаьттира ОвхIанистанехь машар хIотторан хьокъехь. ТIалибаш а, Кабулера Iедал а доцург, дакъалоцуш яра цигахь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организаци а, Европан барт а, пачхьалкхаш: Оьрсийчоь, Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ, Британи, Пакистан, Узбекистан, Китай. Оьрсийчоьнан агIор вара цигахь Кабулов Замир, Американ агIор - Залмай Халилзад.

Марсхьокху-беттан 14-чу сарахь тIалибаша тIемаш бар а доцуш дIалецира Джалалабад – ОвхIанистанан малхбаленна коьрта шахьар. Иштта карийцира Пакистане боьлху некъаш. Ткъа цул де хьалха лаьцнера Мазари-Шариф а.

Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ а, кхийолу пачхьалкхаш а дIабуьгуш ю махкара кхерамна кIел болу шайн векалш, Кабулера кхийолу хьуматаш. Кир лелош долу даккхий кеманаш ду уьш дIабига хьийсош. Оцу балханна накъосталла кхачош, Вашингтоно хьажийна ОвхIанистане 5000 гергга шен эскархо. Британино – 8000 гергга. Марсхьокху-беттан 15-чу сарахь Американ векалто хаам баржийра, Кабулера аэропорт тIамна кIел ю, цигахь цIерш йогу, аьлла, ткъа Францин дипломатийн офис ерриг а яра аэродроме дехьайоккхуш.

Ткъа Оьрсийчоь лерина а яц шен векалт Кабулера дехьа-сехьа яха, дIахьедира Оьрсийчоьнан Федерацин арахьарчу гIуллакхийн министралло. "ТIалибанан" куьйгалло дош делла кхерамзалла хилийта, векалт шен рожехь болхбеш ю", аьлла цо.

Хьалхо Кабулерчу дуьненаюкъарчу аэропортанна гергахь дIатарбира шен тIеман ницкъаш Туркойчоьно – иштта дIалецира америкахой дIабахча хIоьттина есалла. Амма I7-чохь бен бевр бац Малхбалера дипломаташ, ницкъаш арабовла кечамбина – гарехь, оцо а кхобу тIалибаш Кабулехь тийна.

Узбекистанан Iедало дIахьедира, шайн махка 14-чохь овхIанхойн эскаран йоккха тоба еана, аьлла. Царна гIо ду деш, лазийначарна латтадо дарба. Узбекаша елла овхIанхошна хIусамаш а, кхача а. ДIадахначу кIиранашкахь дуккха а хаамаш баьржира, овхIанхойн эскарш, тIалибех къехкаш, Узбекистане а, Таджикистане а дIауьдуш ду, аьлла.

Ша дарже веъча ОвхIанистанера Американ эскарш ша сихха, Гезмашин-баттахь, арадохур ду аьлла делла дош кхочушдан бух бу боху президента Байдена. Нехан махкахь лаьтта чоьхьара конфликт луьстуш Iан гIуллакх дац Американ эскарийн, тешна ву иза.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин Кхеташоно терроран тобанийн тептара язйира "ТIалибан" 2003-чу шарахь. Оццу шарахь изза сацам тIеийцира Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело а, дуьнентIехь массарел а хьалха кхачийра иза оцу могIара Оьрсийчоьно. Делахь а новкъа ца хилира Вашингтонна а, Москвана а кху тIаьххьарчу шарахь тIалибашца дуккха а бертан къамелаш гIовтто, цераш векалш шайн шахьаршкахь тIеэца.

ОвхIанистан дика евзаш волчу политолога Дубнов Аркадийс иштта довзуьйту цигахь хуьлуш лаьттарг:

"Арифметикаца бусталур доцуш, беза бу тIалибийн нийцкъ. Иза иштта хилар гойту, кхидерг доцуш, 27 шарахь уьш хIаллакбан я чоьхьарчу а, я арахьарчу а эскарийн аьтто баьлла цахиларо. Царна хьаьа хIинца, хIун оьшу дуьненна шайгара.

Дубнов Аркадий
Дубнов Аркадий

Муьлххчу а популасташа а санна – ткъа уьш а бу популисташ – царна го, муха дешнаш шайгара оьшу кхечу пачхьалкхашна а, ОвхIанистанан бахархошна а. Цундела уьш Iаьмна арахьарчу лаамашна товш долу жоьпаш дала. Цара шаьш ду бахахь а, бац уьш "дашо", амма бац хьерабевлла а – гонахарчу хьелашна ган ма-луъу бу тахана.

Дуьхьало яц еш тIалибашна. Хир яра царна дуьхьал латта цхьа ницкъ хилча. Мехкан къилбаседанера ("Къилбаседа альянс") баьччанаш бара хьалха дуьхьало латтош. Амма уьш хIинца хьалхаваьлла цхьа лидер воцуш, бекъабелла бу кху муьрехь. Ур-атталла ОвхIанистанера таджикашна а ца карабо оцу тIехь барт – къуьйсу, муьлха лидер вер ву тIалибашна дуьхьал: я говаьллачу Масуд Ахьмад Шахан воI, я вевзаш волу таджик Атто Мухаммади Нур. Барт бац, цхьаалла яц цигарчу узбекашлахь а, сий доьжна цараларчу "цкъа а эшна воцчу" Дустум Iабдул-Рашидан а.

Марсхькху-беттан 19-чхь дезде ду – ОвхIанистанан маршонан де. Британин олаллера яьлла иза 1919-чу шеран оцу дийнахь. Оцу денна хьажийна хила а тарло тIалибаша Кабул яккхар чекхдаккха лерина де. Ткъа, ма-хаъара, Гезгмашин-беттан 11-чохь а ду иэсе де – 2001-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Шаташна терроран тохар дар. Оцу дийно, оцу бохамо гIаттийра Америка ОвхIанистанна дуьхьал, оцу бахьаница дахара Малхузенан эскарш цига.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG